bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Ezekiel 14
Ezekiel 14
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 13
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 15 →
1
Исраилан халкъан масех къано веара со волчу. Уьш соьга бистхилархьама охьахевшира.
2
ТӀаккха соьга Везачу Элера дош кхечира:
3
«Адаман кӀант! ХӀара нах шайн дегнаш чохь цӀушна тӀебирзина а бу, цара шаьш галбовлуьйтуш долу харцдолчун новкъарло шайн бӀаьргашна хьалха дӀа а хӀоттийна. Сайгара жоп лехийта деза те Ас?
4
Цундела ахьа дан деза цаьрга къамел. ДӀаала цаьрга: „Исраилан халкъан Хьалдолчу Эло иштта боху: ‘Нагахь санна Везачу Эле хаттар дан пайхамар волчу милла а вагӀахь, ткъа иза шен даг чохь цӀушна тӀевирзина а хилахь, ша галволуьйтуш йолу харцдолчун новкъарло шен бӀаьргашна хьалха дӀа а хӀоттаяхь, Веза Эла волчу Ас-Айса цунна жоп лур ду. Ткъа Сан жоп цуьнан дуккха а цӀушка хьаьжжина хир ду!
5
Аса иза дийр ду, шайн цӀуш бахьана долуш Суна херабевллачу исраилхойн дегнаш юха схьалецархьама’“.
6
Цундела дӀаала Исраилан халкъе: „Иштта боху Хьалдолчу Эло: ‘Юхадерза Со волчу, бита шайн цӀуш, букъ берзабе шаьш мел лелийначу дегазчу гӀуллакхашна.
7
Нагахь санна муьлхха а исраилхо я муьлхха а Исраил-махкахь вехаш волу кхечу къомах волу стаг, Соьгара жоп оьшуш, пайхамар волчу гӀахь, ткъа и стаг, Соьгара дӀа а вирзина, шен даг чохь цӀушна тӀевирзина а хилахь, цо ша галволуьйтуш йолу харцдолчун новкъарло шен бӀаьргашна хьалха дӀа а хӀоттаяхь, Веза Эла волчу Аса цунна Сайгара жоп лур ду.
8
Со цу стагана дуьхьалвер ву, Ас цунах масал дийр ду, нахе цунах кицанаш а даладойтуш, Ас Сайн къомана юкъара дӀавоккхур ву иза, тӀаккха хуур ду шуна, Со Веза Эла вуйла.
9
Нагахь санна Сан цӀарах харц хаам бан цхьа пайхамар Ӏехавеш велахь, Веза Эла волу Со иза Ӏехавинарг ву. Цунна дуьхьал Сайн куьг дерзор ду Аса, ткъа Сайн Исраилан халкъана юкъара иза ара а воккхур ву Аса.
10
Цу шинна а: хаттар дан веанчунна а, цунна жоп деллачу пайхамарна а — цхьатерра таӀзар дийр ду.
11
Иза Ас дийр ду, тӀейогӀучу ханна Исраилан халкъ Суна уллора дӀа ца далийта а, къинош летош шаьш сийсаз ца дахийта а. Царах Сан халкъ хир ду, ткъа Со церан Дела хир ву’“. Иштта боху Хьалдолчу Эло».
12
ТӀаккха соьга Везачу Элан дош кхечира:
13
«Адаман кӀант! Муьлххачу а, Суна тешаме а ца хуьлуш, Суна дуьхьал къинош летийначу къомана тӀе Соьга Сайн куьг дерзалур дара. Ас церан махкахь болу кхача кхоччуш чекхбоккхуьйтур бара, царна тӀе мацалла а хьажор яра, Ас цу махкара адамаш а, хьайбанаш а хӀаллакдийр дара.
14
Цу махкахь Нохьа а, Даниал а, Аюб а бехаш хилча а, Делан лаамехь шаьш хилар бахьана долуш, цара шайн синош кӀелхьардохур дара, амма берриг а мохк цаьрга кӀелхьарбаккхалур бацара». Иштта боху Везачу Эло.
15
«Соьга цу лаьтта тӀе акхарой яхийталур яра, тӀаккха цара цигара бераш хӀаллакдийр дара, ткъа и мохк баьсса хир бара. Цхьа а стаг вогӀур вацара цу махка, хӀунда аьлча массо а цу акхаройх кхоьруш хир вара.
16
Нохьий, Даниаллий, Аюббий цигахь Ӏаш хилча а, — дийна волчу Сайх чӀагӀо йо Ас, Хьалдолчу Эло, — ур-атталла шайн кӀентий а, йоӀарий а цаьрга кӀелхьарбахалур бацара. Цу кхааннан шайн дахар кӀелхьардаккха ницкъ кхочур бара, ткъа и латта дассаделла дӀахӀуттур дара.
17
Нагахь санна Ас, цу лаьтта тӀе тур а хьажийна, цуьнга аьлча: „Тур, чекхдала цу лаьтта тӀехула!“, цуьнга дерриг а халкъ а, даьхни а хӀаллак а дойтуш,
18
ткъа нагахь санна и кхоъ цигахь хилча, тӀаккха а — дийна волчу Сайх чӀагӀо йо Аса, Хьалдолчу Эло, — цаьрга шайн кӀентий а, йоӀарий а кӀелхьарбахалур бацара. Шайн дахар бен оцу кхаанга кӀелхьардаккхалур дацара». Иштта боху Везачу Эло.
19
«Я Аса цу лаьтта тӀе Ӏожаллин ун хьажор дара, царна тӀе ерриг а Сайн оьгӀазалла а йохуьйтуш, цигара долу халкъ а, даьхни а хӀаллак а деш.
20
Царна юкъахь Нохьа а, Даниал а, Аюб а хилча а, — дийна волчу Сайх чӀагӀо йо Аса, Хьалдолчу Эло, — цара шайн дахар доцург, шайн берийн дахар а кӀелхьардоккхур дацара. Сан лаамехь шаьш хилар бахьана долуш цара шайн дахар бен кӀелхьардоккхур дацара».
21
Хьалдолчу Эло иштта боху: «Ойла е, мел бохам бер бу Ярушалаймана, Ас диъ таӀзар — тур а, мацалла а, акхарой а, Ӏожаллин ун а — цунна тӀе хьажадича, цуьнан бахархой а, церан даьхни а хӀаллакдархьама!
22
Цхьаболу зударий а, божарий а дийна а буьсур бу, цу гӀали чуьра уьш арабохур а бу. Уьш шу долчу арабевлча, шуна гур ду церан ирча лелар а, вон гӀуллакхаш а. ТӀаккха шуна синхьаам хир бу Аса Ярушалаймана мел бинчу бохамех.
23
Церан дахаран некъ а, цара дина долу вонаш а шуна гар бахьана долуш, шуьга атта садоьӀуьйту. Цу тайпана, шуна хуур ду, Ас цу нахана дина таӀзар эрна цахилар». Иштта элира Хьалдолчу Эло.
← Chapter 13
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 15 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36
37
38
39
40
41
42
43
44
45
46
47
48