bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Ezekiel 40
Ezekiel 40
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 39
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 41 →
1
Халкъ Бавеле дӀадигначул тӀаьхьа ткъе пхоьалгӀачу шеран хьалхарчу беттан уьтталгӀачу дийнахь, бавелхоша Ярушалайм йохийна дейтта шо кхочуш — оццу дийнахь Суна тӀе Везачу Элан ницкъ боьссира, ткъа Цо со оцу гӀала дӀаваьхьира.
2
Дала хӀиттийначу суьрташкахь Цо со Исраил-махка а валийна, вуно лекхачу лам тӀе дӀахӀоттийра. Ткъа цу лам тӀехь къилбехьа йолчу агӀонгахь гӀала йолуш санна цхьа гӀишлош хеталора.
3
Везачу Эло со цига схьавалийра. Цигахь цӀаста санна къегаш долу амат долуш волу цхьа стаг вара. Кевнна уллохь дӀа а хӀоьттина, лаьтташ волчу цуьнан карахь хӀума юстуш йолу втанан тӀийраг а, иштта хӀума юстуш йолу гӀаж а яра.
4
Цу стага соьга элира: «Адаман кӀант, хьайн бӀаьргашца хьажа а хьажа, хьайн лергашца ла а догӀа, хьайн дог ас гойтуш долчу массо а хӀуманна тӀе а дерзаде, хӀунда аьлча хьо и дерриг а гайта валийна ву кхуза. Хьайна мел гинарг Исраилан халкъе дӀадийца».
5
Суна Делан цӀийнан кертана гонахула бина болу пен гира. Цу стеган карахь суна хӀума юстуш йолу гӀаж гира, ялх дол хиллал еха а йолуш (хӀора дол цхьа шира доллий, цхьа шей лоруш яра). Цу стага пенан шоралла юьстича, иза цхьана гӀожан барамехь шуьйра а, оццул лекха а яра.
6
Цул тӀаьхьа, малхбалехьа дӀадерзийна динчу кевнна улло а вахана, цуьнан ламеш тӀехула хьала а ваьлла, неӀсагӀа дуьстира цо. Оцу неӀсагӀин шоралла цхьана гӀожан барамехь яра.
7
ХӀора агӀонгара йолу чоь цхьа гӀаж шуьйра яра. Чоьнашна юккъехь долу пенаш пхи дол дара. Ткъа кевнал тӀехваьллачул тӀаьхьа йолчу ученна уллохь долу неӀсагӀа цхьана гӀожан барамехь шуьйра дара.
8
ТӀаккха цо Делан цӀийнан агӀор йолчу ученан ков дуьстира, иза цхьана гӀожан барамехь дара.
9
Цул тӀаьхьа цо ученан ков дуьстира — иза бархӀ дол хилира, ткъа цуьнан пенийн гӀорторан шоралла ши дол яра. И уче Делан цӀийнан ков долчу агӀор яра.
10
Малхбалехьа дӀадерзийна долчу кевнан хӀора агӀонгахь кхоккха жима цӀа дара, уьш хӀора а цхьана барамехь дара, шина а агӀор йолу пенийн гӀортораш санна.
11
Кевнийн шоралла цо юьстича, иза итт дол яра, ткъа церан дохалла кхойтта дол яра.
12
ХӀора чоьнна хьалха схьаеана меттиг яра, цхьа дол лекха а йолуш, ткъа вукху агӀор и санна схьаеана меттиг яра. Цу чоьнийн хӀора агӀо ялх дол яра.
13
Цул тӀаьхьа цо цхьана чоьнан тхевнна тӀера дуьхьаларчу чоьнан тхевнна тӀе кхаччалц йолу меттиг юьстира, иза ткъе пхиъ дол хилира. Цу чоьнийн неӀарш дуьхь-дуьхьал яра.
14
Пенийн гӀорторийн лакхалла юьстича, иза кхузткъа дол яра. Ткъа ков кертан пенан гӀорторана тӀекхаччалц гонах догӀура.
15
Кевнан чуволучу меттигера ученна тӀехьа йолчу меттиге кхаччалц болу барам шовзткъе итт дол бара.
