bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Ezekiel 33
Ezekiel 33
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 32
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 34 →
1
Соьга Везачу Элан дош кхечира:
2
«Адаман кӀант! Хьайн къомах болчаьрга дӀаала: „Нагахь санна Аса цхьана махкана тӀе тӀом хьажабахь, наха шайна юкъара цхьа гӀаролхо харжа мега.
3
Цу гӀаролхочо, шена мостагӀий гича, коьман маӀа а лекхна, шен нахе орца доккхур ду.
4
Коьман маӀан аз хезначул тӀаьхьа а, цхьаммо а иза тергал ца дахь, цул тӀаьхьа и стаг туьро хӀаллак а вахь, цуьнан цӀий цунна шена тӀехь хир ду.
5
Коьман маӀан аз хезча, оцу стага цуьнан тидам ца барна, цуьнан цӀий цунна шена тӀехь хир ду. Шен хеннахь цо тидам бинехьара, шен дахар кӀелхьардоккхур дара цо.
6
Нагахь санна цу гӀаролхочо, тӀебогӀу мостагӀий шена гича, адамашка дӀахьедархьама коьман маӀа а ца лакхахь, тӀебаьхкинчу мостагӀаша царах цхьаъ хӀаллак а вахь, иза шен къинош бахьана долуш вийна хир ву, амма Аса оцу гӀаролхочуьнга жоп доьхур ду, и валар бахьана долуш“.
7
Ткъа хьох, адаман кӀант, Исраилан халкъан гӀаролхо вина Аса. Соьгара болу хаам хьуна мосазза хеза, Сан цӀарах цаьрга дӀахьедан деза ахьа.
8
Ас зуламечу стаге: „ХӀей, зуламхо! Хьо билггал лийр ву!“ алахь, ахьа цуьнга, харц некъа тӀера дӀавала аьлла, дӀа ца хьедахь, и стаг шен къинош бахьана долуш лийр ву, ткъа цуьнан цӀийх Аса хьоьга жоп доьхур ду.
9
Амма ахьа зуламечу стаге, шен некъа тӀера дӀавала аьлла, дӀахьедар динчул тӀаьхьа, иза кхин дӀа а иштта лелахь, иза шен къинош бахьана долуш лийр ву, ткъа ахьа хьайн дахар кӀелхьардоккхур ду».
10
«Ткъа ахьа, адаман кӀант, дӀаала исраилхошка: „Аша иштта боху: ‘Тхан вон лелар а, тхан къинош а тхуна тӀехь ду. Тхо телхаш ду уьш бахьана долуш. Тхо муха даха деза те?’“
11
Ахьа цаьрга ала деза: „Дийна волчу Сайх чӀагӀо йо Аса, — боху Хьалдолчу Эло, — зуламечу нахана Ӏожалла тӀеярах Суна там ца хуьлу. Мелхо а, Суна лаьара уьш, шайн зуламечу некъашкара дӀа а бевлла, бехийла. Юхадерза! Юхадерзахьа хьайн вочу некъа тӀера! ХӀунда хуьлу хьо хӀаллак, Исраилан халкъ?“
12
Ахьа, адаман кӀант, дӀаала хьайн къомах болчаьрга: „Бакъахьа леларг Далла дуьхьалволучу дийнахь ша динчу бакъахьарчу гӀуллакхаша иза кӀелхьарвоккхур вац, ткъа зуламхо ша лелийначу зуламечу гӀуллакхех дӀавирзинчу дийнахь цо лелийначо иза галволуьйтур вац. Нагахь санна бакъахьара лелачо къинош летадахь, цунна, хьалха ша дина бакъахьара гӀуллакхаш бахьана долуш, кхидӀа ваха пурба лур дац“.
13
Нагахь Аса бакъахьа лелачу стаге иза вехар ву алахь, амма цо, ша хьалха дина дикачу гӀуллакхашка а хьоьжуш, зулам дахь, Суна дагадогӀур дац цо хьалха мел дина дика гӀуллакхаш. Иза лийр ву, ша тӀаьхьа дина долу зулам бахьана долуш.
14
Аса зуламечу стаге дӀахьедан тарло: „Хьо лийр ву“, — аьлла. ТӀаккха иза, шен къиношна тӀера дӀа а вирзина, бакъдерг а, нийсо а лело волавала тарло.
15
Цо ша юхалург ахча лучу хенахь закъалтана эцнарг а дӀалахь, ша хьалха лачкъийнарг а юхалахь, дахар луш долчу парзашца а лелахь, зулам а ца деш, и стаг вехар ву, лийр а вац.
