bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Ezekiel 30
Ezekiel 30
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 29
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 31 →
1
Соьга Везачу Элан дош кхечира:
2
«Адаман кӀант! Соьгара болу хаам а беш, дӀаала: „Иштта боху Хьалдолчу Эло: ‘Тийжа а тийжаш, ала: ‹Маржа-яӀ оцу дийнан!›
3
Иза уллохь ду, Везачу Элан де. Кхоьлина хир ду и халкъашна гӀайгӀане долу де.
4
Мисар-махкана тур дуьхьал дер ду. Цуьнан адам хӀаллакдан доладелча а, цуьнан бахам схьабаьккхича а, Мисар-мохк шен бух тӀе кхаччалц шайна йохийна гича а, Хушан халкъ, кхераделла, Ӏадийна хир ду.
5
Хуша а, ПӀатӀа а, Луда а мехкийн халкъаш а, Хуба-мохк а, дерриг а эделла долу халкъ а, иштта Дала ваӀданца беллачу махкара бахархой а туьро хӀаллакбийр бу’.
6
Иштта боху Везачу Эло: ‘Мисар-мехкан гӀортораш хӀаллакьхир ю, южур ю цуьнан сийлалла а, дӀадер ду цуьнан ницкъ болуш хилар а, цуьнан дозалла а, Мигдолана тӀера Савейна тӀе кхаччалц массо а туьро вожор ву’. Иштта боху Хьалдолчу Эло.
7
‘Бассийначу мехкашна юкъахь а иза уггар а бассийнарг хир бу, яссийначу гӀаланашна юкъахь а уггар а яссийнарш хир ю цуьнан гӀаланаш.
8
Со Веза Эла вуйла хуур ду царна, Ас Мисар-махкана тӀе цӀе а хьажийна, цуьнан гӀортораш хӀаллакьхиллачул тӀаьхьа.
9
Цу дийнахь хинкеманашца Соьгара геланчаш гӀур бу, шена кхерам бац бохуш, Ӏаш долу Хуша-къам кхеро. Мисар-махкана таӀзар дечу оцу дийнахь уьш кхерарна Ӏадийна хир бу. И де билггал тӀекхочуш ду!’
10
Хьалдолчу Эло иштта боху: ‘Ас Бавелан паччахье Набухди-Нецаре Мисар-мехкан тобанаш хӀаллакйойтур ю.
11
Иза ша а, кхечу къаьмнашна юкъара уггар а къиза долу цуьнан эскар а Ас Мисар-махкана тӀе хьажор ду, и латта хӀаллакдайтархьама. Цара шайн тарраш хьала а даьхна, дерриг а латта декъех хьаладузур ду.
12
Ас Нил-хин гаьннаш а дакъор ду, ткъа латта къизачу нахана дӀа а духкур ду, кхечу махкарчу нехан карахула Ас дассор ду и латта. Иза Ас боху, Везачу Эло’.
13
Иштта боху Хьалдолчу Эло: ‘Ас цӀуш а бохор бу, Нуп-гӀалара харцделанаш а хӀаллакбийр бу. Мисар-махкахь кхин хир вац куьйгалхо. Ас кхерам тосур бу Мисар-махкахь бехаш болчеран даг чу.
14
Ас ПатӀрус-кӀошт яссор ю, ЦоӀан-гӀалина тӀе цӀе хьажор ю, ткъа Ну-гӀалина кхел йийр ю.
15
Ас Сайн оьгӀазалла Мисар-мехкан Син цӀе йолчу чӀагӀонна тӀе йоссор ю, Ну-гӀалахь дерриг адам а хӀаллакдийр ду.
16
Ас Мисар-махкана тӀе цӀе хьажор ю, ткъа Син лазаршка хьийзайойтур ю, Ну-гӀала а хӀаллакьхир ю, дийнан юккъехь Нуп-гӀалина тӀелетар бу мостагӀий.
17
Ана-гӀалара а, ПӀи-Басатара а кегий нах туьро хӀаллакбийр бу, ткъа тӀаьхьабиснарш йийсаре дӀабуьгур бу.
18
Тахьпанхьас-гӀалахь де кхулур ду, Ас цигахь Мисар-мехкан дукъ кагдинчул тӀаьхьа, цигахь дӀабер бу цуьнан кура ницкъ а. Мархаш йогӀур ю Мисар-махкана тӀе, ткъа цуьнан гӀаланийн бахархой йийсаре гӀур бу.
19
Иштта кхел йийр ю Ас Мисар-махкана, тӀаккха хуур ду царна, Со Веза Эла вуйла’“».
20
Халкъ Бавеле дӀадигначул тӀаьхьа цхьайтталгӀачу шеран хьалхарчу беттан ворхӀалгӀачу дийнахь соьга Везачу Элан дош кхечира:
21
«Адаман кӀант! Ас Мисар-мехкан паччахь волчу пирӀунан куьг кагдина. Иза цхьаммо а, лоьралла а деш, дӀа а ца дихкина, цуьнгахь тур хьалаайа ницкъ хилийтархьама».
22
Цундела иштта боху Хьалдолчу Эло: «Со дуьхьал ву Мисар-мехкан паччахь волчу пирӀунна. Ас ший а куьг кагдийр ду цуьнан, кагдинарг а, кагдаза дерг а, Ас дожор ду цуьнан карара тур.
23
Аса мисархой кхечу къаьмнашкахула дӀасабаржор а бу, уьш кхечу мехкашкахула дӀасакхуьссур а бу.
24
Ткъа Бавелан паччахьан куьйгаш Ас чӀагӀдийр ду, цуьнан кара Сайн тур а лур ду, ткъа пирӀунан куьйгаш Ас кегдийр ду. Иза цунна хьалха, валлал чӀогӀа лазийнарг санна, узарш деш хир ву.
25
Ас Бавелан паччахьан куьйгаш чӀагӀдийр ду, ткъа пирӀунан куьйгаш гӀорасиза охьагӀур ду. Ас Сайн тур Бавелан паччахьан кара дӀаделча, ткъа цо иза Мисар-махкана тӀе хьалаайича, царна хуур ду, Со Веза Эла вуйла.
26
Аса мисархой кхечу къаьмнашкахула дӀасабаржор а бу, уьш кхечу мехкашкахула дӀасакхуьссур а бу. ТӀаккха хуур ду царна Со Веза Эла вуйла».
← Chapter 29
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 31 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36
37
38
39
40
41
42
43
44
45
46
47
48