16
Кевнна чухула а, церан пенийн гӀорторашкахь а массанхьа а дӀакъевлина кораш дара. Иштта ученна чухула массанхьа а изза кораш дара. Ткъа пенан гӀорторана тӀехь диллина хурма-диттан суьрташ дара.
17
Цу стага со арахьарчу керта валийра. Цигахь суна чоьнаш гира. Ерриге а цу кертахула йиллина тӀулган цӀенкъа яра, уллохь ткъе итт чоь а йолуш.
18
И цӀенкъа кевнийн агӀонашкахь йина яра, цу кевнийн барамехь еха а яра. Иза лахара цӀенкъа яра.
19
ТӀаккха цу стага лахарчу кевнан чоьхьарчу меттигера чоьхьарчу кертан арахьарчу агӀор тӀе кхаччалц болу барам буьстира. Иза малхбалехьа а, къилбаседехьа а дӀаюьстича, цхьа бӀе дол хилира.
20
Цо дохалла а, шоралла а юьстира арахьарчу кертан къилбаседехьа арадолучу кевнан.
21
Цигахь а хӀора агӀонгахь кхоккха чоь яра, шен пенийн гӀортораш а, шен уче а йолуш. Оцу кевнан барам, хьалхарчу кевнан санна, дохалла шовзткъе итт дол, ткъа шоралла ткъе пхиъ дол яра.
22
Цуьнан кораш а, схьаеана меттигаш а, хурма-диттан суьрташ а, малхбалехьа долчу кевнан санна дара. Кевнна тӀе воьдуш болчу ламин ворхӀ тӀегӀа дара, ткъа уче цунна дуьххьал лаьтташ яра.
23
Чоьхьарчу кертан а ков дара. Иза къилбаседехьарчу кевнна дуьххьал лаьтташ дара, малхбалехьарчу кевнах тера а дара. Цу стага цхьана кевнна тӀера дуьххьал лаьтташ йолчу вукху кевнна тӀекхаччалц йолу меттиг юьстича, иза бӀе дол хилира.
24
ТӀаккха цо со къилбехьа дӀавигира. Цигахь суна къилбехьара ков гира. Цуьнан гӀорторан пенаш а, уче а цо юьстича, церан барам хьалхалерчийн санна бара.
25
Кевнна а, ученна а чухула массанхьа а кораш дара, хьалхалерчийн санна. Кевнан дохалла шовзткъе итт дол дара, ткъа шоралла — ткъе пхиъ.
26
Кевнна тӀе воьдуш болчу ламин ворхӀ тӀегӀа дара, ткъа уче цунна дуьххьал лаьтташ яра. Шинна а агӀор лаьтташ гӀорторан пенаш дара, шайна тӀехь палма олучу диттийн суьрташ а долуш.
27
Чоьхьарчу кертан къилбехьа йолчу меттехь а дара ков. Цхьана кевнна тӀера дуьйна вукху кевнна тӀе кхаччалц йолу меттиг бӀе дол яра.
28
Къилбехьарчу кевнехула чоьхьарчу керта тӀе валийра со цу стага. Цо къилбехьара ков а дуьстира. Цуьнан барам вукхеран санна хилира.
29
АгӀонгара чоьнаш а, гӀорторан пенаш а, ученаш а хьалхарчеран барамехь яра. Кевнна а, ученна а чухула массанхьа а кораш дара. Кевнан дохалла шовзткъе итт дол, шоралла ткъе пхиъ дол дара.
30
(Чоьхьарчу кертана чуйоьдуш йолчу ученийн барам, уьш юьстича, ткъе пхиъ дол яра, ткъа шоралла — пхи дол.)
31
Къилбехьарчу кевнан уче арахьарчу керта арайолуш яра, пенийн гӀорторашна тӀехь хурма-диттан суьрташ дара, ткъа кевнан ламин бархӀ тӀегӀа а дара.
32
Цо со чоьхьарчу керта тӀе воьдучу малхбалехьарчу кевне вигира. Цигара ков дуьстича, цуьнан хьалхалерчийн санна барам хилира.
33
Оцу кевнан агӀонгара чоьнаш а, гӀорторан пенаш а, уче а хьалхарчеран барамехь яра. Кевнна а, ученна а чухула массанхьа а кораш дара. Малхбалехьара ков дохалла шовзткъе итт дол дара, ткъа шоралла ткъе пхиъ дол яра.
