bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Ezekiel 27
Ezekiel 27
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 26
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 28 →
1
Соьга юха а Везачу Элан дош кхечира:
2
«Ахьа а, адаман кӀант, дӀадоладе Цора-гӀаланах лаций гӀайгӀане тийжар.
3
ДӀаала хӀорда йистехь схьаеанчу меттехь яха хиъначу цуьнга, хӀордан йистехь дехаш долчу дуккха а къаьмнашца йохкаэцар лелош йолчу цуьнга: „Иштта боху Хьалдолчу Эло: ‘Цора-гӀала! Ахьа хьо кхоччуш хаза ю боху.
4
Хьан дозанаш хӀордан юккъе кхечира, хьо йинчара кхоччуш хаза хинкема санна йина.
5
Санирехь кхуьучу зоьзан диттах йина ю хьан ерриг а лакхенаш, ткъа хьан мачтанаш Ливанун-ломахь тӀекхуьуш долчу баганан диттах йина ю.
6
Хьан пийсакаш Башанера деанчу ножан диттах дина дара. Хьан цӀенкъа Хитамарчу зоьзан дечиган аннех йина яра, пийлан кӀомсарех кечйина йистош а йолуш.
7
Хьан гатанаш Мисар-махкара деанчу тӀамарш йолчу кӀадих дина дара, уьш байракхаш санна дӀатоьхна а дара. Элша-гӀайренна тӀера деана стигалан басахь а, таьӀна-цӀен а долу кӀадеш хьан шаршу хилла дӀахӀиттинера.
8
ЦӀаданера а, Арвадигара а бахархой бара хьан пийсакаш лелорхой. Ткъа хьан говза нах, ва Цора-гӀала, кемалелорхой бара.
9
Кеманна даьлла Ӏуьргаш дӀадукъуш Гебалара говзанчаш а бара хьан. ХӀордан дерриг а кеманаш а, церан кемалелорхой а хьуна чохь хуьлура, хьоьца йохкаэцар а лелош.
10
Парси-махкара а, Луда-махкара а, ПӀатӀа-махкара а тӀемалой бара хьан эскарна юкъахь, цара хьан цӀенойн пенашна тӀе шайн турсаш а, гӀемаш а хьалаоьхкира, цара хьан сий а хьалаайира.
11
Арвадин а, Хьелакан а тӀемалой бара гобаьккхина хьан пенаш тӀехь лаьтташ, иштта Гамадара нах а бара хьан бӀаьвнашна тӀехь. Цара шайн турсаш хьалаоьхкира хьан пенашна тӀехь, и хӀума дарца хьан хазалла кхочуш а еш.
12
Хьан хьал доккха хиларна, Таршаш-гӀалано хьоьгара хӀуманаш оьцура, царна дуьхьал дети а, эчиг а, даш а, гӀели а луш.
13
Яван а, Тубал а, Машах а мехкаша хьоьца мах бора, леш а, цӀестах йина пхьегӀаш а хьоьгара оьцучу хӀуманна дуьхьал а луш.
14
Байт-ТогӀармера болчара ахьа юхкуш йолчу хӀуманашна дуьхьал говраш а, дой а, бӀарзанаш а лора.
15
Дадданан наха хьоьца йохкаэцар лелайора. ХӀордан йистехь дехачу дуккха долчу къаьмнаша хьоьца хийцар леладора, хьан хӀуманашна дуьхьал пийлан кӀомсарш а, Ӏаьржа дечиг а луш.
16
Хьан дукха дохка хӀума хилар бахьана долуш, иштта хьоьца йохкаэцар лелайора арамхоша а, хьан хӀуманашна дуьхьал карбункул олу мехала тӀулгаш а, цӀен кӀадеш а, тӀехь тӀамарш йолу дуткъа кӀадеш а, маржан-жовхӀарш а, иштта рубинаш а луш.
17
ЯхӀуд-мохк а, Исраил-мохк а хьоьца мах лелош бара, хьан сурсаташна дуьхьал Минитара кӀа а, сегӀаз а, моз а, даьтта а, хьакхарш а лора цара.
