bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Ezekiel 4
Ezekiel 4
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 3
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 5 →
1
«Адаман кӀант, кибарчиг схьа а эций, иза хьайна хьалха дӀахӀоттае, ткъа цунна тӀехь Ярушалайм-гӀалин сурт дилла.
2
ТӀаккха гӀалина го лаца: иза схьаяккхархьама тӀеман гӀирс а дӀахӀоттабе, лаьттан гунаш а де, меттаметтанаш а де, царна гонах кевнаш дохош долу бӀогӀамаш а хӀиттаде.
3
Цул тӀаьхьа бепиг дотту аьчка у схьа а эций, хьайний, цу гӀалиний юккъе дӀахӀоттаде. Цу гӀалина тӀе а верзий, цунна го а бай, иза схьаяккха хьажа. Иза Исраилан халкъана билгало хир ю.
4
Юха ахьа, аьрру агӀор охьа а вижий, Исраилан халкъан къинош хьайна тӀеэца. Хьо цу аьрру агӀонна тӀехь мел Ӏуьллу, оццул ханна и къинош хьуна тӀехь хир ду.
5
Аса хьуна тӀехь и къинош хила деза денош, цхьа де цхьана шарца а нисдеш, терахь хӀоттийна. Кхо бӀе дезткъе итт дийнахь хир ду хьуна тӀехь Исраилан халкъан къинош.
6
Иза хьо дина ваьллачул тӀаьхьа, аьтту агӀор а верзий, шовзткъа дийнахь Ӏилла. Цу деношкахь ахьа ЯхӀудан халкъан къинош хьайна тӀеоьцу, цхьа де цхьана шарца а нисдеш: оццул хан ю Ас хьуна билгалъяьккхинарг.
7
Хьайн бӀаьргаш го лаьцначу Ярушалаймана тӀе а хьажабай, берзинчу пхьаьрсаца цунна дуьхьал Делера болу хаамаш бе.
8
Ткъа хӀинца хьажал, Ас хьо машшашца дӀавоьхкур ву, хьо цхьана агӀора вукху агӀор верза йиш йолуш вац, ахьа гӀалина го бина долу денош чекхдовллалц.
9
Хьайна кӀа а, мукх а, кхоьш а, хьозийн кхоьш а, Ӏов а схьа а эций, уьш цхьана пхьегӀи чу а йохкий, царах дама даккха. Цу демах хьайна баьпкаш де, хӀора хьайн цигахь аьрру агӀор Ӏилла везачу дийнан цӀарах цхьацца бепиг а деш. Ахьа уьш кхаа бӀе дезткъе итт дийнахь даа деза.
10
Ахьа хӀора дийнахь юуш йолчу хӀуманан барам ткъа шекхал хила еза. Иза дийнан дохаллехь шен-шен барамехь яа еза.
11
Дийнахь сарралц кхо кад хи мала йиш ю хьан, билгалъяьхначу хенашкахь а молуш.
12
Адамах дӀакъаьстинчу якъаеллачу боьхаллашна тӀехь датта а доттуш, хьайн кхача, мекхан демах бина хьокхам санна, баа беза ахьа, адамашна дӀа а гойтуш».
13
Цул тӀаьхьа Везачу Эло элира: «Оцу хӀумано гойтур ду, Исраилан халкъо хьарам кхача муха боу, Ас, шаьш цӀера ара а даьхна, кхин къаьмнаш долчу дӀалаьхкича».
14
ТӀаккха аса элира: «Ва Хьалдолу Дела! Ас цкъа а ца йиъна Хьуна боьха хеташ йолу хӀума, ас иштта цкъа а ца диъна урс хьакхаза долчу я акхароша дийначу бежанан жижиг. Сан багахула, со жима волчу хенахь дуьйна хӀокху хене кхаччалц, хьарам кхача чекх ца баьлла».
15
ТӀаккха Везачу Эло соьга элира: «Дика ду, Ас пурба лур ду хьуна адамийн боьхаллийн метта бежанийн кхо даго, хьайна кхача бечу хенахь».
16
Цул тӀаьхьа Цо элира: «Адаман кӀант! Ас Ярушалаймехь болу кхача берриг а чекхбаьккхина хуьлуьйтур бу. Шаьш буьстина бууш болу кхача наха кхерамца буур бу. Ткъа шаьш дуьстина молуш долу хи цара шайн доьхначу дагца мер ду,
17
хӀунда аьлча цигахь адамашна даъал бепиг а, маллал хи а хир дац. Уьш инзарбевлла вовшашка хьоьжур а бу, уьш телхар а бу. Иза хир ду церан къинош бахьана долуш».
← Chapter 3
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 5 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36
37
38
39
40
41
42
43
44
45
46
47
48