bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Ezekiel 38
Ezekiel 38
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 37
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 39 →
1
Соьга Везачу Элан дош кхечира:
2
«Адаман кӀант, Машах а, Тубал а цӀераш йолчу меттигийн МагӀогӀ-махкарчу коьрта эла волчу ГӀогӀехьа дӀа а верзий, цунна дуьхьал вистхила. Соьгара болу хаам а беш, дӀаала цуьнга:
3
„Везачу Эло иштта боху: ‘Ва ГӀогӀ, Машахан а, Тубалан а коьрта эла волчу хьуна дуьхьал ву Со!
4
Ас юхаверзор ву хьо. Хьан мочхална юккъе мӀерий а дехкина, Ас аравоккхур ву хьо а, дерриг а хьан эскар а — кхоччуш тӀамана кечбелла болу дошлой а, говраш а. Иза вуно йоккха эскархойн тоба хир ю. ТӀемалой даккхий а, жима а турсаш долуш хир бу, карахь тарраш а долуш.
5
Парсихойн а, хушахойн а, пӀатӀахойн а тӀемалой а хир бу цаьрца, шайн турсашца а, гӀемашца а.
6
Иштта шен эскарийн тобанашца волу Гомар а, кхин а генарчу къилбаседехьара схьавеана волу а, шен эскарийн тобанашца волу а Байт-ТогӀарма а хир ву цаьрца. Дуккха а къаьмнаш хир ду хьоьца.
7
Кечам а бай, кийча хила хьо а, хьуна тӀегулделла массо а эскар а, ткъа хьо церан баьчча а хила.
8
Дуккха а денош дӀадевллачул тӀаьхьа хьо тӀом бан тӀекхойкхур ву. Хинйолчу заман чохь хьо тӀом бинчуьра юхаметтахӀоьттинчу махкана тӀегӀуртур ву. Дуккха а къаьмнашна юкъара оцу мехкан нах гулбинера еххачу хенахь даьсса лаьттина долчу Исраил-мехкан лаьмнашка. Оцу мехкан халкъ кхечу къаьмнашкара арадаьккхинера, ткъа хӀинца уьш массо а кхерам а боцуш цу лаьтта тӀехь дехаш ду.
9
Амма хьо царна тӀелетар ву, йочана я дерриге а латта къайладоккхуш йолу Ӏаьржа марха санна, тӀе а хьаьдда. Хьо а, хьан эскар а, хьоьца кхин а дуккха а кхидолу къаьмнаш а кху лаьттана тӀелетар ду’.
10
Иштта боху Хьалдолчу Эло: ‘Цу дийнахь хьан даг чохь цхьа ойла кхоллалур ю, тӀаккха хьуна вон хӀума дан дагадогӀур ду.
11
Ахьа эр ду: ‹Со ваха а вахана, чӀагӀйина йоцучу гӀаланашна тӀелетар ву. Уьш маьрша бехаш бу, шайна цхьа а кхерам бац бохуш, церан я пенаш а дац, я гӀорашца къовлуш долу кевнаш а дац.
12
Ас, царна тӀехь толам а баьккхина, церан массо а хӀума хӀонс санна дӀахьур ду. Аса тӀом бийр бу йохийначуьра юхаметтахӀиттийначу гӀаланашна дуьхьал, кхечу къаьмнашкара гулдинчу халкъана дуьхьал а. Оцу халкъан даьхни а, бахам а бу, иза дуьненна юккъехь Ӏаш ду›.
13
Шеба а, Даддан а гӀаларчу наха а, Таршаш-гӀаларчу совдегарша а, цуьнан мел йолчу ярташа а хьоьга хоттур ду: ‹Хьо талор дан веана те, ахьа хӀара эскар исраилхошкара массо а хӀума: деши, дети, даьхни, кхидолу хӀума дӀадахьа гулдина те?›’“.
14
Цундела, адаман кӀант, Соьгара болу хаам а беш, дӀаала ГӀогӀе: „Хьалдолчу Эло иштта боху хьоьга: ‘Сан Исраилан халкъ, шена кхерам боцуш дехаш хетачу хенахь, ахь тидам бийр бу цуьнан.
15
Къилбаседехьа болчу генарчу хьайн махкара схьавогӀур ву хьо, хьайца дуккха а къаьмнийн эскархой а балош, уьш берриш а дошлой хир бу.
16
Хьо Сан Исраилан халкъана тӀелата вогӀур ву, хьо лаьтта тӀехула дӀаяьржина йолу Ӏаьржа марха санна хир ву. И хан тӀекхаьчча, Ас хьо Сайн халкъана дуьхьал тӀом бан валор ву, къаьмнашна Со вовзийтархьама, хьоьгахула Аса царна хьалха Сайн возалла гайтича’.
17
Хьалдолчу Эло боху: ‘Хьо вуй те Ас хьалхарчу заманахь Сайн ялхой болчу Исраил-мехкан пайхамаршкахула вийцинарг? Цу хенахь Ас элира, царна дуьхьал ваккха хьо валор ву Ас аьлла.
18
Оцу дийнахь, ГӀогӀа Исраил-махкана дуьхьал тӀом болийча, — боху Хьалдолчу Эло — Сан оьгӀазалла карзахъер ю.
19
Сайн эмгараллица, Сайн дераллин цӀерца Ас чӀагӀо йо, оцу дийнахь Исраил-махкахь чӀогӀа мохк бегор бу аьлла.
20
Дуьнен чохь дийна мел долу хӀума Суна хьалха кхерарна дегош хир ду: хӀорда чохь долу чӀерий, стигалахь долу олхазарш, аренгахь лелаш йолу акхарой, лаьттахула текхаш мел йолу хӀума, иштта лаьтта тӀера хӀора стаг а. Лаьмнаш охьакхиссина хир ду, баххьийн йистош охьаэгар ю, дерриг а пенаш лаьтта охьаэгар ду.
21
Дерриг а Сан лаьмнашкахула Сайн тур схьакхойкхур ду Аса ГӀогӀана дуьхьал тӀом бан, — боху Хьалдолчу Эло. — ХӀора тӀемалочо шен вешина тӀе тур хьалаойур ду.
22
Ас цунна таӀзар дийр ду уьнца а, цӀийца а. Ас цунна а, цуьнан эскарна а, иштта цуьнца цхьаьна долчу дуккха а къаьмнашна а тӀе массо а хӀума къайладоккхуш долу догӀа доуьйтур ду, къора а тухуьйтур ю, цӀе а, саьмгал а хьажор ду Ас цунна тӀе.
23
ТӀаккха Ас дӀагойтур ду, Со сийлахь а, веза а хилар, иштта дуккха а къаьмнашна довзуьйтур ду Аса Со мила ву. ТӀаккха царна хуур ду Со Веза Эла вуйла’“».
← Chapter 37
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 39 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36
37
38
39
40
41
42
43
44
45
46
47
48