bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Ezekiel 21
Ezekiel 21
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 20
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 22 →
1
Соьга юха а Везачу Элера дош кхечира:
2
«Адаман кӀант! Ярушалаймана дуьхьал вист а хилий, цуьнан езачу меттигашна дуьхьал кхайкхам бе. Исраил-махкана дуьхьал Соьгара болу хаам бе.
3
Исраил-махке дӀаала: „Везачу Эло боху: ‘Со шуна дуьхьал ву, Ас Сайн тур баттара доккхур ду, Ас хьоьгара хӀорра а схьавоккхур ву — вон мел верг а, дика мел верг а.
4
Иштта, хьан диканиг а, вониг а хӀаллаквийр ву Аса, Сайн тур баттара доккхур ду массо а стагана дуьхьал — къилбера дуьйна къилбаседе кхаччалц.
5
ТӀаккха массарна а дӀахуур ду, Со Веза Эла вуйла а, иштта Сан баттара даьккхина долу тур юха цу чу дуьжур доцийла а’“.
6
Ткъа ахьа, адаман кӀант, гӀайгӀане узарш де, дог дохарца узарш де массарна а хьалха.
7
Цара хьоьга хаьттича: „Ахьа узарш стенна до?“ — ахьа ала деза: „Вайна тӀекхочуш болу хаам бахьана долуш до. Иза тӀекхаьчча, хӀораннан дог, Ӏадийна, дешар ду, массеран а куьйгаш, чуьра са дӀадаьлча санна, охьагӀур ду, хӀораннан а са кхачалур ду, голаш, хи санна, егор ю. ЛадогӀа, и хаам тӀекхочуш ма бу, иза кхочушхир ма ду“». Иштта боху Хьалдолчу Эло.
8
Соьга Везачу Элан дош кхечира:
9
«Адаман кӀант! Соьгара нахана хаам бе. ДӀаала цаьрга: „Иштта боху Хьалдолчу Эло: ‘Туьре хьажал! И тур ирдина а ду, заьнгала дина а ду.
10
Иза адамаш дайа ирдина, стелахаьштиг санна къегийта заьнгала дина. Даккхийдеш лела дезий вай? Сан кӀентан олаллин гӀожан хӀора диттах дог долу.
11
Ас тур заьнгала дайтира, иза караэцархьама. И тур ира а ду, заьнгала дина а ду, иза хӀаллаквечун кара дӀадалархьама.
12
Велха, узарш а деш, адаман кӀант, хӀунда аьлча и тур Сан къомана а, берриг а Исраилан элашна а дуьхьал даьккхина ду. Уьш Сан къомаца цхьаьна хӀаллакбина хир бу. Цундела велха, хьайн некха тӀе куьйгаш а детташ.
13
Иза зер хир ма ду! Делахь а хьан цу гӀожах дог далахь, хьан бала хир бац те?’ Иштта боху Хьалдолчу Эло“.
14
Ткъа ахьа, адаман кӀант, Соьгара хаам бе, куьйгаш вовшах а детташ. Тур шозза а, кхузза а охьадожийта, и тур адамаш дайъийта лерина ду, доккхачу хӀаллакдарна а лерина ду, иза гонах хьийзаш ма ду,
15
адамийн дегнаш дашорхьама а, охьаэгнарш дуккха а хилийтархьама а. Церан хӀорра а кевнехь Аса хӀаллакдайтаран тур хӀоттийна. ЭхӀ, ткъес санна къегийта дина ду иза, хӀаллакдайтарна даьккхина!
16
Аьтту агӀор ирло, ва тур! Аьрру агӀор дӀагӀо! Хьайн иралла дӀа мел ерзийначу агӀор дӀагӀо.
17
ТӀаккха Ас куьйгаш вовшах тухур ду, Ас Сайн оьгӀазвахар Ӏабор ду. Иза Аса боху, Везачу Эло».
18
Везачу Элан дош кхечира соьга:
19
«Адаман кӀант, Бавелан паччахь шен туьраца схьаваийта шина некъан сурт дилла. И ши некъ цхьана махкара схьабогӀуш хила безаш бу. Некъан билгало дӀахӀоттае некъ бекъалучу гӀалахь.
