bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Ezekiel 45
Ezekiel 45
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 44
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 46 →
1
«Шаьш, кхаж а тесна, латта доькъучу хенахь, лаьттан еза кӀошт Везачу Элана совгӀатна дӀакъастае. Иза йохалла ткъе пхиъ эзар дол, ткъа шоралла ткъа эзар дол хила еза. Цуьнан гонахарчу дозанна чоьхьара дерриге а латта деза хир ду.
2
Оцу лаьттах пхи бӀе дол дохаллехь а, иштта пхи бӀе дол шораллехь а долу еакӀов латта шена тӀехь Делан цӀа долуш йолчу езачу меттигна лерина хила деза, ткъа цунна гонах шовзткъе итт дол шена тӀехь хӀумма а йоцуш йолу аре а хила еза.
3
Ткъа лаьттан езачу кӀошта тӀера ткъе пхиъ эзар дол йохаллехьа а, итт эзар дол шораллехьа а латта схьакъастаде. ТӀехь Делан цӀа долу уггар езачу меттигна лерина хир ду иза.
4
И даздина латта хир ду, Делан цӀа чохь гӀуллакх деш болчу а, Далла гӀуллакх дан Цунна тӀе богӀуш болчу а динан дайн. Цу лаьтта тӀехь цара шайна цӀенош дийр ду, иштта Делан цӀенна лерина йолу еза меттиг а хир ю цигахь.
5
Ткъе пхи эзар дол йохаллехь а, итт эзар дол шораллехь а долу лаьттан дакъа Делан цӀийнан керташкахь болх беш болчу левихойн долахь хир ду. Церан цигахь шаьш Ӏаш йолу гӀаланаш хир ю.
6
ГӀалин дола даккха пхи эзар дол шуьйра а, ткъе пхи эзар дол деха а долу лаьттан дакъа. Иза лаьттан езачу кӀоштана дуьххьал хила деза. И латта дерриг а Исраилан халкъан долахь хила деза.
7
Элана дӀало лаьттан езачу кӀоштана а, иштта гӀалин дола яьккхинчу меттигна а шинна а агӀор долу латта. И латта гӀалин малхбузерчу дозанна тӀера малхбузехьа а, гӀалин малхбалерчу дозанна тӀера малхбалехьа а дӀасадаьржар ду. Элан лаьттан дохалла малхбузерчу дозанна тӀера малхбалерчу дозанна тӀекхаччалц Исраилан тайпанийн дакъойн дохалле хьаьжжина хир ду.
8
И латта Исраил-махкахь элан долахь дерг хир ду». «Сан халкъана кхин гӀело йийр яц Сан элаша, амма цара Исраилан халкъана пурба лур ду, шен тайпанашка хьаьжжина, латта шайн дола даккха».
9
Иштта боху Хьалдолчу Эло: «Тоьар ду шуна, Исраилан халкъан элий! Нахана ницкъ бар а, царна гӀело яр а сацаде. Цуьнан метта бакъдерг а, нийсо а лелае. Сан халкъ шен лаьтта тӀера арадаккха ма гӀерта». Иштта боху Хьалдолчу Эло.
10
«Нийса хуьлийла шун терза а, шун мазал а, шун черма а.
11
Екъа хӀума узуш лелош болу мазал а, коча хӀума узуш лелош долу черма а цхьана барамехь хила деза. Цхьа мазал хьумаран уьтталгӀа дакъа хила деза, ткъа цхьа черма а хьумаран уьтталгӀа дакъа. Церан барам хьумарца буста беза.
12
ХӀора шекхал чохь ткъа гер хуьлу, ткъа цхьана мин чохь ткъа, ткъе пхиъ, пхийтта шекхал хуьлу.
13
ХӀара ял ю аша шайн элана яла езаш: хӀора кӀен я мекхан хьумар тӀера мазалан йолхалгӀа дакъа.
14
Зайтдаьттанна тӀера дӀаяла езаш йолу ял, черманца узуш йолу: хӀора зайтдаьттан хьумар тӀера черманан уьтталгӀа дакъа (итт черма цхьа хьумар ду).
15
Исраил-мехкан дикачу дежийлашна тӀехь долчу даьхнина тӀера дӀаяла езаш йолу ял иштта ю: хӀора ши бӀе уьстагӀна юкъара цхьацца уьстагӀ. И массо а ял кӀен сагӀанашна а, дийнаташ дагоран сагӀанашна а, бертан сагӀанашна а лерина ю, адамашна тӀера къинош дӀадахархьама». Иштта боху Везачу Эло.
16
«Махкахь Ӏаш волу хӀора стаг декхарийлахь ву Исраил-мехкан элана луш йолчу оцу йолана дакъалаца.
17
Ткъа эла декхарийлахь ву дезачу деношкахь а, бутт цӀинлучу хенахь а, шоьтан деношкахь а — Исраилан халкъан динан массо а дезачу деношкахь — дохуш долчу дийнаташ дагоран а, кӀен а, чагӀаран а сагӀанашна хӀуманаш а, даьхни а дӀадала. Цо даьхни а, хӀуманаш а лур ю къинойх долчу а, кӀен а, дийнаташ дагоран а, бертан а сагӀанашна, Исраилан халкъана тӀера къинош дӀадахийтархьама».
18
Иштта боху Хьалдолчу Эло: «Шеран хьалхарчу беттан хьалхарчу дийнахь бежана юкъара тӀехь сакхт доцу старгӀа схьаэца, Делан цӀийнан керт цӀанъярхьама.
19
Динан дас оцу къиношна тӀерачу сагӀанах схьадаьлла цӀий схьа а эцна, иза Делан цӀийнан неӀсагӀанашна а, иштта сагӀа доккхучу кхерчан лакхарчу хӀазаран еа маьӀигна а, чоьхьарчу кертан кевнан неӀсагӀина а тӀетоха деза.
20
Изза де беттан ворхӀалгӀачу дийнахь хӀора ларамаза я кхетам ца хиларца къа латийначу стеган дуьхьа. Иштта цӀандан деза аша Делан цӀа.
21
Хьалхарчу беттан дейтталгӀачу дийнахь аша „Пасахь“ олу дезде даздан деза. И дезде ворхӀ дийнахь даздеш ду, совсазчу бедах дина бепиг а дууш.
22
Хьалхарчу дийнахь эло сту бахьар бу, шен цӀарах а, иштта дерриг а Исраилан халкъан цӀарах а къинан сагӀина лерина.
23
Цу ворхӀ дийнахь Везачу Элана доккхуш долчу дийнаташ дагоран сагӀина цо хӀора дийнахь тӀехь цхьа а сакхт доцу ворхӀ-ворхӀ старгӀа а, ворхӀ-ворхӀ уьстагӀ а дӀабала беза, иштта къинойх доккхуш долчу сагӀина хӀора дийнахь гезаршна юкъара цхьацца бож а дӀаяла еза.
24
Эло хӀора стараца а, иштта хӀора уьстагӀца а кӀен сагӀина цхьацца мазал кӀа дан деза. Цо иштта хӀора ша деанчу кӀен мазалца цхьацца хӀин зайтдаьтта а дан деза.
25
ВорхӀалгӀачу беттан пхуьйтталгӀачу дийнахь, дезде даздечу хенахь, тӀекӀел ворхӀ дийнахь цо изза хӀуманаш дӀаяла еза къинойх сагӀанашна а, дийнаташ дагоран сагӀанашна а, кӀен сагӀанашна а лерина. Цо иштта оццу барамехь зайтдаьтта а схьадан деза».
← Chapter 44
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 46 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36
37
38
39
40
41
42
43
44
45
46
47
48