bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Ezekiel 16
Ezekiel 16
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 15
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 17 →
1
Соьга Везачу Элан дош кхечира:
2
«Адаман кӀант! Ярушалаймехь болчу нахе цара лелийна мел долчу вочу хӀуманех лаьцна дӀаала.
3
Ахьа цаьрга иштта ала деза: „ХӀара боху Хьалдолчу Эло Ярушалайме: ‘КанаӀан-махкахь дара хьан схьаялар а, хьан дуьнен тӀе ялар а. Хьан да — эмархо вара, ткъа нана — хьетахо яра.
4
Ярушалайм, хьо дуьнен чу йолучу хенахь хьан цӀонг дӀахадо стаг вацара, хьо цӀанъялийта хьуна тӀе хи кхарза а стаг вацара, хьуна тӀе туьха хьакха а, иштта хьуна тӀе хӀума хьарчо а стаг вацара.
5
Цхьаммо а къинхетам ца бира хьох, цхьаммо а хьан дола а ца дира. Хьо дуьнен чу яьллачу дийнахь хьо аренга дӀакхоьссина яра, хӀунда аьлча оцу хенахь хьо дӀатеттинера.
6
ТӀаккха, тӀехволучу хенахь Суна гира хьо, хьайн цӀийш юкъахь керчачу хенахь. Хьо иштта Ӏуьллуш гича, Ас элира хьоьга: ‹Яха хьайна!› ХӀаъ, хьо цӀийш юкъахь Ӏуьллуш гича, Ас элира: ‹Яха хьайна!›
7
Эрна арахь тӀедолучу зезагна санна, Ас хьалакхиа гӀо дира хьуна. Хьо, йоккха а хилла, исбаьхьа хаза хилла дӀахӀоьттира: хьан накхош хьалаайаделира, хьан месаш яхъелира, амма хьо, тӀекхоьллина хӀума йоцуш, ерзина яра.
8
Юха, тӀехволучу хенахь Суна гира хьо — хьо безамна кийча яра. Ас Сайн бедарш тӀеозийра хьуна тӀехула, хьан ерзина хилар дӀа а хьулдеш. Ас чӀагӀо йира хьан хила, иштта Ас хьоьца барт а бира. ТӀаккха хьо Сан хилира’“. Иштта элира Хьалдолчу Эло.
9
„Ас хьуна тӀе хи а кхерзина, цӀий дӀадаьккхира, тӀаккха хьуна тӀе даьтта хьаькхира.
10
Ас хьуна тӀе хаза тӀамарш йолу коч юьйхира, тӀаьрсиган кӀархаш а буьйхира, дуткъачу кӀадин йовлакх коьрта тӀе а тиллира, чилланан тӀекхуллург а елира.
11
Аса хьуна хаза жовхӀарш а делира, пхьаьрсех хӀазарш а доьхкира, коча исбаьхьа туьтеш а тесира.
12
Ас мерах йолла чӀуг а елира хьуна, лергех тийса чӀагарш а, иштта коьрта тӀе тилла исбаьхьа таж а делира хьуна.
13
Хьо чӀогӀа хаза яра хьайн дашочу а, даточу а хӀуманашца, дуткъачу кӀадих а, чилланан кӀадих а, тир яьккхинчу кӀадих а йинчу бедаршца. Хьан даар уггар а дикачух дара — уггар а дикачу демах дина бепиг а, моз а, даьтта а. Хьо чӀогӀа хазъелла дӀахӀоьттинера, зуда-паччахьах тар а елла.
14
Хьан цӀеяхана хилар дерриг а къаьмнашна юкъахь даьржира, хьо хаза йолу дела. Хьо чӀогӀа хаза яра, Ас Сайн сийлаллица хьо хазйина хилар бахьана долуш“. Иштта боху Хьалдолчу Эло.
15
„Амма ахьа, хьайн хазаллех а, хьайн цӀеяхана хиларх а пайда а оьцуш, хьайна тӀех мел волучуьнца нахаца лелачу зудчун гӀиллакхаш леладора, цуьнга хьайн хазаллех дезар а оьцуьйтуш.