20
Тур схьадогӀуш болчу некъийн сурт дилла. Цхьа некъ Ӏамминхойн Рабба-гӀала боьдуш бу, ткъа важа некъ ЯхӀуд-махкарчу чӀагӀйинчу Ярушалайме боьдуш бу.
21
Бавелан паччахь некъ бекъалучу меттехь соцур ву, ша муьлхачу новкъа ваха веза хьожуш пал тасархьама. Цо секхаӀодан пхерчий лестор ду, шен цӀерачу цӀушка хоьттур ду, экханан доӀахе хьоьжур ву.
22
Цуьнан аьтту куьйга, Ярушалайме гӀо аьлла, кхаж бер бу. Иза, оцу кхоже хьаьжжина, цигахь оганаш херцош долу бӀогӀамаш дӀахӀитто а, адам хӀаллакде, аьлла омра дан а, тӀеман орца даккха а, гӀалин кевнаш дохо гӀирс дӀахӀотто а, гӀалин гонах лаьттан гунаш дан а, гӀала схьаяккхархьама кхиболу тӀеман гӀирс дӀахӀотто а безаш ву.
23
И тесна пал Ярушалайман бахархошна харц хетар бу, хӀунда аьлча цара бавелхошца барт бина! Делахь а Бавелан паччахьо царна дагадоуьйтур ду уьш бехке хилар, ткъа цо уьш схьалоцур бу».
24
Цундела Хьалдолчу Эло боху: «Шайн аьрхалла дӀа а йовзуьйтуш, шаьш мел дечу гӀуллакхашкахула шайн къинош дӀа а гойтуш, шаьш бехке хилар гайтира аша. Ткъа аша шаьш шайн бехке хилар дагадаийтарна, шу ницкъаца схьалоьцур ду.
25
Ткъа хьо, Исраилан халкъан зуламе куьйгалхо, хьан тӀаьххьара де тӀекхаьчна, оцу дийнахь хьуна кхоччуш таӀзар дийр ду».
26
Хьалдолчу Эло боху: «ДӀаяккха хьайн коьртара чалба а, дӀадаккха таж а. Хийцамаш бен хан тӀекхаьчна. Лакхарнаш лахабаьхна хир бу, ткъа лахарнаш лакхабохур бу.
27
ХӀуй-пака! ТӀепаза! Аса хӀокху гӀаланах дамардарц дийр ду. Амма иза хир дац, цунна кхел яр шен кара дӀаделларг схьаваллалц. ТӀаккха Аса иза Цунна дӀалур ю».
28
«Адаман кӀант, Соьгара хаам бе нахе. ДӀаала цаьрга: „Хьалдолчу Эло иштта боху Ӏамминхошка, исраилхойх ца бешаш болчу: ‘Туьре хьажал! И тур баттара даьккхина ду, заьнгала дина а ду адамаш хӀаллакдархьама а, стелахаьштиг санна, къагийтархьама а.
29
Хьуна дуьхьалхӀиттина суьрташ эрна ду, ткъа пал тийсар а харцдерг ду. Тур зуламечу нехан логгехь ду, церан тӀаьххьара де тӀекхаьчна, оцу дийнахь царна кхоччуш таӀзар дийр ду.
30
Батта юхадилла тур. Ас кхел йийр ю хьуна, хьо кхоьллинчу меттехь, хьо дуьнен чу ваьллачу лаьтта тӀехь.
31
Ас Сайн оьгӀазалла хьуна тӀе яссор ю, ткъа Сайн дераллин цӀерца хьуна тӀе садоьӀур ду. Ас къизачу нахе дӀалур ву хьо, адамаш хьийзо корматалла карайирзина болчу.
32
Хьо цӀарна дечиг хилла дӀахӀуттур ву, хьан цӀий хьан лаьтта тӀехь Ӏанор ду, хьо цхьанна а дагавогӀур вац. Веза Эла волчу Ас боху иза’“».
← Chapter 20
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 22 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36
37
38
39
40
41
42
43
44
45
46
47
48