bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Ezekiel 19
Ezekiel 19
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 18
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 20 →
1
Дала соьга элира: «Тийжам бе Исраилан халкъан элех лаьцна:
2
„Хьан нана стенах тера ю? Иза стен лом санна ма ю! Лоьмашна юкъахь Ӏуьллуш а яра иза, циггахь шен кӀорнеш а кхиайора цо.
3
Царах цхьаъ йоккха хилла, цунах нуьцкъала лом хилла. Иза шена ижу лаха Ӏемина, ткъа цо адамаш, цеста а цоьстуш, доура.
4
Халкъашна цунах лаьцна хезира, тӀаккха цара иза ор чу а эккхийтина, цунах чӀагарш чекх а яьхна, Мисар-махка дӀайигира.
5
Ша эрна хьоьжуш дуй а хиъна, шен сатийсар кхочуш ца хилча, иза, шен кхин кӀорни схьа а эцна, и кхио йолаелира, цунах нуьцкъала лом хилийта.
6
Нуьцкъала лом а хилла, иза кхечу лоьмашна юкъахь лела доладелира. Иза ижу лаха а Ӏемира, цо адамаш, цоьстуш, даа а доура.
7
Иза дисина Ӏаш долчу стечу лоьмех а кхетара, ткъа церан гӀаланаш цо ясса а йора. Цу махкахь долу дерриг а халкъ цуьнан гӀигӀ дарх кхоьрура.
8
ТӀаккха цунна дуьхьалдевлира гонах дехаш долу дерриг а къаьмнаш. Цара и схьалацархьама, бойнаш а тесна, иза ор чу дожийра.
9
Цунах чӀагарш чекх а яьхна, иза гур чу хаийра. Бавелан паччахь волчу дӀа а дигна, иза набахти чу доьллира, Исраил-мехкан лаьмнашкахь кхин цуьнан мохь шайна ца хазийта.
10
Хьан нана хийистехь дӀайоьгӀна кемсийн таьлланг санна яра. Цо дуккха а стоьмаш а, таьллангаш а делира, шена уллохь шортта хи хиларна.
11
Цуьнан гаьннаш чӀогӀа дара, царах паччахьашна Ӏасанаш йора. Иза ша леккха хьалаяьллера кхечу гаьннашна юкъахь. Дуькъачу гаьннашна юкъахь иза геннара гуш яра лекха йолу дела.
12
Амма, оьгӀазаллехь лаьттара хьала а даьккхина, и таьлланг лаьтта охьакхоьссира. Малхбалехьара схьахьаькхначу мохо цуьнан стом бакъийра. Цуьнан онда га дакъаделира, ткъа цӀеро иза дӀа а кхаьллира.
13
Ткъа хӀинца иза яьссачу аренгахь дӀайийна, хих хьоьгуш долчу декъачу лаьттахь.
14
Цуьнан гаьннашна юккъера араяьллачу цӀеро багийна цуьнан стоьмаш. Цуьнан шех паччахьан Ӏаса ян мегаш долу онда га кхин ца дисина“. ХӀара тийжам бу, тийжам санна лелош а бу».
← Chapter 18
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 20 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36
37
38
39
40
41
42
43
44
45
46
47
48