bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Ezekiel 8
Ezekiel 8
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 7
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 9 →
1
Халкъан цхьа дакъа Бавеле дӀадигначул тӀаьхьа йолхалгӀачу шеран йолхалгӀачу беттан пхоьалгӀачу дийнахь, со сайн цӀа чохь хиъна Ӏаш а волуш, суна хьалха хевшина Ӏаш яхӀудхойн къаной а болуш, Хьалдолчу Элан ницкъ боьссира суна тӀе.
2
Суна адаман дегӀан суьртехь цӀерах йогуш йолу цхьа хӀума гира. Цуьнан гӀодаюкъара дуьйна охьайолу меттиг йогуш йолу цӀе санна яра, ткъа цуьнан гӀодаюкъара дуьйна хьаладолу цуьнан сибат лепаш долу цӀаста санна дара.
3
Куьг санна йолу меже схьа а кховдийна, Цо сан коьртара месаш схьалецира. ТӀаккха Делан Сино со лаьттаний, стигаланий юккъе хьалаайира. Дала хӀиттийначу суьрташкахь Цо со Ярушалайм-гӀала, Делан цӀенна къилбаседехьа йолчу чоьхьарчу кертан кевнна улло, дӀавигира, эмгаралла хуьлуьйту цӀу лаьтташ волчу.
4
Цигахь Исраилан халкъан Делан сийлалла яра, суна Кабар-хина уллохь йолчу аренгахь гинарг санна йолу.
5
Цо соьга элира: «Адаман кӀант! Къилбаседехьа дӀахьажа». Со къилбаседехьа дӀахьаьжира. Цу меттехь долчу кевнан къилбаседехьарчу агӀор сагӀа доккхучу кхерчана уллохь лаьтташ эмгаралла хуьлуьйту цӀу вара.
6
ТӀаккха Цо соьга элира: «Адаман кӀант! Хьуна гуш дуй исраилхоша кхузахь деш долу дегаза гӀуллакхаш, Соьга Сан еза меттиг а юьтуьйтуш? Хьо кхин а дика хьажахь, хьуна кхин а чӀогӀа дегазниг а гур ду».
7
Цул тӀаьхьа Цо со цу кертан чувогӀийла йолчу схьавалийра, ткъа суна пенах даьккхина Ӏуьрг гира.
8
ТӀаккха Цо соьга элира: «Адаман кӀант! Пен ахка». Со и пен ахка волавелира. Суна цхьа неӀ гира.
9
Цо соьга элира: «Чоьхьа а валий, адамаша кхузахь деш долчу вочу а, дегазчу а хӀуманашка хьажа».
10
Чу а ваьлла, гонах дӀасахьаьжча, суна гира массанхьа а пенаш тӀехь дехкина текхаргийн а, дегазчу дийнатийн а, исраилхоша Ӏамал еш мел болчу цӀуйн а суьрташ.
11
Цу суьрташна хьалха лаьтташ вара Исраилан халкъан кхузткъе итт къано, ткъа царна юкъахь Шапанин кӀант Яъзан-ЯхӀу а вара. ХӀораннан а карахь хаза хьожа йогӀу хӀума чохь ягош йолу ной а яра. Цу нойш чуьра хьалаоьхуш сегӀазах йогӀу хаза хьожа яра.
12
ТӀаккха Цо элира: «Адаман кӀант, гой хьуна Исраилан халкъан къаноша боданехь, шайн-шайн цӀушна лерина йолчу меттехь, дийриг? Цара хӀораммо а ша-шега боху: „Тхо Везачу Элана гуш дац, Веза Эла хӀокху махка тӀера дӀавахана“».
13
Цул тӀаьхьа Везачу Эло элира: «Хьуна гур ду цу наха кхин а дегаза хӀуманаш лелош».
14
Цо со Везачу Элан цӀийнан къилбаседехьа долчу кевнан неӀаре валийра. Цигахь суна харцдалла Тамузана тийжаш Ӏаш болу зударий гира.
15
Цо соьга элира: «ХӀара хӀума гой хьуна, адаман кӀант? Вало Соьца, кхин а ирча гӀуллакхаш а гур ду хьуна».
16
ТӀаккха Цо со Везачу Элан цӀийнан чоьхьарчу керта вигира. Цигахь суна охьатеӀаш лаьтташ волу ткъе пхиъ боьрша стаг гира. Уьш цӀийнан лабанний, сагӀа доккхучу кхерчаний юккъехь лаьтташ бара, Везачу Элан цӀенна букъ а берзийна. Церан яххьаш малхбалехьа дӀайирзина яра, ткъа уьш шаьш малхана корта бетташ бара.
17
Цо соьга элира: «Адаман кӀант, гуш дуй хьуна хӀара? Шаьш кхузахь мел деш долу дегаза хӀуманаш ЯхӀудан халкъана кӀезиг хета те? Цул сов, цара хӀара мохк гӀелонех бузу, хаддаза Со оьгӀаза а оьхуьйтуш. Хьажал, цара Сан мерана тӀе гаьннаш уьйу!
18
Цундела Аса дӀагойтур ю царна Сайн оьгӀазалла, царах къинхетам а бийр бац, уьш кхоор а бац Аса. Уьш, маьхьарий а детташ, Соьга кхайкха буьйлалур бу, амма Ас ладугӀур дац цаьрга».
← Chapter 7
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 9 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36
37
38
39
40
41
42
43
44
45
46
47
48