bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Ezekiel 5
Ezekiel 5
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 4
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 6 →
1
«Ткъа ахьа, адаман кӀант, ира шаьлта схьа а эций, цуьнца, маж йошучун уьрсаца санна, хьайн маж а, коьртара месаш а дӀаяша. Терза схьа а эций, и месаш кхаа декъе екъа.
2
Цу месех кхозлагӀа долу дакъа, гӀалина го бина долу денош чекхдевлча, айхьа динчу гӀалин суьртана юккъе охьа а диллий, дагаде. Важа дакъа гӀалина гонах шаьлтанца хедадай, охьадилла. Месийн тӀаьххьара дакъа мохехь дӀасадаржаде, ткъа Со хьалаайинчу туьраца цунна тӀаьхьавер ву.
3
Ткъа ахьа, ваха а гӀой, цу месех долу жима дакъа схьа а эций, хьайн бедаран дуьхах дӀадехка.
4
Хьайн бедарх дӀайихкинчу месех жимма месаш схьа а эций, уьш цӀерга кхийса, цигахь ягийтархьама. Оцу декъара яьлла цӀе дӀасаяржор ю Исраилан массо а халкъана тӀекхаччалц».
5
Цул тӀаьхьа Хьалдолчу Эло элира: «ХӀара ю Ярушалайм-гӀала. Мехкаш гонах а долуш, иза кхечу къаьмнашна юккъе дӀахӀоттийра Аса.
6
Ур-атталла кхечу къаьмнел а, гонах мел долчу халкъел а Ярушалайман бахархой Сан тӀедехкинаршна, Сан парзашна а дуьхьалбевллера. Сан тӀедехкинарш цара дӀатеттира, ткъа Сан парзаш лар ца дора цара».
7
Цундела Хьалдолчу Эло иштта боху: «Кхечу къаьмнел а чӀогӀа аьрха хиларна а, Сан парзаш лар ца дарна а, Сан тӀедехкинарш кхочуш ца дарна а, ур-атталла шуна гонах долчу халкъаша тӀелаьцна бакъонаш лар ца ярна а,
8
Хьалдолу Эла волчу Аса боху: „ХӀинца Со шуна дуьхьалваьлла. Кхечу къаьмнашна хьалха Ас шуна тӀехь кхел йийр ю.
9
Аса шуна тӀехь Айса цхьанна а тӀехь ца динарг а, я цхьанна а тӀехь кхин цкъа а дийр доцург а дийр ду, аша мел дина дегаза гӀуллакхаш бахьана долуш.
10
Иштта, мацалла хӀоьттинчу хенахь дайша шайн бераш дуур ду, ткъа бераша шайн дай буур бу. Ас йийр ю шуна тӀехь кхел, ткъа бисинарш массо а маьӀӀехула дӀасалохкур бу“.
11
Иштта дийна волчу Сайх чӀагӀо йо Хьалдолу Эла волчу Аса, шайн боьхачу цӀушца а, шаьш мел лелийначу дегазчу гӀуллакхашца а аша Сан еза Меттиг сийсазъяккхарна, Аса Сайх дӀахадор ду шу. Со шуьга къинхетам боцуш хьожур ву, шу кхоа а ца деш.
12
Хьан бахархойх цхьа дакъа, Ярушалайм-гӀала, Ӏожаллин ун а, мацалла а бахьана долуш лийр ду хьуна чохь, шолгӀа долу дакъа мостагӀийн туьро хӀаллакдийр ду хьуна гонах, ткъа кхоалгӀа долу дакъа Аса массо а маьӀӀе дӀасадаржор ду, церан лорах карахь тарраш долу мостагӀий а бохуьйтур бу.
13
ТӀаккха, Сан оьгӀазалла чекхъяьлча а, Сан дералла царна тӀехь йисча а, Со Ӏебар ву. Царна тӀехь йолу Сан моха чекхъяьлча, царна хуур ду Со — Сайн эмгараллехь вийцина волу Веза Эла хилар.
14
Ярушалайм, Ас хьох къапалг йийр ю. Гонах долчу кхечу къаьмнашна хьалха хьо юьхьӀаьржачу хӀуттур ю, ткъа хӀора хьуна тӀехволург хьох кхаьрдар ву.
15
Сайн оьгӀазаллехь а, дераллехь а хьуна тӀехь, кхел а йина, таӀзар дича, хьох эхье хӀума хир ю, хьох кхаьрдар а бу, гонах мел долчу халкъашна хьо дӀахьединарг я масална ялош ерг санна хир ю. Иштта боху Веза Эла волчу Аса.
16
Ас шуна тӀе мацаллин къиза пхерчий лохкур ду, шу хӀаллакдархьама. Аса шуна тӀехь йолу мацалла совйоккхур ю, ткъа шун кхачанан бух Ас хӀаллакбийр бу.
17
Шуна тӀе мацалла а, къиза акхарой а хьажор ю Аса. Цара шун бераш хӀаллакдийр ду. ГӀалахь Ӏожаллин ун а, баларш а хир ду, иштта Аса шуна тӀе тӀом хьажор бу. Иштта боху Веза Эла волчу Аса».
← Chapter 4
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 6 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36
37
38
39
40
41
42
43
44
45
46
47
48