bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Ezekiel 36
Ezekiel 36
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 35
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 37 →
1
«Адаман кӀант! Соьгара болу хаам Исраил-мехкан лаьмнашка бе: „Исраил-мехкан лаьмнаш! ЛадогӀа Везачу Эло бохучуьнга.
2
Иштта боху Хьалдолчу Эло: ‘Шун мостагӀаша шух лаьцна элира: ‹Жолам-яӀ! Массо а заманашкахь лаьттина долу лаьмнаш тхан дола девлла›’“.
3
Цундела, Соьгара болу хаам а беш, дӀаала: „Иштта боху Хьалдолчу Эло: ‘МостагӀаша, шуна массо а агӀор го а бина, шу дассийна, ткъа хӀинца шу кхечу къаьмнийн карахь а ду, наха шух лаьцна луьйш, мотт бетташ а бу.
4
Цундела ладогӀа, Исраил-мехкан лаьмнаш, Хьалдолчу Элан даше. Цо боху лаьмнашка, гунашка, Ӏаннашка, тогӀешка, йохийна лаьттачу меттигашка, иштта шуна гонах долчу кхечу къаьмнашна ижуна хиллачу а, церан кхардам хилла дӀахӀиттийначу а яьсса лаьттачу гӀаланашка’.
5
Иштта боху Хьалдолчу Эло: ‘Сайн карзахдаьллачу эмгараллехь Ас элира кхечу къаьмнашна а, Эдомна а дуьхьал, хӀунда аьлча цара, шайн дагахь са а къералуш, кхарда а кхаьрдаш, Сан латта шайна дола даккхархьама дӀаэцна, цуьнан дежийлаш шайна ижу санна хилийтархьама’“.
6
Цундела, Исраил-мехкан лаьттах Соьгара болу хаам а беш, дӀаала цуьнан лаьмнашка а, гунашка а, Ӏаннашка а, тогӀешка а: „Иштта боху Хьалдолчу Эло: ‘Ас Сайн карзахваларца а, оьгӀазвахарца а дӀабохуш ду хӀара, хӀунда аьлча кхин къаьмнаш шух кхаьрдаш хилла’“.
7
Цундела иштта боху Хьалдолчу Эло: „Хьалаайинчу куьйгаца Ас чӀагӀо йо: шуна гонах долчу къаьмнашна а тӀебогӀур бу кхардам“.
8
„Ткъа аша, Исраил-мехкан лаьмнаш, керла дитташ кхиор ду, царна тӀехь Сан Исраилан халкъана стоьмаш кхиор бу, хӀунда аьлча и къам кестта цӀа доьрзур ду.
9
Со шуьца ву, Ас гӀо дийр ду шуна. Шу охур а ду, шуна тӀехь ялта дӀа а дуьйр ду.
10
Шуна тӀехь долу адамаш совдохур ду Аса. Иштта шуна тӀехь дерриг а Исраилан халкъ хир ду. Дохийна мел дерг юхаметта а хӀоттийна, гӀаланаш а адамех хьалаюзур ю.
11
Ас шуна тӀехь дебор ду адамаш а, хьайбанаш а. Церан дуккха а кӀорнеш а, бераш а хир ду. Ас, хьалха ма-хиллара, шуна тӀехь нах а охьаховшор бу, хьалха хиллачул а сов шуна беркат а лур ду. ТӀаккха хуур ду шуна, Со Веза Эла вуйла.
12
Ас Сайн Исраилан халкъ шуна тӀехула лоьлуьйтур ду. Шу церан долахь хир ду, аша кхин цкъа а церан дог а дохор дац, уьш тӀаьхье йоцуш а дитина“.
13
Иштта боху Хьалдолчу Эло: „Исраил-мехкан латта, хьох лаьцна вон мел дерг дуьйцу, ахьа хьайн халкъ а дӀакхоллу боху, иштта хьайн тӀаьхье а хӀаллакйо боху.
14
Ахьа хьайн халкъ кхин дӀакхоллур дац, иза тӀаьхье йоцуш а дуьтур дац ахьа“. Иштта боху Хьалдолчу Эло:
15
„Ас кхечу къаьмнийн кхардам хьуна кхин хозуьйтур а бац, кхечу халкъаша хьо кхин юьхьӀаьржачу хӀоттор а дац, ахьа хьайн къам кхин галдолуьйтур а дац“. Иштта боху Хьалдолчу Эло».
16
ТӀаккха соьга Везачу Элан дош кхечира:
17
«Адаман кӀант! Исраилан халкъо, шен лаьтта тӀехь ша дехачу хенахь, и латта шен вон леларца бехдора. Церан лелар зудчун ламаз доьхначу хенахь боьха хиларх тера дара.
18
Цара Ӏанийна цӀий бахьана долуш а, иштта шайн цӀушца хӀара латта цара бехдина дела а, Ас Сайн оьгӀазалла царна тӀе яссийна.
19
Аса уьш кхечу къаьмнашкахула дӀаса а даржийна, кхечу мехкашкахула дӀаса а кхиссина. Ас, цара лелийна долчу гӀуллакхашка хьаьжжина, кхел йина царна.
