bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Ezekiel 32
Ezekiel 32
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 31
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 33 →
1
Халкъ Бавеле дӀадигначул тӀаьхьа шуьйтталгӀачу шеран шуьйтталгӀачу беттан хьалхарчу дийнахь Везачу Элан дош кхечира соьга:
2
«Адаман кӀант! ХӀара тийжам Мисар-мехкан паччахь волчу пирӀунах лаций дӀаала: „Хьо халкъашна юкъахь къона лом санна хета, амма билггал аьлча, хӀорда чуьра саьрмик санна ву хьо! Хьайн хишна чохь хьайн мерӀуьргашца синош доху ахь, хьайн когашца хи а даржош, иштта и хи дӀаса а детташ“».
3
Иштта боху Хьалдолчу Эло: «Дуккха а халкъашна а гуш, Ас хьуна тӀе Сайн бой тосур ю, ткъа цу адамаша хьо Сан бойнаца хьалабоккхур бу.
4
Ас хьо лаьтта тӀе охьатосур а бу, ткъа аренгахь хьо дӀа а тосур бу. ТӀаккха хьуна тӀе стигалара дерриге а олхазарш а хуьйшур ду, ерриге а лаьттара акхарой а хир ю шаьш юззалц хьо бууш.
5
Ас хьан жижиг лаьмнашкахула дӀасакхуьссур ду, тогӀеш хьан докъах хьалаюзур ю.
6
Ас хьо лелла меттигаш, лаьмнаш тӀе кхаччалц, цӀийх хьалаюзур ю, цу цӀийно дерриг а хершнаш хьаладузур ду.
7
Хьо дӀабайича, Ас стигалш а дӀакъовлур ю, седарчий а кхолуьйтур ду, мархашца малх а дӀакъовлур бу, батто а шен серло лур яц.
8
Стигалара массо а серло луш йолу хӀума Ас дӀакъовлур ю, тӀаккха дерриг а хьан лаьтта тӀехь бода хӀуттур бу». Иштта боху Хьалдолчу Эло.
9
«Дуккха а долчу халкъийн дегнаш гӀайгӀане хилла дӀахӀуьттур ду, Ас хьох дисина дакъош кхечу къаьмнашна юкъахь дӀасадаьхьча а, хьуна ца девзачу мехкашка уьш дӀадаьхьча а.
10
Ас дуккха а халкъаш Ӏадор ду, церан паччахьаш чӀогӀа кхералур бу, Ас шайна хьалха Сайн тур ластийча. Хьо боьжначу дийнахь берриг а паччахьаш, кхоьруш, бегош хир бу, царах хӀорра а, шайн дахар бахьана долуш, кхоьруш хир бу».
11
ХӀунда аьлча Хьалдолчу Эло иштта боху: «Бавелхойн паччахьан тур хьуна дуьхьал доккхур ду.
12
Цуьнан эскархойн таррашца Ас хьоьца болу нах хӀаллакбойтур бу. И эскархой къаьмнийн уггаре а къизачу халкъах схьабевлла бу, цара Мисар-мехкан куралла йойур а ю, цуьнан мел долу халкъ хӀаллак а дийр ду.
13
Ас цуьнан мел долчу хишна уллора дерриг а даьхни хӀаллакдийр ду, адамийн когаша а, даьхнийн бергаша а кхин бехдийр дац и хиш.
14
Ас синтем лур бу Мисар-мехкан хишна, тӀаккха уьш, даьтта санна, меллаша дӀаоьхур ду». Иштта боху Хьалдолчу Эло.
15
«Мисар-мохк Ас бассор бу, цуьнан массо а хӀума хӀаллакьхир ду. Цу махкахь мел вехаш верг Ас охьатоьхча, царна хуур ду, Со Веза Эла вуйла.
16
Иштта бу и бен болу тийжам. Кхечу къаьмнийн зудабераша бийр бу иза. Мисар-махках а, цигарчу халкъах а лаьцна бийр бу цара и тийжам». Иштта боху Хьалдолчу Эло.
17
Халкъ Бавеле дӀадигначул тӀаьхьа шуьйтталгӀачу шеран тӀаьххьарчу беттан пхуьйтталгӀачу дийнахь соьга Везачу Элан дош кхечира:
18
«Адаман кӀант! Белхар де Мисар-махкара адамаш бахьана долуш. Ахьа сийлахьчу къаьмнийн зудабераш а, и халкъ а эхарте дӀадига, коше дӀабаханчаьрца цхьаьна хилийтархьама.