34
Цуьнан уче арахьарчу керта арайолуш яра, шинна а агӀор пенийн гӀортораш яра, ткъа ламин бархӀ тӀегӀа а дара.
35
Цул тӀаьхьа цо со къилбаседехьарачу кевне валийра, иза дуста а дуьстира. Цуьнан барам хьалхалерчийн санна бара.
36
Оцу кевнан а агӀонгара чоьнаш а, гӀорторан пенаш а, уче а яра. Кевнна а, ученна а чухула массанхьа а кораш дара. Ков дохалла шовзткъе итт дол дара, ткъа шоралла — ткъе пхиъ дол.
37
Цуьнан уче арахьарчу керта арайолуш яра, шинна а агӀор пенийн гӀортораш яра, ткъа ламин бархӀ тӀегӀа а дара.
38
Цигахь цхьа чоь яра, кевнан пенийн гӀорторашна уллохула чувогӀийла а йолуш. Иза динан дайша дийнаташ дагоран сагӀина лерина долу хӀума дуьлуш йолу меттиг яра.
39
Кевнан ученна чохь шинна а агӀор лаьтташ шишша стол яра. Цу тӀехь дийнаташ дагоран сагӀина лерина долчу а, къиношна тӀера леринчу а, иштта гӀуда такхаран сагӀина лерина долчу а дийнаташна урс хьокхура.
40
Ученан арахьахула, къилбаседехьара долчу кевнна чуволучу меттехь лаьтташ шинна а агӀор шишша стол яра.
41
Йиъ стол кевнан арахьарчу агӀор яра, ткъа важа йиъ чоьхьарчу агӀор яра. Уьш ерриг а бархӀ стол яра, дийнаташ дайа лерина йолу.
42
Дийнаташ дагоран сагӀанашна лерина йолу йиъ стол хьаькхначу тӀулгах йина яра. Цуьнан йохалла а, шоралла а цхьа дол ахдол яра, ткъа лакхалла цхьа дол яра. Цу тӀехь динан дайша дийнаташ дагоран сагӀа а, кхидолу сагӀанаш а дохучу хенахь шайна оьшуш болу гӀирс охьабуьллура.
43
Гобаьккхина пенех дӀатоьхна куьйггал долу мӀерий дара, ткъа стоьлаш тӀе сагӀа доккхучу хенахь даьккхина долу жижиг дуьллура.
44
Чоьхьарчу кевнан арахьахула йина илланчашна лерина ши чоь яра. Цхьаъ къилбехьа йирзина яра, ткъа важа, къилбехьарчу кевнна агӀонгахь ерг, къилбаседехьа йирзина яра.
45
Цу стага соьга элира: «Къилбехьа йолу чоь Делан цӀенна ха деш болчу динан дайшна лерина ю.
46
Къилбаседехьа йирзина йолу чоь сагӀа доккхучу кхерчана ха деш болчу динан дайшна лерина ю. Уьш берриш а ЦӀадукъин тӀаьхьенах бу. Левихойн тайпанах болчарна юкъара церан бен бакъо яц Везачу Элана уллобаха, Цунна хьалха гӀуллакх дархьама».
47
Цо чоьхьара керт юьстира. Иза бӀе дол йохалла а, бӀе дол шоралла а яра, еакӀов а йолуш. Делан цӀенна хьалха лаьтташ сагӀа доккху кхерч а бара.
48
Цо со Делан цӀийнан уче йолчу схьавалийра. ТӀаккха цо массо а пенан гӀортор юьстира, уьш хӀорра а пхиппа дол яра. Ков дейтта дол шуьйра дара, ткъа пенан шоралла кхо дол яра.
49
Делан цӀийнан ученан шоралла ткъа дол яра, ткъа йохалла шийтта дол яра. Цунна тӀебоьдучу ламин итт тӀегӀа дара, хӀора шина пенан гӀорторна уллохь цхьацца бӀогӀам а бара лаьтташ.
← Chapter 39
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 41 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36
37
38
39
40
41
42
43
44
45
46
47
48