bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Ezekiel 3
Ezekiel 3
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 2
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 4 →
1
Цо соьга элира: «Адаман кӀант! Хьайна хьалхара гуш дерг дӀадаа, дӀадаа и хьарчийна тептар. Цул тӀаьхьа, ваха а гӀой, Исраилан халкъе вистхила».
2
ТӀаккха Аса сайн бага гӀаттийра, Цо соьга и тептар дӀадаийтира.
3
ТӀаккха Цо соьга элира: «Адаман кӀант! Хьайн кийра Ас хьайга дӀалучу хӀокху тептарх буза, иза дӀа а кхаллий». И тептар аса дӀакхаьллира, тӀаккха сан бага, моз кхаьллича санна, марзъелла дӀахӀоьттира.
4
Цо соьга элира: «Адаман кӀант! Исраилан халкъ долчу а гӀой, цаьрца Сан дешнашца къамел де.
5
Аса хьо хьуна хууш боцу а, хийра а мотт буьйцучарна тӀе ца вохуьйту, амма Исраилан халкъ долчу вохуьйту.
6
Аса хьо ца вохуьйту, хьуна ца бевза хала мотт буьйцучу дуккха а долчу къаьмнашна тӀе. Уьш болчу а вахана, цаьрга хьо вистхилча, цара хьоьга ладугӀур дара.
7
Ткъа Исраилан халкъо хьоьга ладугӀур дац, хӀунда аьлча цунна Соьга ладогӀа а ца лаьа. Дерриг а Исраилан халкъ атта къар ца луш а, чӀогӀа дегнаш долуш а ду.
8
Амма Аса хьо, уьш санна къар ца луш а, чӀогӀа дог долуш а вина, дӀахӀоттор ву.
9
Алмаз тӀулгал а чӀогӀа ду, иштта чӀогӀа хир бу хьан корта а. Хьо царал а къар ца луш хир ву. Царах кхера а ма кхера, ийза а ма ло, иза юхахьадаьлла халкъ делахь а».
10
Цо соьга кхидӀа а элира: «Адаман кӀант! Ас хьайга мел олу дош хьайн дагца тӀеэца, хьайн лергашца дӀа а лаца.
11
Бавел-махка йийсаре дӀабигначу хьайн къомах берш болчу а гӀой, цара хьоьга ладогӀахь а, ла ца догӀахь а, цаьрга дӀаала: „Иштта боху Хьалдолчу Дала!“»
12
ТӀаккха со Делан Сино хьалаайира. Сайн букъ тӀехьа суна чӀогӀачу гӀовгӀанан аз хезира. Оцу озо олура: «Ша Ӏаш волчу меттехь Везачу Элан сийлаллина хастам хуьлда!»
13
Суна иштта дийнатийн тӀемаш вовшахъхьекхалуш а хезира, царна уллорачу чкъургаша еш йолу гӀовгӀа а хезира. Иза стигал къекъарх тера яра.
14
Делан Сино со, хьала а айина, дӀаваьхьира. Догдоьхна, са карзахдаьлла вара со. Везачу Элан куьг дара суна тӀехь чӀоггӀа лаьтташ.
15
Тал-Авивехь Кабар-хина уллохь Ӏаш болу йийсарехь берш болчу вахара со. ВорхӀ дийнахь Ӏийра со цигахь, царна юкъахь, чӀогӀа догдоьхна а волуш.
16
ВорхӀ де дӀадаьлча, соьга Везачу Элан дош кхечира:
17
«Адаман кӀант! Ас Исраилан халкъан гӀаролхо вина хьох. Соьгара болу хаам хьайна мосазза хези, Сан цӀарах цаьрга дӀахьедар дан деза ахьа.
18
Ас зуламхочуьнга: „Хьо лийр ву!“ алахь, ахьа цуьнга иза дӀаала деза, цу стаге, харц некъа тӀера дӀавала аьлла, дӀахьедан а деза, цуьнга шен са кӀелхьардаккхийтархьама. Ахьа иза ца дахь, и стаг шен къинош бахьана долуш лийр ву, ткъа цуьнан цӀийх Аса хьоьгара жоп доьхур ду.
19
Амма ахьа цуьнга дӀахьедар динчул тӀаьхьа иза къинош леточуьра ца сацахь, иза шен къинош бахьана долуш лийр ву, ткъа ахьа хьайн дахар кӀелхьардоккхур ду.
20
Нагахь санна бакъахьа леларг, шен нийсачу некъа тӀера а ваьлла, харцдерг лело волалахь, Аса цунна новкъарло а йийр ю, иза лийр а ву. Иза шен къинош бахьана долуш лийр ву, ахьа цуьнга дӀахьедар ца дина дела. Цо дина бакъахьара гӀуллакхаш Суна дагадогӀур дац, ткъа цуьнан цӀийх Ас хьоьга жоп доьхур ду.
21
Нагахь ахьа бакъахьа лелачуьнга, къинош ма летаде аьлла, дӀахьедахь, ткъа цо къинош а ца летадахь, иза билггал дийна вуьсур ву, хӀунда аьлча цо тидам бира шега динчу дӀахьедарх. Ткъа хьо хьайн са кӀелхьардаьккхина хир ву».
22
Цул тӀаьхьа суна тӀе Везачу Элан ницкъ боьссира, Цо соьга элира: «Хьала а гӀаттий, аренга дӀагӀо, цигахь Со вист хир ву хьоьга».
23
Хьала а гӀаьттина, со аренга дӀавахара. Цигахь лаьтташ Везачу Элан сийлалла дара, суна Кабар-хина уллохь гинарг санна долу. ТӀаккха со сайн юьхь лаьтта тӀе кхачош охьавуьйжира.
24
ТӀаккха, суна чу Делан Са а доьссина, Цо со когаш тӀе ирахӀоттийра. ТӀаккха Иза соьга вистхилира: «Хьайн цӀа а гӀой, цу чохь дӀакъовлало.
25
Хьо, адаман кӀант, машшашца дӀа а воьхкур ву, хьо нахана юкъахь ца лелавалийтархьама.
26
Ас хьан мотт хьан къамкъаргах дӀалатор бу, хьо вист ца хилавалийтархьама а, хьоьга и нах дӀа ца хьебайтархьама а, хӀунда аьлча иза аьрха халкъ ду.
27
Цул тӀаьхьа, Ас хьоьца кхидӀа а къамел дича, хьан бага хьалагӀатталур ю, хьан цаьрга ала йиш хир ю: „Хьалдолчу Дала иштта боху!“ ЛадогӀа луучо ладогӀа, ладогӀа ца луучо ла ма догӀа, хӀунда аьлча иза аьрха халкъ ду».
← Chapter 2
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 4 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36
37
38
39
40
41
42
43
44
45
46
47
48