16
Цо хьалха лелийна долу вонаш Ас дагадоуьйтур дац. Цо бакъдерг а, нийсо а лелийна, цундела иза билггал вехар ву.
17
Ткъа хьан къомах болчара боху: „Везачу Элан лелар нийса дац“, церан шайн лелар нийса доццушехь.
18
Нагахь санна бакъахьа леларг, шен нийсачу некъа тӀера а ваьлла, зулам дан волалахь, и хӀума бахьана долуш иза лийр ву.
19
Ткъа зуламениг, ша динчу вонаш тӀера дӀа а вирзина, бакъдерг а, нийсо а лелош волалахь, и бахьана долуш иза вехар ву.
20
Ткъа аша боху: „Везачу Элан лелар нийса дац“. Исраилан халкъ, хьох хӀоранна а, цо лелийначуьнга хьаьжжина, кхел йийр ю Ас».
21
Тхо Бавеле дӀадигначул тӀаьхьа уьтталгӀачу шеран уьтталгӀачу беттан пхоьалгӀачу дийнахь со волчу Ярушалаймера кӀелхьарваьлла волу цхьа стаг кхечира. Цо элира: «ГӀала йоьжна!»
22
Амма и стаг со волчу кхачале, суьйранна, суна тӀе Везачу Элан куьг хӀоьттира. Ӏуьйранна, и стаг со волчу схьакхачале, Цо сан бага дӀайиллира. Иштта, сан бага дӀайиллича, со вистхила йиш йолуш хилира.
23
Соьга Везачу Элан дош кхечира:
24
«Адаман кӀант! Исраил-мехкан дакъазадаьккхинчу лаьтта тӀехь Ӏаш болчара боху: „ИбрахӀим ша цхьаъ вара Дала цунна хӀара латта дӀалучу хенахь. Ткъа хӀинца тхо дуккха а ду, цундела хӀара латта тхуна, тхайн долахь долуш санна, схьаделла ду“.
25
Цундела дӀаала цаьрга: „Иштта боху Хьалдолчу Эло: ‘Аша жижиг цӀийца цхьаьна доу, шу шайн цӀушка сатийсамца хьоьжу, аша адамаш хӀаллакдо. ХӀара латта шун долахь муха хир ду?
26
Шу шайн туьрах тешна ду, аша дегаза вонаш до, вовшийн зударшца эвхьазадуьйлу. ХӀара латта шун долахь муха хир ду?’“
27
Ахьа дӀаала цаьрга: „Иштта боху Везачу Эло: ‘Дийна волчу Сайх чӀагӀо йо Аса, цу йохийначу гӀалин саьлнаш юкъахь Ӏаш болу нах туьро хӀаллакбина хир ма бу. Аренгахь нисбелларш Ас акхарошна дӀалур бу, цаьрга байъийта, ткъа чӀагӀонаш чохь а, хьехаш чохь а дӀалевчкъинарш Ӏожаллин уьно хӀаллакбийр бу.
28
Ас латта дассор ду, цу махко дозалла деш мел хилла долу хӀума хӀаллакьхир ду. Исраил-махкара лаьмнаш а дассалур ду, кхузахула тӀехволуш гуш стаг а хир вац.
29
Цу наха дина дегаза хӀуманаш бахьана долуш, Ас хӀара латта дассийна дӀахӀоттийча, тӀаккха хуур ду царна Со Веза Эла вуйла’“.
30
Ткъа хӀинца, адаман кӀант, хьох лаьцна эр ду Ас. Хьан къомах долу адамаш, гӀалин пенашна уллохь а, цӀийнан неӀаршна уллохь а гул а делла, хьох лаьцна къамелаш деш ду. Цара вовшашка боху: „Дуьйло, хьовса, Везачу Элера хӀун дош деана“.
31
Уьш хьо волчу схьабогӀу, халкъан гуламе богӀуш санна. Сан халкъ хьуна хьалха охьахоу, цо хьоьга ла а дугӀу, амма цо ахьа бохург кхочуш ца до. Цара хьуна тамехь долу къамелаш до, амма церан дегнаша адам ледарца шайна с лоху.
32
Церан бӀаьргашкахь хьо лаамийн эшарш локхуш волу а, хаза аз долу а илланча ву, цу тӀе говза дечиг-пондар локхург а ву. Цара хьан дешнашка ладугӀу, амма уьш кхочуш ца до.
33
Амма ахьа бохуш дерг кхочушхилча, — ткъа иза-м билггал кхочушхир ду — тӀаккха цу нахана хуур ду, шайна юкъахь лелларг пайхамар хиллийла».
← Chapter 32
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 34 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36
37
38
39
40
41
42
43
44
45
46
47
48