20
ТӀаккха уьш кхечу мехкашка дӀабахара, амма цигахь а цара Сан еза цӀе сийсазъяьккхира, хӀунда аьлча цигарчу халкъаша бохура: „Иза — Везачу Элан къам ду, амма Цуьнан лаьтта тӀера арадала дезаш хили иза“.
21
ТӀаккха Ас сагатдайтира Сайн еза цӀе бахьана долуш, Исраилан халкъо сийсазъяьккхина йолчу.
22
Цундела дӀаала Исраилан халкъе Хьалдолчу Эло бохуш дерг: „Хьан дуьхьа дийр дац Аса иза, Исраилан халкъ, амма шаьш арадевллачу къаьмнашна юкъахь ахьа сийсазъяьккхина йолу Сайн еза цӀе бахьана долуш дийр ду.
23
Ас язйийр ю Сайн сийлахь цӀе, кхечу къаьмнашна юкъахь бехйина йолу — аша и цӀе царна юкъахь бехйинера. Оцу къаьмнашна хуур ду, Со Веза Эла хилар, — боху Хьалдолчу Эло, — шуьгахула Аса Сайн возалла царна хьалха гайтича.
24
Ас шу кхечу къаьмнашна юкъара схьадохур ду. Ас шу массо а мехкашкара схьагулдийр а ду, шайн лаьтта шу юха а далор ду.
25
Ас шуна тӀе цӀена хин цинцаш деттар ду, тӀаккха шайн мел йолчу боьхаллех цӀан а лур ду шу. Шун массо а цӀуйх Аса цӀандийр ду шу.
26
Ас шуна керла дог а лур ду, иштта керла са а кхуллур ду Ас шуна. Шуна чуьра шун тӀулган дог дӀа а даьккхина, шуна дилханан дог кхуллур ду Аса.
27
Ас шуна чу Сайн Са дуьллур ду, Аса шу Сайн парзашца лоьлуьйтур а ду, Сан тӀедехкинарш, лар а деш, кхочушдойтур а ду.
28
ТӀаккха Ас шайн дайшна деллачу лаьтта тӀехь дехар ду шу, шух Сан халкъ хир ду, ткъа Со шун Дела хир ву
29
Ас шайн боьха хиларх мукъадохур ду шу, Аса кӀа схьакхойкхур ду, ткъа иза дебор а ду, шуьга мацалла а хьоьгуьйтур яц
30
Ас шун дитташ тӀера стоьмаш а, кхаш тӀера ялта а дебор ду, кхидолу къаьмнаш, мацалла хӀоттар бахьана долуш, шух кхин ца кхардийта.
31
ТӀаккха дагадогӀур ду шуна шаьш дӀакхехьна долу вон некъаш а, шаьш дина долу вонаш а. Цул тӀаьхьа шаьш шайх дог дер ду шун шаьш летийна къинош а, дегаза гӀуллакхаш а бахьана долуш.
32
Шуна дӀахоийла, Ас иза шун дуьхьа дийр доцийла, — боху Хьалдолчу Эло. — ЦӀий а луш, юьхьӀаьржачу хӀуттийла хьо, хьайн некъаш бахьана долуш, Исраилан халкъ“.
33
Иштта боху Хьалдолчу Эло: „Шайн мел долчу къинойх Ас шу цӀандийр долчу дийнахь, шайн гӀаланашкахь нах юха охьаховшор а бу, йохийна йолу шун меттигаш юхаметтахӀиттийна а хир ю.
34
Дассийна хилла долу шун латта юха а ялта луш дӀахӀуттур ду, тӀехбуьйлуш мел лелачарна хьалха кхин яьсса аре хилла а ца лаьтташ.
35
Цара эр ду: ‘ДӀаяханчу заманахь хӀара латта даьсса лаьтташ дара, ткъа хӀинца хӀара Ӏеданан беш санна ду. Кхузара гӀаланаш йохийна, яссийна, хӀаллакйина лаьтташ яра, ткъа хӀинца уьш чӀагӀйина ю, цу чохь адамаш а ду дехаш’.
36
ТӀаккха шуна гонах дисинчу къаьмнашна хуур ду, Веза Эла волчу Ас йохийна йолу гӀаланаш юхаметтахӀиттийна хилар а, яьссачу меттигашна тӀехь юха ялта дӀадийна хилар а. Веза Эла волчу Аса иштта элира, ткъа Айса аьлларг кхочуш а дийр ду Аса“.
37
Иштта боху Хьалдолчу Эло: „Ас Исраилан халкъе кхин а цкъа Со лоьхуьйтур ву, церан дуьхьа Со лелийтархьама. Ас уьш, жа ма-деббара, доьбуьйтур бу.
38
Ярушалаймехь динан дезачу деношкахь сагӀина лерина долу уьстагӀий ма-хиллара дукха адам хир ду йохийначу гӀаланашкахь. ТӀаккха хуур ду царна, Со Веза Эла вуйла“».
← Chapter 35
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 37 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36
37
38
39
40
41
42
43
44
45
46
47
48