18
Хьан дукха дохка хӀума хиларна а, хьан хьал доккха хиларна а, Дамасакхо хьоьгара оьцура Хьелбунера чагӀар а, Цахьарера тӀаргӀа а.
19
Узалара волу Ведан а, Яван а вара хьан хӀуманашна дуьхьал эчигах йина хӀуманаш а, касия а, хаза хьожа йогӀу эрз а луш.
20
Даддана хьоьца мах лелабора нуьйрашна тӀе туьйсучу юргӀанашца.
21
Ӏаьрбихоша а, Къедар-махкарчу массо а элаша а хьоьца хийцар дора, хьан хӀуманашна дуьхьал Ӏахарий а, кой а, гезарий а луш.
22
Шеба-гӀаларчу а, РуӀман-гӀаларчу а совдегарша хьоьца мах лелабора, ахьа дохка деанчу хьолана дуьхьал шайн уггар дика хьакхарш а, деза тӀулгаш а, деши а луш.
23
ХӀаранера а, Ханейра а, Ӏеданера а, Шебера а, Ашур-махкара а, иштта Килмадера а болчу совдегарша хьоьца мах лелабора.
24
Цара хьуна еза бедарш а, сийна тӀаргӀа а, тӀехь тӀамарш йолу кӀадеш а, бес-бесара кузаш а, чӀогӀа даьӀна эхангаш а дахьара.
25
Ахьа духкуш мел дерг Таршаш-гӀаларчу хӀордкеманашца схьакхоьхьуш дара. Хьо киранах дуьзна хинкема санна яра, хӀордана юкъахь нисъелла.
26
Пийсакаш лелорхоша хьо генна хӀорда юккъе дӀайигнера, ткъа малхбалехьара схьахьоькхуш болчу мохо хьо хи буха яхийтира.
27
Хьан хьал хи буха гӀур ду, ахьа мах лелош мел дерг хин долахь хир ду. Хьоьца мел хилларш — хинкема дӀадохуьйтуш берш а, цу тӀера хинкеманна даьлла Ӏуьргаш дӀадукъуш берш а, хьан совдегарш а, иштта хьан мел болу тӀемалой а — уьш берриш а хи буха гӀур бу. И хӀума хьо йохочу дийнахь хир ду.
28
Хьан кемалелорхоша хьоькху маьхьарий бахьана долуш, латтанаш тӀехь мел верг вегор ву.
29
Пийсакаш лелорхой шайн кеманашна тӀера дӀагӀур бу, хинкема дӀадохуьйтуш берш а, кемалелорхой а хийистехь дӀахӀуьттур бу.
30
Цара хьуна тӀаьхьа белхар дийр ду, шайн кортош тӀе ченаш а тийсина, чимашкахь а керчаш.
31
Цара, шайн кортош а даьшна, шайна тӀе сингаттаман духар а дуьйхина, дог доьхна, хьуна белхар дийр ду къаьхьачу бӀаьрхишца.
32
Боьлхуш, тийжаш, цара хьох лаьцна хӀара йиш дӀалокхур ю: ‹ХӀордана юккъехь узарш деш йолу Цора-гӀала саннарг кхин муьлха яра?
33
Хьан совдегарша, хӀорда тӀехула а лелаш, дуккха а къаьмнаш Ӏабадора. Хьайн доккхачу хьолах а, алсам долчу хӀуманах а дуьненан паччахьашна ахьа дуккха а хьал а лора.
34
ХӀинца хьо хӀордо хӀаллакйина, хӀорда буха а яхана, хьан адамаш а, дерриг а хьан хьал а хьоьца хи буха дахана›.
35
ХӀордан йистехь дехаш долу къаьмнаш инзардевлла хьох, церан паччахьаш а, юьхьсибат хийцалуш, Ӏадийна бегабо.
36
Кхечу къаьмнех болчу совдегарша гӀайгӀанца шакарш етта. Хьо къемате хӀаллакьхилла яьлла, ткъа кхин цкъа а юха хир а яц’“».
← Chapter 26
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 28 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36
37
38
39
40
41
42
43
44
45
46
47
48