19
ДӀаала цаьрга: „Шу хьанал гӀолехь ду? ДӀагӀо цига, сунтбаза болчарна уллохь охьадийша“.
20
Мисар-мохк тӀамехь байъинчарна юкъахь Ӏуьллур бу. Шен мел долчу халкъаца цхьаьна иза дӀадигна хуьлийла.
21
Оцу эхартан юккъера турпалхойх уггар доьналла долуш болчара Мисар-махкана а, цуьнан бартхошна а эр ду: „Сунтбаза болу уьш, туьро хӀаллакбина, охьа а бехкина, Ӏохкуш бу цигахь“.
22
Цу меттехь Ашур-мохк а бу шен мел хиллачу эскарца. Паччахьна гонах церан кешнаш ду, уьш берриш а туьро хӀаллакбина.
23
Церан кешнаш эхартехь уггар а кӀорггехь ду, Ашур-мехкан паччахьан къуббанна гонах. Уьш берриш а туьро хӀаллакбина, дийна болчу хенахь цара адамаш кхерамца Ӏадийнехь а.
24
Цигахь Ӏейлам а ву, ткъа цуьнан эскар паччахьан къуббанна гонах а ду. Цуьнан берриг а тӀемалой хӀаллакьхилла тӀамехь. Уьш берриш а сунтбаза эхарте а кхаьчна, шаьш дийна болчу хенахь цара дерриг а адамаш кхерамца Ӏадийнехь а. Цара ерриг а шайн юьхьӀаьржо лаьтта буха богӀучаьрца цхьаьна яхьа.
25
ХӀаллакбина Ӏохкучарна юкъахь Ӏейламана а, цуьнан эскарна а мотт биллинера. Царна гонах Ӏохкуш хӀаллакбинарш бара, уьш берриш а сунтбаза а бара, туьро хӀаллакбина а бара. Шаьш дийна болчу хенахь цара дерриг а адамаш кхерамца Ӏадийнехь а, хӀинца цара ерриг а шайн юьхьӀаьржо лаьтта буха богӀучаьрца цхьаьна яхьа. ХӀаллакбиначарна юкъахь охьабехкина бу уьш.
26
Цигахь Машах а, Тубал а ву шайн эскаршца, царна гонах сунтбаза болчеран кешнаш а ду. Уьш берриш а туьро хӀаллакбина а бу, хӀунда аьлча цара дийна болчу хенахь халкъашна юкъахь кхерам латтабора.
27
Уьш байъинчу ширачу заманахь лаьтта бухахь Ӏохкуш бац. ХӀорш шайн герзаца дӀабоьхкина, церан тарраш церан гӀовлангахь Ӏохкуш ду, ткъа церан турсаш церан даьӀахкашна тӀехь дисина. Цара шаьш дийна болчу хенахь массо а адамаш кхерамца Ӏадийнера.
28
Ткъа хьо а, Мисар-мохк, хӀаллакбина хир бу, хьо а сунтбаза болчаьрца а, иштта туьро хӀаллакбинчаьрца а цхьаьна Ӏуьллур бу.
29
Цигахь Эдом-мохк а, цуьнан паччахьаш а, элий а бу. Уьш берриш а майра тӀемалой бара, ткъа хӀинца туьро хӀаллакбинчаьрца цхьаьна охьабехкина бу. Уьш сунтбаза болчу лаьтта буха баханчаьрца цхьаьна Ӏохкуш бу.
30
Цигахь къилбаседехьа хилла болу элий а, иштта адамашна кхерамаш туьйсуш болу цӀаданхойн тӀемалой а бу. Туьро хӀаллакбиначаьрца цхьаьна уьш сунтбаза Ӏохкуш бу, шайн юьхьӀаьржо лаьтта буха боьлхучаьрца цхьаьна дӀаяхьа.
31
ХӀаллак а хилла, эхарте бахана болу нах пирӀунна дӀагича, цунна синхьаам хир бу и хӀаллакбина нах бахьана долуш, хӀунда аьлча пирӀун а, цуьнан эскар а туьро хӀаллакбина хир бу». Иштта боху Хьалдолчу Эло.
32
«ПирӀуно, ша дийна волчу хенахь, адамаш, кхера а деш, Ӏададора, амма иза а, цуьнан эскар а туьро хӀаллакбинчу сунтбаза болчаьрца дӀабоьхкина хир бу». Иштта боху Хьалдолчу Эло.
← Chapter 31
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 33 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36
37
38
39
40
41
42
43
44
45
46
47
48