bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Ezekiel 34
Ezekiel 34
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 33
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 35 →
1
Соьга Везачу Элан дош кхечира:
2
«Адаман кӀант, исраилхойн Ӏушна дуьхьал Соьгара болу хаам бе. Соьгара болу хаам а беш, дӀаала цаьрга: „Къа ду шун, исраилхойн Ӏуй! Шу шайн жа дажо дезаш дац те? Амма аша шаьш-шайн бен ца дажадо!
3
Аша уьстагӀийн шура молу, церан тӀергӀах йина хӀуманаш шайна тӀе а юху, иштта аша дерстинчу уьстагӀашна урс хьокху, амма уьш дажа ца до.
4
Аш гӀийланаш чӀагӀ ца бора, цомгуш болчу уьстагӀна дарба а ца дора, церан чевнаш дӀа а ца йоьхкура. Жена юкъара дӀакъаьстина уьстагӀий аша юха ца дерзадора, тиладелларш аша схьа ца лохура. Царна тӀехь куьйгалла аша ницкъаца а, къизаллица а дора.
5
Шайна тӀехь Ӏу воцу дела, и уьстагӀий дӀасадаьржира, цул тӀаьхьа уьш хӀора экханан ижу хилла дӀахӀоьттира.
6
Сан уьстагӀий лаьмнашкахула, лекхачу гунашкахула дуьйладелла лелаш ду. Дерриг а лаьтта тӀехула уьш дӀасадаржийна ду, ткъа цхьаммо а уьш леха а ца лоьху, уьш каро а ца гӀерта“.
7
Цундела, Ӏуй, ладогӀа Везачу Элан даше:
8
„Дийна волчу Сайх чӀагӀо йо Ас, и Сан уьстагӀий акхаройн ижу хилийта Ӏуналла ца деш аша дитарна а, уьш, тӀехь Ӏу а воцуш, хӀора аренгарчу экханан даар хилла дӀахӀиттарна а, ткъа Сан Ӏуша уьш схьа ца лахарна а, цара уьш, дажоран метта, шаьш дежаш леларна а,
9
и дерриг а хӀума бахьана долуш, Ӏуй, Везачу Элан даше ладогӀа!
10
Иштта боху Хьалдолчу Эло: ‘Со цу Ӏушна дуьхьалваьлла, Ас уьш Сайн жа бахьана долуш жоьпе озор бу. Ас уьш Сайн жа дажочуьра совцор бу. Цара шаьш кхидӀа иза дажор дац. Ас Сайн жа церан мочхалех кӀелхьардоккхур ду. Сан уьстагӀий церан даар хилла кхин дӀахӀуьттур дац’“».
11
Хьалдолчу Эло боху: «Ас-Айса Сайн уьстагӀий схьа а лохур ду, Со цаьрга хьожур а ву.
12
Шен дӀасадаржийна долчу уьстагӀашка Ӏу ма-хьажжара, хьожур ву Со цаьрга. Ас уьш паргӀатдохур ду Ӏаьржачу кхоьлинчу дийнахь уьш дӀасадаржийна хиллачу меттигашкара.
13
Ас къаьмнашна юкъара а, мехкашкара а схьа а гулдина, шайн лаьтта тӀе схьадалор ду уьш. Исраил-мехкан лаьмнашкахь а, хин Ӏоврашна уллохь а, адамаш лаьттахь массо а дехаш йолчу меттигашкахь Ӏалашбийр бу Ас уьш.
14
Аса дикачу бай тӀехь Сайн уьстагӀий дажор ду, ткъа Исраил-мехкан лекхачу лаьмнашкахь царна дежийлаш хир ю. Цигахь уьш дикачу дежийлашкахь садоӀуш хир ду, ткъа Исраил-мехкан лаьмнашкахь, токхечу бай тӀехь, уьш дежаш а лелар ду.
15
Со-Со хир ву Сайн уьстагӀий дажош а, цаьрга садоӀуьйтуш а». Иштта боху Хьалдолчу Эло.
16
«Ас байна уьстагӀ схьалохур бу, тилабелларг юхаберзор бу, лазийначун чов дӀайоьхкур ю, цомгушчунна дарба дийр ду, амма берстина а, нуьцкъала а уьстагӀ буьйр бу. Ас нийсонца дажор ду Сайн жа».
17
«Аса хьуна, Сан жа, — боху Хьалдолчу Эло, — цхьана уьстагӀний, вукху уьстагӀний, иштта, коьмана а, божана а юкъахь еш, кхел йийр ю.
18
Шуна ца тоьу ткъа шаьш дикачу дежийлашкахь дежаш хилар? Аша-м дежийлаш тӀехь йисина йолу буц шайн когашца хьоьшу. ЦӀена хи молу аша, ткъа дисина долу хи шайн когашца даржадо.
19
Сан жено яа еза те аша шайн когашца хьешна йолу буц а, мала деза те аша шайн когашца бехдина долу хи а?»
20
Цундела Хьалдолчу Эло иштта боху цаьрга: «Ас-Айса йийр ю берстинчу уьстагӀний, гӀийлачу уьстагӀний юкъахь кхел.
21
Аша массо а гӀийлачу уьстагӀна шайн агӀонаш а, маӀаш а етта, уьш шайна юкъара дӀалахкархьама.
22
Амма Ас кӀелхьардоккхур ду Сайн жа, уьш хӀинца дуьйна цхьаммо а лечкъор а дац. Ас цхьана уьстагӀний, вукху уьстагӀний юкъахь кхел а йийр ю.
23
Ас царна тӀе цхьа Ӏу хӀоттор ву, Сайн ялхо волу Дауд. Цо уьш дажор ду, иза церан Ӏу хир ву.
24
Веза Эла волу Со церан Дела хир ву, ткъа Сан ялхо волу Дауд царна юкъахь эла хир ву. Иза Аса боху, Везачу Эло.
25
Ас цаьрца машаран барт бийр бу, цу лаьтта тӀера къиза акхарой а дӀайохур ю. Сан жа цхьа а кхерам боцуш аренгахь дехар ду, цо хьаннашкахь буьйсанаш а йохур ю.
26
Ас декъалдийр ду уьш а, Сайн гуна гонах йолу аре а. Ас шен-шен хенахь догӀа а доуьйтур ду — иза декъалдаран догӀа хир ду.
27
Аренгарчу дитто стоьмаш а лур бу, лаьтто ялта а лур ду, Сан уьстагӀий шайн лаьтта тӀехь кхерамехь хир дац. Ас дохор ду церан кочара дукъ, царах леш бинчу нехан карара уьш схьабохур бу Аса. ТӀаккха хуур ду царна, Со Веза Эла вуйла.
28
Кхечу къаьмнашна уьш ижунна кхин хир дац, аренгарчу акхароша а уьш кхин дуур дац. Уьш маьрша дехар ду, ткъа цхьаммо а уьш кхин кхерор дац.
29
Ас царна токхе долу ялта дӀаден латта лур ду. Кхин мацалла ловр яц цара, кхечу къаьмнашкара кхардар а хир дац царна.
30
ТӀаккха царна дӀахуур ду, церан Веза Дела волу Со шайца вуйла, Исраилан халкъ долу уьш Сан къам дуйла». Иштта боху Хьалдолчу Эло.
31
«Шу — Сан уьстагӀий долу адамаш ду, Сан дежийлашкара уьстагӀий. Ткъа Со шун Дела ву». Иштта боху Хьалдолчу Эло.
← Chapter 33
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 35 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36
37
38
39
40
41
42
43
44
45
46
47
48