bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Ezekiel 11
Ezekiel 11
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 10
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 12 →
1
Делан Сино со, хьала а айина, Делан цӀийнан малхбалехьа долчу кевнна улло схьавалийра. Цигахь суна ткъе пхиъ стаг гира. Царна юкъахь халкъан куьйгалхой болу Ӏазуран кӀант Яъзан-ЯхӀу а, БенъяхӀун кӀант Палти-ЯхӀу а вара.
2
ТӀаккха Везачу Эло соьга элира: «Адаман кӀант! Хьуна хьалха лаьтташ берш зуламе ойла йолу нах бу, цара хӀокху гӀаларчу адамашна вон хьехарш до.
3
ХӀокхара боху: „Цкъачунна а вайна цӀенош ден йолу хан тӀе ца кхаьчна. Цу гӀалахь вай кхерамехь дац, цигахь вай яй чу тесна жижиг санна ду“.
4
Цундела ахьа, адаман кӀант, царна дуьхьал Делера болу хаамаш бан беза. Вало, бе и хаамаш».
5
Цул тӀаьхьа суна тӀе Везачу Элан Са доьссира. Цо соьга элира: «Везачу Эло иштта боху ала: „Шайна юкъахь ахьа иштта олуш ма ду, Исраилан халкъ. Хьан дагахь мел дерг Суна хууш ма ду!
6
Дукха адам хӀаллакдина аша кху гӀалахь, цуьнан урамаш декъех а дузуш“.
7
Цундела Хьалдолу Эла волчу Аса боху: „Аша цигахь байъина охьабехкина нах — жижиг ду, ткъа и гӀала — яй бу, амма Ас шу цигара арадохур ду.
8
Шу туьрах кхоьруш ду, амма Ас и тур шуна тӀехьажор ду. — Иштта боху Хьалдолу Эла волчу Аса. —
9
Цу гӀалара ара а даьхна, Ас шу хийрачу махкарчу нехан кара дӀа а лур ду, шуна кхел а йийр ю.
10
Шу туьро хӀаллакдийр ду, Исраил-махкахь Аса таӀзар дийр ду шуна. ТӀаккха хуур ду шуна, Со Веза Эла вуйла.
11
ХӀара гӀала шуна кхераме боцу яй хилла дӀахӀуттур яц, ткъа шу цу чохь долу жижиг санна маьрша хир дац. Ас шуна кхузахь, берриг Исраил-махкахь, таӀзар дийр ду.
12
ТӀаккха хуур ду шуна, Со Веза Эла вуйла. Сан парзашца шу ца лелара, Аса тӀедехкинарш кхочуш а ца дора аша, ткъа шайна гонах дехаш долчу къаьмнаша тӀелаьцна бакъонаш аша ларйора“».
13
Аса Делера болу хаамаш бечу хенахь БенъяхӀун кӀант Палти-ЯхӀу кхелхира. Лаьтта охьа а воьжна, корта а таӀийна, аса мохь туххуш элира: «Хьалдолу Эла, Хьо Исраилан халкъах дийна висина мел волу стаг хӀаллакван воллу те?»
14
ТӀаккха соьга Везачу Элера дош кхечира:
15
«Адаман кӀант! Хьан вежарех — хьан гергарнаш болчу вежарех а, дерриг а Исраилан халкъах а лаьцна — Ярушалаймехь бехаш болчара боху: „Далла гена а бевлла, бехаш Ӏаш бу уьш, ткъа хӀара латта тхуна, тхайн долахь долуш санна, схьаделла ду“.
16
Цундела ахьа цу нахе дӀаала: „Хьалдолчу Эло боху: ‘И нах Аса генарчу махка дӀабахийтинехь а, уьш кхечу къаьмнашна юкъахь дӀасабаржийнехь а, цхьана ханна Со царна деза цӀа санна хир ву уьш дӀабаханчу мехкашкахь’“.
17
Кхин а ала цаьрга: „Хьалдолу Эла волчу Аса шу массо а къаьмнашкара схьагулдийр а ду, шу дӀасадаржийначу мехкашкара юхадерзор а ду, ткъа Исраил-махкара латта шуна юха дӀа а лур ду Аса“.
18
Сан халкъо, ша цига юхадирзича, берриг а дегаза а, ирча а цӀуш схьа а гулбина, уьш хӀаллакбийр бу.
19
Ас царна шалхо йоцуш долу дог а лур ду, иштта керла са а кхуллур ду Ас царна чохь. Царна чуьра церан тӀулган дегнаш дӀа а даьхна, царна дилханан дегнаш кхуллур ду Аса.
20
Цу тайпана Сан парзашца лелар бу уьш, Сан тӀедехкинарш, лар а деш, кхочушдийр ду цара. Царах Сан халкъ хир ду, ткъа Со церан Дела хир ву.
21
Амма шайн дегнашца дегаза а, ирча а болчу цӀушна тӀебирзинчаьрга хьаьжжина, царах даьлларг церан шайн кортошна тӀе дожор ду Аса». Иштта боху Хьалдолчу Эло.
22
ТӀаккха каруб-маликаш, шайн тӀемаш дӀаса а даржийна, стигала хьаладевлира, чкъургаш а царна уллохь яра. Исраилан халкъан Делан сийлаллин нур а дара царна тӀехула.
23
Везачу Элан сийлаллин нур, гӀалина юккъера хьала а даьлла, цунна малхбалехьа болчу лам тӀехула дӀахӀоьттира.
24
Ша хӀоттийначу суьртехь Делан Сино со, хьала а айина, Бавел-махка юхавалийра, Исраил-махкара йийсаре дӀабигначу нахана тӀе. ТӀаккха и сурт соьгара дӀаделира.
25
Везачу Эло суна мел гайтинарг Исраил-махкара йийсаре дӀабигначаьрга дӀадийцира аса.
← Chapter 10
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 12 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36
37
38
39
40
41
42
43
44
45
46
47
48