bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Ezekiel 12
Ezekiel 12
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 11
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 13 →
1
Везачу Элан дош кхечира соьга:
2
«Адаман кӀант! Хьо аьрхачу нахана юкъахь вехаш ву. Церан бӀаьргаш бу, амма царна хӀумма а ца го, церан лергаш а ду, амма царна хӀума а ца хеза, хӀунда аьлча уьш аьрха нах бу.
3
Ткъа ахьа, адаман кӀант, хьо йийсаре дӀавуьгуш волчуха ларча кечъе, ткъа дийнахь, массарна а гучу хенахь, новкъа валий, хьайн меттера кхечу метте дӀагӀо. ТӀаккха кхета а мега уьш. Делахь а иза аьрха къам ду.
4
Йийсарехь хьайна оьшуш йолу хӀуманаш а, хьо дӀаваха кечвеллийла хоуьйтуш, дийнахь араяха, ткъа суьйранна хьо а, йийсаре волуш санна, аравала.
5
Уьш хьоьжуш болчу хенахь, хьайн пенах Ӏуьрг а даккхий, цигахула аравала.
6
Царна гойтуш, хьайн ларча белш тӀе а йиллий, Ӏаржлучу хенахь дӀагӀо. Хьо муьлхачу агӀор воьду хьайна ца гайта, хьайн юьхь дӀакъовла, хӀунда аьлча Аса хьо дерриг а Исраилан халкъана масална дӀахӀоттийна».
7
Аса дерриг а, сайга аьлла ма-хиллара, дира. Йийсарехь сайна оьшуш йолу хӀуманаш, схьа а эцна, дийнахь араехира, ткъа суьйранна, куьйгаца пенах сайна Ӏуьрг а даьккхина, бодашкахула ларча ара а яьккхина, массарна а гуш, иза сайн белш тӀе йиллира.
8
Ӏуьйранна соьга Везачу Элан дош кхечира:
9
«Адаман кӀант! Исраилан аьрхачу къомо, хьо хӀун деш ву аьлла, хьоьга хаьттирий те?
10
ДӀаала цаьрга: „Иштта боху Хьалдолчу Эло: хӀара араяьккхина ларча — Ярушалайман баьчча а, цигахь долу дерриг Исраилан къам а ду “.
11
ДӀаала цаьрга: „Со шуна билгало ю. Ас динарг шуна а тӀекхочур ду. Шу кхузара ара а дохур ду, йийсаре дӀа а дуьгур ду“.
12
Царна юкъара волу баьчча, бодашкахь шен карара ларчанаш белшаш тӀе а ехкина, аравер ву. Иза цигара аравалийта, пенах Ӏуьрг доккхур ду. Ткъа цо шен юьхь дӀакъовлур ю, ша воьду некъ шена ца гайта.
13
Ас цунна тӀе Сайн бой тосур ю, иза гураца схьа а лоцур ву. Цул тӀаьхьа иза Бавеле дӀавуьгур ву Аса, хашадхойн лаьтта тӀе, амма цунна и латта гур дац, иза цигахь лийр ву.
14
Ас паччахьна уллохь мел верг — цуьнан тӀеман хьехамчаш а, цуьнан дерриг эскар а — массо а маьӀӀехула дӀасалоллур ду, ткъа Со баттара даьккхинчу туьраца тӀаьхьавер ву царна.
15
Иштта, Ас шаьш кхечу къаьмнашкахула дӀаса а даржийча, кхечу мехкашкахула дӀаса а кхийсича, царна хуур ду, Со Веза Эла вуйла.
16
Амма царах кӀеззиг адам Аса туьрах а, мацаллех а, Ӏожаллин уьнах а кӀелхьардоккхур ду, цаьрга кхечу къаьмнашка шаьш Суна дуьхьал мел лелийна долчу вонех лаьцна дӀадийцийта. ТӀаккха уьш кхетар бу, Со Веза Эла вуйла».
17
Юха а соьга Везачу Элан дош кхечира:
18
«Адаман кӀант! Хьайн бепиг кхерарца даа, хи а мала вегорца, доьхначу дагца.
19
Исраил-махкара долчу халкъе ахьа ала деза: „Хьалдолчу Эло Исраил-мехкан а, Ярушалайм-гӀалин а бахархойх лаьцна иштта дуьйцу: ‘Цара шайн бепиг баланехь дуур ду, хи а гӀайгӀанца мер ду, хӀунда аьлча церан махкахь дерриг а хӀума дӀадаьккхина хир ду, цара цу махкахь мел бехаш болчарна ницкъ бина дела.
20
ХӀинцале а шайна чохь адамаш дехаш йолу ерриг а гӀаланаш хӀаллакйийр ю, дерриг а латта дассалур ду. ТӀаккха хуур ду шуна, Со Веза Эла вуйла’“».
21
Соьга юха а Везачу Элера дош кхечира:
22
«Адаман кӀант! Исраил-махкарчу наха хӀара кица хӀунда даладо: „Де дийне мел долу хан дӀайолу, хӀора сурт а дӀадолу“?
23
Цундела дӀаала цаьрга: „Иштта боху Хьалдолчу Эло: ‘Ас дӀадоккхур ду и кица, исраилхошна юкъахь кхин далор дац и кица’“. Амма ала цаьрга: „ХӀора хӀоьттина сурт кхочушхуьлу хан тӀекхочу“.
24
Исраилан халкъана юкъахь даьсса сурт я мекара пал кхин цхьаммо а лелор бац.
25
Делахь а Веза Эла волчу Аса Сайна ала луург эр а ду, ткъа иза кхочуш а хир ду. ТӀаьхьататтар кхин хир дац. Шун деношкахь, ва аьрха халкъ, Айса аьлларг Ас кхочушдийр ду». Иштта боху Хьалдолчу Эло.
26
Соьга Везачу Элан дош кхечира:
27
«Адаман кӀант! Исраилан халкъана моьтту, хьуна хӀоьттина суьрташ дуккха а шераш дӀадаьлча бен кхочуш а хир дац, хинйолчу заманах бен хьо Соьгара болу хаамаш беш а вац.
28
Цундела дӀаала цаьрга: „Хьалдолчу Эло шуьга боху: цхьа а Ас аьлла долу дош кхин тӀаьхьатеттина хир дац, амма Ас аьлларг кхочушхир ду. Иштта боху Хьалдолу Эла волчу Аса“».
← Chapter 11
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 13 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36
37
38
39
40
41
42
43
44
45
46
47
48