16
Хьайн бедарех цхьайолу хӀуманаш схьа а эцна, цаьрца бес-бесара сагӀа доккху гунаш кечдира ахьа, цигахь, Суна тешаме а ца хуьлуш, нахаца лела зуда санна а лелаш. Иштта лелар ца магийнарг а, хила ца дезарг а ма ду!
17
Ас хьайна елла йолчу деших а, детих а йинчу хӀуманех ахьа хьайна боьрша цӀуш бира, нахаца лелаш йолу зуда санна цаьрца а лелаш.
18
Ас хьайна елла йолу хаза юьйцина кучамаш схьа а эцна, уьш цу цӀушна тӀеюьйхира ахьа, иштта Ас хьайна делла даьтта а, хаза хьожа йогӀу сегӀаз а царна лерина долчу сагӀина охьадуттура ахьа.
19
Ас хьайна делла долу тоьлла дама а, зайтдаьтта а, моз а ахьа хьайн цӀушна дӀаделира. Иштта хила а хилира“, — боху Хьалдолчу Эло.
20
„Айхьа Суна бина болу кӀентий а, мехкарий а ахьа, схьа а эцна, царах хьайн харцделанашна сагӀа даьккхира. Иштта, хьан Суна тешаме цахилар тоьуш а доцуш,
21
Сан кӀентий, цӀерах чекх а бохуьйтий, байъа а бойъий, хьайн цӀушна сагӀина дӀалора ахь.
22
Айхьа дегаза мел долу гӀуллакхаш леладечу хенахь а, Суна тешаме ца хуьлучу хенахь а хьуна дага ца йогӀура хьо жима а, къона а хилла зама — оцу хенахь хьо ерзина а яра, тӀехь хӀума а йоцуш, хьайн цӀийлахь хьийзаш а яра“».
23
«Маржа-яӀ! Декъаза ю-кх хьо, ва Ярушалайм! — боху Хьалдолчу Эло — Айхьа мел лелийначул сов,
24
хӀора майданна тӀехь ахьа хьайна кхахьпаллин цӀа а до, цӀушна Ӏамал ян меттиг а кечйо.
25
ХӀора некъ болалучохь а кечйина ахьа и меттигаш, хьайн хазаллин сий а дойуш. И хазалла ахьа, хӀора тӀех мел волу боьрша стаг хьайга схьаверзо гӀерташ, хӀаллакйора, хьайн боьха лелар сов а доккхуш.
26
Цул тӀаьхьа, Мисар-махка а яхана, хьайначу хьайн лулахочуьнца а лийлира хьо цигахь, нахаца лелар сов а доккхуш, хьо бахьана долуш йолу Сан оьгӀазалла сов а йоккхуш.
27
ТӀаккха Ас хьуна таӀзар дира, хьуна дӀаделла дакъа жим а деш. Ас пурба делира хьан мостагӀий болчу пӀелаштамхойн зудаберашна хьуна шайна луъург дан, ткъа уьш а бара хьан боьха леларх цецбевлла.
28
Кхечаьрца леларх ца Ӏабарна, хьо ашурхошца лела йолаелира. Цаьрца леллачул тӀаьхьа а, хьо царах а ца Ӏебира.
29
ТӀаккха совдегархойн латта долчу Хашад-махкана хьо хьайн кхахьпаллица тӀейирзира, амма цунах а хьо ца Ӏебира.
30
Ма оьгӀазаллех вуьзна ву Со ахь мел лелийначунна, — боху Хьалдолчу Эло. — Хьо маьттаза кхахьпа санна лелаш ма ю!
31
Ахьа хӀора некъ болалучу меттехь кхахьпаллин цӀа а, хӀора майданахь цӀушна Ӏамал ян меттиг а хьайна кечъечу хенахь, хьо кхахьпа санна яцара, хӀунда аьлча ахьа совгӀаташ дӀа ца оьцура.
32
Амма хьо, шен майрачун метта, кхиболу божарий тӀе а оьцуш, ямартло еш йолу зуда санна яра.
