bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Ezekiel 22
Ezekiel 22
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 21
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 23 →
1
Соьга Везачу Элан дош кхечира:
2
«Адаман кӀант! Цунна кхел йийр юй те ахь? Хьуна лаьий те цӀий Ӏанийначу Ярушалайм-гӀалина кхел ян? Цо мел лелийна вониг цунна дӀагайта.
3
ДӀаала цаьрга: „Иштта боху Везачу Эло: ‘Ва гӀала, хьайна чохь цӀий Ӏенорна, ахь хьайна бохам ма боккху, хьайна цӀуш а беш, хьуо Суна хьалха бех ма йо.
4
Айхьа Ӏанийна долу цӀий бахьана долуш, ахьа хьо бехке йина, айхьа бина цӀуш бахьана долуш, хьо Суна хьалха бех а йина. Хьан тӀаьххьара де тӀекхаьчна, хьан заманан чаккхе уллоеана. Цундела Ас кхидолу къаьмнаш хьох кхордуьйтур ду, массо а мехкаш хьох доьлуьйтур ду.
5
Хьуна уллохь берш а, генахь берш а хьох боьлур бу, ва боьхаллина цӀеяхана, карзахаллех юьзнарг.
6
Исраилхойн куьйгалхошка хьажал. Царах хӀораммо а хьуна чохь шен ницкъаца цӀий Ӏанадора.
7
Ярушалайман бахархоша шайн дай-наний емалдо, кхечу мехкашкарчу нахана гӀело йо, бисина Ӏаш болу зударий а, бобераш а ледо.
8
Ахьа Суна деза хетарш а ца лору, иштта Суна лерина шоьтан де а ца лору.
9
Хьан бахархойх цхьаболчара кхечу нахана мотт бетта, уьш байъийтархьама. Цхьаболчара лаьмнашкахь йолчу езачу меттигашкахь цӀушна сагӀина еана яа хӀума а йоу, дегаза гӀуллакхаш а леладо.
10
Цхьаберш шайн дайн зударшца дӀабуьйшу, ламаз доьхна болу зударий а хьийзабо цара.
11
Цхьаверг шен доттагӀчун зудчуьнца лела, важа шен несаца лела, вукхо шен ден йоӀ йолу шен йиша хьийзайо.
12
Ярушалаймехь ахчанах нах бойъу, юхалург деллачу ахчанна тӀера ял йоккху, шена уллохь волчуьнгара леварца са йоккху, ткъа Со вицвина цара’, — боху Хьалдолчу Эло.
13
‘Нах лебарца аша са яккхарна а, иштта шайна юкъахь цӀий Ӏенорна а, Аса сайн куьйгаш вовшахтоьхна.
14
Сатохалур дуй те хьан даге, чохь са долуш санна хир дуй те хьан куьйгаш, Ас хьуна бекхам бечу заманахь? Веза Эла волчу Аса иштта элира, ткъа Айса аьлларг кхочуш а дийр ду Аса.
15
Аса дӀасадаржор ду шу кхечу къаьмнашкахула а, дӀасакхуьссур ду шу кхечу мехкашкахула а. Суна хьалха шу цӀена цахилар чекхдоккхур ду Аса.
16
Хьо кхечу къаьмнашна хьалха сийсазъяьккхина хир ю. ТӀаккха хуур ду хьуна, Со Веза Эла вуйла’“».
17
ТӀаккха соьга Везачу Элера дош кхечира:
18
«Адаман кӀант! Исраилан халкъ Суна хьалха боьханиг санна хилла дӀахӀоьттира. Кхерчахь тӀехула хӀутту гӀели а, цӀаста а, эчиг а, даш а санна хилира иза. Дети кхерчахь цӀандинчул тӀаьхьа дисина долу боьханиг санна ду и халкъ!
19
Цундела иштта боху Хьалдолчу Эло: „Шу боьханиг санна хилла дӀахӀиттина дела, Ас шу дерриш а Ярушалаймана чу схьагулдийр ду.
20
Дети а, цӀаста а, эчиг а, даш а, гӀели а цхьаьна а тухий, кхерчана юккъе дуьллу, цӀе марса а йоккху, уьш дашийтархьама. Аса а, Сайн оьгӀазаллица а, дераллица а шу схьа а гулдина, Ярушалайм-гӀалина чу а дехкина, лалор ду.
21
Шу схьа а гулдина, Ас Сайн оьгӀазаллин цӀеран Ӏаь тухур ю шуна тӀе, тӀаккха шу цу юкъахь лелар ду.
22
ЦӀергахь лелаш долу дети санна, шу а лелар ду цу юкъахь. ТӀаккха хуур ду шуна, Веза Эла волу Со вуйла, шуна тӀе Сайн дералла йоссийнарг“».
23
ТӀаккха соьга Везачу Элан дош кхечира:
24
«Адаман кӀант! ДӀаала Исраил-махке: „Дала бекхам бечу дийнахь хьо цӀанбаза бисина мохк а бу, хьан лаьтта тӀе догӀа а ца деана!“
25
Мехкан пайхамарш зуламечу ойланашца вовшахтийсало, шен ижу а цоьстуш, гӀигӀ деш долу лом санна. Цара дуккха а нах хӀаллак а бо, цаьргара хьал а, жовхӀарш а схьа а доху, уьш бахьана долуш бисина Ӏаш болу зударий махкахь алсамбуьйлуш бу.
26
Мехкан динан дайша Сан товрат-хьехамаш дӀа а тотту, Суна лерина хӀуманаш сийсаз а йоху, дезаниг деза доцучух дӀа ца къастадо, иштта хьанал дерг хьарамчух а дӀа ца къастадо. Цара Суна лерина шоьтан де а ца лору. И хӀума лелорца Цара Со а бехво.
27
Мехкан куьйгалхой ижу дӀасаийзош йолчу берзалойх тера бу. Нехан цӀий а Ӏенош, уьш байъа а бойъуш, шайна са лоьху цара.
28
Мехкан пайхамарш вочу пена тӀехь кир тухуш санна лела, хӀунда аьлча царна эрна суьрташ а го, цара харцболу пал а туьйсу. Цара боху: „Иштта олу Хьалдолчу Эло“, Веза Эла волчу Аса шайга хӀумма а ца дийцинехь а.
29
Мехкан наха кхиберш Ӏехабо, талораш до, къечунна а, мискачунна а гӀелонаш йо, кхечу махкара тӀебаьхкина нах а хьийзабо.
30
Пен тобан, пенна Ӏуьрг даьллачу метте мехкан дуьхьа дӀахӀотта стаг лийхира Ас, Соьга и мохк хӀаллак ца байтархьама, амма Суна иза ца карийра.
31
Цундела Ас Сайн оьгӀазалла дӀагойтур ю царна, Сайн дераллин цӀерца Ас хӀаллакбийр бу уьш, цара мел лелийнарг царна дуьхьал доккхур ду Аса». Иштта боху Хьалдолчу Эло.
← Chapter 21
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 23 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36
37
38
39
40
41
42
43
44
45
46
47
48