bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Ezekiel 24
Ezekiel 24
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 23
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 25 →
1
Халкъ Бавеле дӀадигначул тӀаьхьа уьссалгӀачу шеран уьтталгӀачу беттан уьтталгӀачу дийнахь соьга Везачу Элан дош кхечира:
2
«Адаман кӀант! ДӀаязде хьайна хӀара де а, хӀунда аьлча кху дийнахь Бавелан паччахьан эскаро Ярушалаймана го бина.
3
Даладе аьрхачу Исраилан халкъана хӀара хьекъале дустар, дӀаала цуьнга: „Иштта боху Хьалдолчу Эло: ‘Яй цӀерана тӀе а хӀоттабай, цу чу дуьззина хи дотта.
4
Цу яй чу жижиг дилла, уггар дикачу меттера схьа а даккхий — пханар тӀера а, гӀогӀа тӀера а жижиг, иштта дика даьӀахкаш чу а яхкий, хьалабуза и яй.
5
Жена юкъара уггар дика уьстагӀий схьа а эций, яйна буха цӀе латае, хи кхехкаде, цу чуьра даьӀахкаш дикка кхехккалц’“».
6
Хьалдолчу Эло иштта боху: «Къа ду цӀий Ӏанадечу гӀалин. Иза мекханан томмагӀаш тӀехь долчу ех тера ю, шена тӀера телхинарг дӀа ца даьллачу. Цу чуьра дакъош схьадаха, царах кхаж а ца тосуьйтуш.
7
Ӏанийна цӀий цунна чохь ма ду. Иза тархана тӀехь дитина цо, лаьтта тӀе охьа а ца Ӏанош, цу тӀе чан ца йиллийта.
8
Ас цӀий тӀулгаш тӀехь дитина, иза къайла ца даккхийта. Ас иза дина адам оьгӀаздахийта, цаьрга хӀаллакбиначеран чӀир эцийта».
9
Цундела Хьалдолчу Эло иштта боху: «Къа ду цӀий Ӏанадечу гӀалин. Ас-Айса йоккха цӀе латор ю.
10
Дуккха а дечиг тӀекӀел а диллий, цунах цӀе латае. Кхехкаде и жижиг, яй чохь ерг юкъ а елла, даьӀахкаш яггалц.
11
Бассабелла яй кӀегаш тӀе хӀоттабе, цуьнан цӀаста, дох а делла, къагийтархьама. Иза диларех цӀанбийр а бу, цунна тӀера ерриг а ачо дӀакхоллур а ю.
12
Иза хала болх бу, хӀунда аьлча цунна тӀера, цӀе ягийча а, йоккха ачо дӀаер яц.
13
Хьан боьха леларца хьо дукха бехбелла, цундела Ас хьо мел цӀанбарх а, цӀан а ца ло хьо. ХӀинца чул тӀаьхьа а хьайн бехбаларх хьо цӀанлур бац, Ас хьайна тӀехь Сайн дералла Ӏабаяллалц.
14
Веза Эла волчу Ас аьллера. Айса аьлларг Аса кхочушдан деза хан тӀекхаьчна. Аса кхин тӀаьхьатоьттур яц и хан, хьох къа а хетар дац Суна, хьох къинхетам а бийр бац Аса. Хьан леларе а, ахь мел диначуьнга а хьаьжжина, Аса кхел йийр ю хьуна». Иштта боху Хьалдолчу Эло.
15
Соьга Везачу Элан дош кхечира:
16
«Адаман кӀант! Хьуна дукхаезашъерг хьоьгара схьаяккха воллу Со. Иза кестта лийр ю, амма хьо гӀайгӀане лела ца веза, бӀаьрхиш дийла ца деза хьан бӀаьргех.
17
Цхьанна а ца хозуьйтуш, даккхий синош даха, чӀогӀа тийжа а ца тийжаш. Хьайн коьртара чалба дӀа а ма яста, мачаш кога а юха, хьайн маж къайла а ма яккха, тийжаран кхача а ма баа».
18
Ӏуьйранна аса нахаца къамел дира. Цу суьйранна сан зуда кхелхира. Ткъа шолгӀачу дийнахь Ӏуьйранна аса Везачу Эло сайга аьлларг дира.
19
Халкъо соьга элира: «Алахьа тхоьга, и дерриг а тхуна хӀун маьӀна долуш хӀума ду?»
20
Ткъа аса цаьрга элира: «Соьга Везачу Элан дош кхечира,
21
Исраилан халкъе дӀаала: „Иштта боху Хьалдолчу Эло: ‘Сан дезачу цӀийнах шу дозалла деш делахь а, иза шун чӀагӀо елахь а, иза шуна хьежа лууш йолу меттиг елахь а, иза шуна баккъал дезахь а, Со иза бехдан воллу. Ткъа аша битина болу шун кӀентий а, зудабераш а туьро хӀаллакбийр бу.
22
Ткъа аша Яхьазкхиала диннарг дийр ду: шайн мажош аша къайлайохур яц, тийжаран кхача а аша буур бац.
23
Шун кортош тӀехь йихкина чалбанаш хир ю, когахь шайн мачаш а хир ю шун, шу тийжар а дац, доьлхур а дац, амма шайн къинош бахьана долуш телхар ду шу, вовшашна хьалха даккхий синош а дохуш’.
24
Яхьазкхиал масална хир ву шуна: цо диннарг аша а дийр ду. И дерриг а кхочушдича, хуур ду шуна, Со Хьалдолу Эла вуйла“».
25
«Ткъа хьох лаьцна аьлча, адаман кӀант, Аса церан чӀагӀо а, хазахетар а, сийлалла а, царна хьежа лууш йолу меттиг а, царна баккъал дезаш дерг а, иштта церан кӀентий а, мехкарий а схьабаьхча,
26
цу дийнахь цигара кӀелхьарваьллачех волу цхьаъ вогӀур ву хьуна тӀе вон кхаъ бахьаш.
27
Цу дийнахь хьан йиш хир ю цу кӀелхьарваьллачуьнца къамел дан. ТӀаккха хьо вист ца хуьлуш вуьсур вац, иштта царна билгало хилла дӀа а хӀуттур ву хьо. ТӀаккха хуур ду царна, Со Веза Эла вуйла».
← Chapter 23
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 25 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36
37
38
39
40
41
42
43
44
45
46
47
48