33
Массо а кхахьпанаша божаршкара совгӀаташ схьаоьцу, ткъа ахьа совгӀаташ хьайн безаршна дора, уьш массо а маьӀӀера хьайца лела схьаэхийта.
34
Иштта хьо нахаца лелча, хьо кхечу зударех тера ца хуьлу, хӀунда аьлча божарий хьуна тӀаьхьа ца бовду, хьоьца лела. Хьуна цхьаммо а совгӀаташ а ца деш, ахьа кхечарна совгӀаташ дича, хьо билггал юханехьа лела!»
35
ЛадогӀа, кхахьпа, Везачу Эло бохучуьнга!
36
Хьалдолчу Эло иштта боху: «Ахь хьайн боьха лаам дӀагайтира, хьайн безаршна а, дегазчу цӀушна а хьалха ерзина а юьйлуш, хьо цаьрца лелара, иштта хьайн кӀентийн цӀий цӀушна Ӏенадора ахьа.
37
И хӀуманаш ахьа лелорна, Ас хьуна безна болу а, хьоьца лелла болу а берриге безарш а, хьуна ца безнарш а массо а маьӀӀера схьагулбийр бу. Царна хьалха хьан духарш охьадохур ду Ас, ткъа царна хьо ма-ярра ерзина дӀагур ю.
38
Цул тӀаьхьа Ас кхел йийр ю хьуна, ткъа хьан таӀзар нахаца леллачунна а, цӀий Ӏанийначунна а доггӀург хир ду. Сайн оьгӀазаллица а, дераллица а Аса хьан цӀий Ӏанор ду.
39
Ас дӀалур ю хьо хьайн безарийн кара, тӀаккха дохор ду хьан кхахьпаллин цӀенош, дӀасакхуьйсур ю хьан цӀушна Ӏамал ян меттигаш а. Цара хьуна тӀера бедарш дӀайохур ю, хьан жовхӀарш дӀадохур ду, ткъа хьо ма-ярра ерзина юьтур ю.
40
Цара схьакхойкхур ю адамийн тоба, цаьрга хьуна тӀе тӀулгаш кхиссийта а, таррашца хьо цестийта а.
41
Хьан цӀенош цара цӀарца дагор ду, дуккха а зударшна хьалха хьуна кхел а йийр ю. Ас сацор ду хьан нахаца лелар, хьо лелар яц кхин совгӀаташ деш.
42
Со, Сайн дераллех Ӏаьбна ваьлча, Со карзахвуьйлучуьра соцур ву. Суна синтем хир бу, кхин оьгӀаз а гӀур вац Со.
43
Ахьа, хьо къона хилла хан дага а ца йогӀуш, айхьа мел динчуьнца Со оьгӀазъэхийтина дела, массо а хьан леларна догӀу таӀзар дийр ду Ас хьуна. Айхьа мел лелийна дегаза гӀуллакхашна тӀе кхахьпалла хӀунда туьйхира ахь?» Иштта боху Хьалдолчу Эло.
44
«Кицанаш далош мел волчо, хьох лаьцна хӀара кица далор ду: „Нана ма-хиллара, йоӀ а ю“.
45
ЙоӀ йолу хьо хьайн ненах тера ю, шен майрачух а, берех а ца яьшна йолу. Шайн майранаш а, бераш а ца эшна болу хьан йижарий ма-хиллара, хьо а ю. Шун нана хьетахо ю, ткъа да — эмархо ву.
46
Хьан йоккхаха йолу йиша — Шамран-гӀала ю, хьуна къилбаседехьа шен зудаберашца ехаш йолу. Хьан жимаха йолу йиша, хьуна къилбехьа шен зудаберашца ехаш йолу, Седам-гӀала ю.
47
Хьо, цара леллийнарг а лелош, церан дегазчу некъашкахула лелла а ца Ӏаш, кӀеззиг хан ялале, царал а телхина лелара.
48
Дийна волчу Сайх чӀагӀо йо Аса, — боху Хьалдолчу Эло, — хьан йиша йолчу Седам-гӀалано а, цуьнан зудабераша а ца леладора ахьа а, хьан зудабераша а лелийнарг.
