bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Ezekiel 42
Ezekiel 42
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 41
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 43 →
1
Къилбаседехьарчу некъа тӀехула арахьарчу керта а ваьккхина, цу гӀишлонна а, цунна дуьхьал йолчу майданна а хьалха къилбаседехьа йолчу чоьнашна тӀе вигира цо со.
2
И чоьнаш йохалла бӀе дол яра, ткъа шоралла шовзткъе итт дол яра, къилбаседехьа чуволу меттиг а йолуш.
3
Чоьхьарчу кертан ткъа дол шораллехь долчу меттигна хьалха а, арахьарчу кертан цӀенкъанна хьалха а лаьтташ яра и чоьнаш. Чоьнийн цхьа могӀа вукху могӀанна дуьхьал бара, кхоккха гӀотахь а болуш.
4
Цу чоьнашна хьалха цхьа чекхволийла яра итт дол шуьйра а йолуш, бӀе дол еха а йолуш. Цу чоьнан неӀарш къилбаседехьа йирзина яра.
5
Лакха тӀера чоьнаш готта яра, хӀунда аьлча ученаша дӀалаьцна йолу меттиг йоккхаха яра, юккъерачу а, лахарчу а чоьнех цара дӀалаьцначул а.
6
Чоьнаш кхаа гӀотехь лаьтташ яра. Керташкахь санна, царна хӀиттийна бӀогӀамаш дацара. Цундела лакхара чоьнаш готто яра юккъерачу а, лахарчу а могӀанашкахь йолчу чоьнел.
7
Арахьара цхьа пен цу чоьнашца нийсса бина а, арахьарчу керта тӀе кхочуш а бара. И пен шовзткъе итт дол беха бара.
8
Арахьарчу кертара чоьнийн могӀаран йохалла шовзткъе итт дол яра, ткъа Делан цӀенна дуьхьал болу чоьнийн могӀа бӀе дол бара.
9
Лаха чохь цу чоьнашна чувоьду неӀ яра. Арахьарчу кертахула чувогӀуш хилча малхбалехьара чувогӀийла дара.
10
Кертарчу пенан шораллехь, къилбехьа, майданна дуьхьал а, йоккхачу гӀишлонна дуьхьал а яра чоьнаш.
11
Царна хьалха а чекхволийла яра. Уьш къилбаседехьа йирзина йолу важа чоьнаш санна яра, церан санна йохалла а, иштта шоралла а йолуш. Къилбаседехьа йолчу чоьнийн чувогӀийла а, куц а, неӀарш а
12
къилбехьа йолчу чоьнийн санна яра. Чекхволийла дӀайолалучу меттехь чувоьдийла яра. Малхбалерчу лардаран пенехула чуван йиш яра.
13
Цо соьга элира: «Майданна хьалхара къилбаседехьара а, къилбехьара а чоьнаш еза ю. Цу чохь Везачу Элана сагӀанаш дохучу динан дайша уггар деза сагӀанаш доу. Цу чу цара уггар деза сагӀанаш — кӀен сагӀа а, къинан сагӀа а, гӀуда такхаран сагӀа а — хӀиттор ду, иза еза меттиг йолу дела.
14
Динан дай цу чу бахча, церан арахьарчу керта бовла йиш яц, шайна тӀера Далла гӀуллакх дечу хенахь лелош йолу бедарш охьаяхккалц, хӀунда аьлча и бедарш а еза ю. Цара шайна тӀе кхин бедарш юха еза, ткъа цул тӀаьхьа бен халкъ долчу арабовла йиш яц церан».
15
Ша Делан цӀийнан керташкара чоьхьара юьстина ваьлча, цо со малхбалехьа лаьттачу кевнехула аравалийра, цул тӀаьхьа иза Делан цӀийнан кертал арахьара меттиг юста волавелира.
16
Малхбалехьа йолу агӀо цо шен гӀожаца юьстира. И агӀо пхи бӀе дол хилира.
17
Цо иштта къилбаседехьа йолу меттиг а юьстира, иза а пхи бӀе дол хилира.
18
Къилбехьара агӀо юьстича, иза а пхи бӀе дол хилира.
19
Малхбузерчу агӀонга а вахана, иза а цо юьстича, иза а пхи бӀе дол хилира.
20
Иштта Делан цӀийнан керташна гонах болу пен цо еа а агӀонгара буьстинера. И пен бохалла а пхи бӀе дол бара, иштта пхи бӀе дол шоралла а бара иза. Цу пено еза меттиг еза йоцучу меттигах дӀакъастайора.
← Chapter 41
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 43 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36
37
38
39
40
41
42
43
44
45
46
47
48