bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Ezekiel 28
Ezekiel 28
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 27
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 29 →
1
Соьга Везачу Элан дош кхечира:
2
«Адаман кӀант! Цора-гӀалин баьччане дӀаала, Хьалдолчу Эло иштта боху алий: „Хьо чӀогӀа кура ю. Ахьа боху: ‘Со — Дела ву, хӀорда юккъехь Ӏарша тӀехь Ӏаш ву со’. Амма хьо адам ду, Дела вац, хьан Делан хьекъалалла ду моьттуш хьо велахь а.
3
Хьуна моьтту хьо Даниалачул сов хьекъал долуш ю, къайлаха дерг дерриг а хьайна хуур ду а моьтту хьуна.
4
Хьайн хьекъалца а, кхетамца а гулдина ахьа хьайн дерриг а хьал а, хьайн хазни чуьра деши а, дети а.
5
Хьайн доккхачу хьекъалаллица а, айхьа йохкаэцар лелорца а гулдина ахьа хьайн хьал, цундела хьан коьрте куралла йоьссина и хьал бахьана долуш.
6
Цундела иштта боху Хьалдолчу Эло: ‘Хьуна Делан санна хьайн хьекъалалла ду моттар бахьана долуш,
7
Ас кхечу мехкашкара нах схьабалор бу хьуна дуьхьалбаха, уьш кхечу къаьмнашна юкъахь уггар къиза нах бу. Цара шайн тарраш хьан хазаллина а, хьекъалаллина а дуьхьалдохур ду, цара хьан исбаьхьалла а дӀайоккхур ю.
8
Цара хьо эхарта чу вохуьйтур ву, хӀордана юккъехь хӀаллаквийр ву хьо.
9
ТӀаккха эр дуй ахьа хьо воьчарна хьалха: ‹Со — Дела ву›? Хьо хӀаллаквечеран карахь хилча, хьо кхидерш санна долу адам хир ду, Дела хир вац
10
Хийрачу махкарчу нехан карах лийр ву хьо, акха лела жӀаьла санна. Иза Ас иштта аьлла дела хир ду’. Иштта элира Хьалдолчу Эло“».
11
Везачу Элан дош кхечира соьга:
12
«Адаман кӀант! Велха Цора-гӀалин паччахьна, цуьнга дӀа а ала: „ХӀара боху Хьалдолчу Эло: ‘Хьо кхачамаллин кеп яра, хьекъалаллех вуьззина вара, хьо уггар хазаниг а вара.
13
Хьо Делан Ӏедан-бешахь вара, хьан бедарш тайп-тайпанарчу дезачу тӀулгашца кечйина яра: рубинца а, топазца а, алмазца а, хризолитца а, ониксца а, ясписца а, саппирца а, карбункулца а, изумрудца а. Церан гураш хьуна тӀехь говза а, хаза а деших дина дара. И дерриг а хьо кхоьллинчу дийнахь хьуна кечдина дара.
14
Хьо къобалдина каруб-малик дара, Ас хьо гӀаролхо санна хӀоттийнера. Хьо иштта Делан безачу лам тӀехь а вара, цӀе санна, лепаш долчу тӀулгашна юкъахь а лелара хьо.
15
Хьо цӀена вара хьайн некъашкахь хьо кхоьллинчу хенахь дуьйна, хьуна чохь зулам карадаллалц.
16
Айхьа леладо шуьйрра йохкаэцар бахьана долуш, хьо къизаллех а вуьзна, ахьа хьайх къинош а летийна. Ас хьо боьха хӀума санна, Везачу Элан лома тӀера чукхоьссина. Ас дӀалаьллина хьо лардеш хилла долу каруб-малик, цӀе санна, лепаш долчу тӀулгашна юккъера дӀалаьллина Ас хьо.
17
Хьан хазалла бахьана долуш куралла йоьссина хьан даг тӀе, хьайн дозалла бахьана долуш хьекъалалла а хӀаллакдина ахьа. И хӀума бахьана долуш Ас хьо лаьттах тоьхна, паччахьашна хьалха хьо юьхьӀаьржачу хӀоттийна Ас.
18
Ахьа дукхазза а къинош леторна а, ахьа харцахьа йохкаэцар лелорна а, хьайн еза меттигаш ахьа бехйина. Хьуна чуьра цӀе схьаяьккхина Ас, цо хьо дӀа а кхаьллина. Хьо, чим бина, дӀахӀоттийна Ас, хьоьга хьожуш мел волчунна хьалха.
19
Хьо девзаш мел хилла долу къаьмнаш, инзардевлла, Ӏадийна ду. Хьан чаккхе къемате яра, ткъа хьо кхин цкъа а хир яц’“».
20
Соьга Везачу Элан дош кхечира:
21
«Адаман кӀант! ЦӀадан-гӀалина дуьхьал вист а хилий, цунна дуьхьал Соьгара болу хаам бе.
22
ДӀаала цуьнга, Хьалдолчу Эло хӀара боху алий: „ЦӀадан-гӀала, Со хьуна дуьхьалвер ву. Хьуна чохь Со гӀаравер ву. Ас шайна кхел йинчул тӀаьхьа а, Сайн возалла шайна юкъахь Аса гучуяьккхинчул тӀаьхьа а, хуур ду хьан адамашна, Со Веза Эла вуйла.
23
Ас хьуна тӀе Ӏожаллин ун а хьажор ду, хьан урамашкахь цӀий а Ӏанадойтур ду. ГӀалара адам царна гонах болчу мостагӀийн карах хӀаллакьхир ду. ТӀаккха хуур ду царна, Со Веза Эла вуйла.
24
Исраилан халкъана гонах йолчу а, цунна кхиссарш йинчу а пачхьалкхаша кхин цкъа а, коканийн коьллаша я кӀохцалша санна, лазор яц иза. ТӀаккха хуур ду исраилхошна Со Хьалдолу Эла вуйла“».
25
Иштта боху Хьалдолчу Эло: «Шаьш дӀасадаржийна долчу къаьмнашна юкъара Айса Исраилан халкъ схьагулдича, Аса Сайн возалла гойтур ю массо а халкъашна хьалха. ТӀаккха Исраилан халкъан бахархой шайн долахь болчу а, Аса Сайн ялхо волчу Якъубана белла болчу а махкахь Ӏийр бу.
26
Уьш цу тӀехь цхьанххьара а кхерам боцуш бехар бу, цара цӀенош а дийр ду, кемсийн бошмаш а югӀур ю. Уьш кхерам боцуш Ӏийр бу, царна кхиссарш еш хиллачу, царна гонахарчу массо а къаьмнашна тӀехь Ас кхел йича. ТӀаккха хуур ду царна, Со церан Веза Дела вуйла».
← Chapter 27
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 29 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36
37
38
39
40
41
42
43
44
45
46
47
48