49
ХӀара бу хьан йишин Седам-гӀалин а, цуьнан зудаберийн а бехк: уьш кура бара, церан дукха даа хӀума дара, церан маьрша синтем а бара, амма цара къечарна а, мискачарна а гӀо ца дора.
50
Уьш, кураллаш еш, дегаза хӀуманаш деш лелара Суна хьалха, цундела Ас, Сайна и дерриг а ма-гиннехь, уллора дӀабехира уьш.
51
Шамран-гӀалано ахьа диначул ах а вон ца дина. Хьо ю дегаза хӀуманаш деш царал а тӀехъяьлларг. Хьоьца нисбича, хьан йижарий цӀена хета.
52
Хьо нахала яккхар кхидӀа а ла, ахь хьайн йижарий цӀена хетийтина дела. Цара летийначу къинойл ахьа мел летийнарг сов дегаза хиларна, уьш хьол цӀена хийтира. ХӀинца эхь хетарна, цӀий а луш, юьхьӀаьржачу а хӀоьттина лела хьайна, ахь хьайн йижарий цӀена хетийтина дела».
53
«Ас юхаметтахӀоттор ю Седам-гӀала а, цунна гонах йолу жима гӀаланаш а, иштта юхаметтахӀоттор ю Шамран-гӀала а, цунна гонах йолу жима гӀаланаш а. Ас юхаметтахӀоттор ю хьо а, Ярушалайм,
54
айхьа лелийна долу массо а вон хӀуманаш бахьана долуш хьайн нахала яккхар кхидӀа лайтархьама а, хьо юьхьӀаьржачу хӀоттийтархьама а. Иштта хьайн йижаршна синтем бийр бу ахьа.
55
Хьан йижарех лаьцна аьлча — Седам а, цуьнан зудабераш а, Шамран а, цуьнан зудабераш а — уьш шайн хьалхалерчу хьоле юхаметтахӀиттийна хир бу. Иштта хьо а, хьайн зудаберашца хьалхалерчу хьоле юхаметтахӀоттийна хир ю.
56
56-57 Хьо кураллех юьзначу хенахь, хьан вон лелар массарна а дӀахаале, хьайн йиша йолу Седам хьан багахь беламе дош ца хилира те? Ткъа хӀинца хьох кхаьрдаш бу арамхойн а, пӀелаштамхойн а зударий а, царна гонах хьох ца бешаш берш а.
57
***
58
Хьо вон лелар а, дегаза гӀуллакхаш а бахьана долуш жоп дала дезаш ма ю хьо!» — боху Хьалдолчу Эло.
59
Хьалдолчу Эло иштта элира: «Со хьуна доггӀучу тайпана хир ву хьоьца, хӀунда аьлча Аса йинчу чӀагӀонах хьо ца ешира, ткъа ахьа Сан барт а бохийра.
60
Амма Суна дагахь лаьттар бу хьо къона йолчу хенахь Ас хьоьца бина болу барт. Ас хьоьца массо а ханна лерина болу керла барт бийр бу.
61
ТӀаккха хьуна айхьа дӀакхехьна некъаш дагадогӀур ду. И некъаш бахьана долуш хьуна эхь хетар ду, Ас хьол баккхий а, хьол жимах болу а йижарий — Седам а, Шамран а, — хьуна йоӀарий санна дӀалучу хенахь. Иза вай бинчу бартана юкъадогӀуш дацара, амма Ас иза дийр ду.
62
Ас и керла барт хьоьца бийр бу, тӀаккха хуур ду хьуна, Со Веза Эла вуйла.
63
Ахьа мел лелийначух Аса хьо цӀанъечу хенахь хьуна и вон хӀуманаш дагадогӀур а ду, хьуна эхь а хетар ду, хьо юьхьӀаьржачу хӀоттарна бага хьалагӀатто аьтто а хир бац хьан». Иштта элира Хьалдолчу Эло.
← Chapter 15
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 17 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36
37
38
39
40
41
42
43
44
45
46
47
48