bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Ezekiel 47
Ezekiel 47
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 46
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 48 →
1
Цул тӀаьхьа цо со Делан цӀенна чуволийла йолчу улло юхавалийра. Цигахь суна гира неӀсагӀина бухара арадолу хи. Иза малхбалехьа дӀадоьдуш дара, хӀунда аьлча Делан цӀа малхбалехьа дӀадирзина лаьтташ дара, ткъа хи цуьнан аьтту агӀор йолчу агӀонна кӀелара арадолуш дара, сагӀа доккхучу кхерчан къилбехьа йолчу агӀонгара.
2
Къилбаседехьа долчу кевнехула цо со ара а ваьккхина, арахьарчу новкъахула малхбалехьа дӀадирзина долчу кевне валийра. Ткъа цигахь Суна гира, къилбера меллаша охьадогӀу жима татол.
3
И стаг малхбалехьа дӀавоьдучу хенахь, цуьнан карахь юстаран тӀийраг яра. Цо цхьа эзар дол меттиг дӀаюьстира, тӀаккха со цу хи чухула дӀавигира. И хи сан хьакхолгана тӀе кхочура.
4
Кхин а цхьа эзар дол меттиг дӀа а юьстина, цул тӀаьхьа цо со хи чухула дӀавигира. ХӀинца и хи суна гоьллец дара. Кхин а цхьа эзар дол меттиг дӀа а юьстина, цул тӀаьхьа цо со хи чухула дӀавигира. ХӀинца и хи суна гӀодаюккъе кхочура.
5
Кхин а цхьа эзар дол дӀаюьстира цо, амма хӀинца хин бухехула со хих чекх ца ваккхалора, хӀунда аьлча хи чӀогӀа лакхадаьллера. Нека деш бен хи чухула дехьа ца валаваллал кӀорга дара и хи.
6
Цул тӀаьхьа цу стага соьга элира: «Къаьрзинчу бӀаьргашца хьоьжуш ма вара хьо, адаман кӀант!» Иза а аьлла, цо со цу хин йисте юхавалийра.
7
Со юхавеача, цу хин йистошкахь шинна а агӀор дуккха а дитташ гира суна.
8
Цо соьга элира: «ХӀара хи малхбалехьарчу метте дӀадоьдуш ду, Ӏариба-тогӀи чу а доьду, ткъа цул тӀаьхьа иза Дуьрачу хӀордах дӀакхетар ду. ТӀаккха оцу хӀордан хи цӀанлур ду.
9
И хи дӀа мел кхеттачу меттехь сийсаш йолу хӀора са долу хӀума дика ехар ю. Цу хӀорда чохь дуккха а чӀерий а хир ду, хӀунда аьлча и хи, массанхьа а хӀуманаш цӀан а еш, царна дахар а луш, цу хӀордах дӀакхетта.
10
Ӏейн-ГӀадера дуьйна Ӏейн-Ӏеглайме кхаччалц хин бердашкахь чӀерийлецархой лаьтташ хир бу. Цигахь а бойнаш якъор ю. Вуно дукха тайп-тайпана чӀерий хир ду цигахь, Дуьненаюккъерчу хӀордана чохь санна.
11
Амма уьшалш а, чохь даьржина хи долу Ӏаьмнаш а цкъа а цӀанлур дац, уьш туьха даккхарна дуьтур ду.
12
Цу хин шинна а йистехула хьаладовлуш шайна тӀе стом латош долу тайп-тайпана дитташ хир ду. Царна тӀера гӀаш цкъа а маргӀал а доьр дац. Царна тӀера стом кхачалур бац, хӀора баттахь керланиг а латош, лаьттар бу, хӀунда аьлча царна тӀекхочуш долу хи езачу меттигера схьадолуш ду. Цу дитташна тӀера стоьмаш кхачанна хир бу, ткъа гӀаш дарбанна лелор ду».
13
Иштта боху Хьалдолчу Эло: «ХӀорш ду аша Исраилан халкъан шийтта тайпанна шерет санна лун долчу лаьттан дозанаш (ткъа Юсупна ши дакъа кхочур ду).
14
Хьалаайинчу куьйгаца Аса шун дайшна чӀагӀо ярца лур ду аьлла и латта шайна юкъахь цхьатеррачу дакъошкахь декъа деза аша. ХӀара латта хӀинца шуна шерет санна кхочур ду.
15
ХӀара ду лаьттан доза: къилбаседехьа йолчу йистехь иза Дуьненаюккъерчу хӀордана тӀера дӀадолало, тӀаккха Хьетлонехула, Хьаматан Ӏин тӀе дӀакхочу.
16
Цигара дӀа Хьамат-гӀала а, Берата-гӀала а Дамасакханий, Хьаматаний юккъехь йолчу Сибраймана тӀекхочу. Цигара дӀа Хьавранаца доза долчу Хьацар-Тихунана тӀе кхочу.
17
Иштта, лаьттан къилбаседера доза хӀордана тӀера дуьйна Дамасакхан кӀоштан къилбаседерчу дозанахь йолчу Хьацар-Ӏейнана тӀехь хир ду, цигара дӀа къилбаседехьа йолчу Хьамат-гӀала лаьттачу меттигца а хир ду.
18
Малхбалехьа долу доза Хьавранний, Дамасакхний юккъехула долу, иштта ГалӀадний, Исраил-махканий юккъехула долу, Йордан-хи йистехула дӀадоьду малхбалехьа болчу хӀордана тӀе кхаччалц. Иза малхбалехьара доза хир ду.
19
Къилбехьа долу доза Тамарина тӀера Мериба-Кхадеш цӀе йолчу шовданна тӀе кхаччалц дӀагӀур ду, цул тӀаьхьа Мисар-мехкан дозанехь долчу хин йистехула Дуьненаюккъерачу хӀордана тӀе кхаччалц дӀагӀур ду. Иза къилбехьара долу доза хир ду.
20
Малхбузехьарчу агӀор дозанна метта Дуьненаюккъера хӀорд хир бу, Хьаматан Ӏинна дуьхьал йолчу меттигна тӀе кхаччалц. Иза малхбузехьара долу доза хир ду.
21
И латта, Исраилан халкъан тайпанашка хьаьжжина, шайна юкъахь дӀасадекъа.
22
И латта шайна а, шайна юкъахь доьзалш а кхоьллина, бехаш болчу кхечу къаьмнех болчу нахана а, кхаж а тасий, дӀасадекъа. Кхечу къаьмнех болу нах исраилхошца нийсса лара беза. Царна а, Исраилан халкъан тайпанашна санна, лаьттан дакъа кхочу.
23
И тӀевеана стаг юкъахь вехаш долчу тайпано лаьтта тӀера цунна доьзалан дакъа дала деза». Иштта боху Хьалдолчу Эло.
← Chapter 46
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 48 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36
37
38
39
40
41
42
43
44
45
46
47
48