bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Ezekiel 39
Ezekiel 39
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 38
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 40 →
1
«Адаман кӀант, Соьгара болу хаам а беш, дӀаала ГӀогӀе: „Иштта боху Хьалдолчу Эло: ‘Ва ГӀогӀ, Машахан а, Тубалан а коьрта эла волчу хьуна дуьхьал ву Со!
2
Хьо юха а верзийна, Аса дӀакхоьхьур ву хьо. Генарчу къилбаседехьара хьо схьа а валийна, Исраилан лаьмнашна дуьхьал дӀавуьгур ву Ас.
3
ТӀаккха Ас хьан аьрру куьйгара секхаӀад дӀадоккхур ду, хьан аьтту куьйгара пхерчий дӀакхуьссур ду.
4
Исраилан лаьмнашкахь вуьйр ву хьо — хьо а, хьан эскар а, хьоьца кхидолу къаьмнаш а. Ас хьо массо а къийгашка а, аренан акхарошка а ваийта дӀалур ву.
5
Хьо аренгахь вуьйр ву, Аса иштта аьлла дела — боху Хьалдолчу Эло. —
6
Везачу Эло боху: ‹Ас МагӀогӀ-махкана тӀе а, хӀордан йистехь кхерам боцуш дехаш долчу адамашна тӀе а цӀе хьажор ю. ТӀаккха царна хуур ду, Со Веза Эла вуйла.
7
ТӀаккха Аса Сайн еза цӀе Сайн Исраилан халкъана дӀайовзуьйтур ю. Ас кхин сийсазйохуьйтур яц Сайн цӀе, ткъа массо а къаьмнашна дӀахуур ду, Веза Эла волу Со Исраилан халкъан Везаниг вуйла.
8
Гой хьуна, и хӀума тӀекхочуш ду, иза кхочуш а хир ду, — боху Хьалдолчу Эло. — Ас дийцина долу де ма ду иза!
9
ТӀаккха Исраил-махкарчу гӀаланашкахь бехаш болчу бахархоша, ара а бевлла, цӀе а латийна, цу цӀергахь герз дагор ду — кегий а, даккхий а турсаш а, секхаӀедаш а, пхерчий а, хьокхий а, гоьмукъаш а. ВорхӀ шарахь шайн цӀерашкахь дагор ду цара уьш.
10
Цара аренгахь дечиг а гулдийр дац, хьаннашкахь дитташ а хедор дац — мостагӀийн герз чӀеш хилла дӀахӀуттур ду царна. Шайгара хӀонс а яьккхина, талор диначарна цара талор дийр ду, цаьргара хӀонс а йоккхур ю›’“». Иштта боху Хьалдолчу Эло.
11
«Ас Исраил-махкахь меттиг билгалйоккхур ю, ГӀогӀ дӀаволлийта. Иза хир ю хӀорд болчу агӀонгара малхбалехьа, Беллачийн ТогӀи чохь. Цу меттиго некъахойн некъ сацор бу. Наха цунна, ГӀогӀан эскаран тогӀи аьлла, цӀе туьллур ю.
12
ВорхӀ баттахь дӀабухкур бу уьш Исраилан халкъо, шайн латта царах дӀацӀандеш.
13
Дерриг а халкъ хир ду уьш дӀабухкуш, ткъа халкъана иза сийнна хир ду Ас Сайн сийлалла дӀагойтуш долу и де». Иштта боху Хьалдолчу Эло.
14
«Цара леррина нах билгалбохур бу, махкахула чекх а буьйлуш, лаьтта тӀехула дисина долу беллачийн декъий цаьрга дӀадохкийта, шайн латта цӀандархьама. ВорхӀ бутт дӀабаьллачул тӀаьхьа уьш и декъий лаха арабовла беза.
15
Декъий схьалохуш волчунна адаман цхьа даьӀахк гича, цо цунна улло билгало хӀотто еза, и декъий дӀадухкуш лелаш болчарна и билгало гинчул тӀаьхьа, уьш ГӀогӀан эскаран тогӀи чохь дӀадохкийта.
16
Цу беллачеран гӀалина, ХӀамуна (эскарийн тоба) аьлла, цӀе туьллур ю. Иштта цӀандина хир ду и латта.
17
Адаман кӀант, иштта боху Хьалдолчу Эло: „Массо а олхазаршка а, аренгахь лелачу акхарошка а дӀаала: ‘Массо а гонахарчу меттигера схьагулло Ас шайна кечдина сагӀа долчу. Иза Исраил-мехкан лаьмнашкахь даьккхина доккха сагӀа ду, цигара дилха а даа, цӀий а мала.
18
Аша майрачу тӀемалойн дилха дуур ду, Лаьттан элийн цӀий а мер ду, ткъа уьш Башанехь дустийна уьстагӀий а, Ӏахарий а, гезарий а, стерчий а санна хир бу.
19
Аша шаьш дуззалц мохь а юур ю, шаьш даххалц цӀий а мер ду, Ас шайна даьккхинчу сагӀанах.
20
Сан шуьна тӀехь шу дуззалц яа говраш а, дошлой а, майра тӀемалой а, иштта массо а тайпана эскархой а хир бу’“». Иштта боху Хьалдолчу Эло.
21
«Ас халкъашна Сайн сийлалла гучуйоккхур ю, тӀаккха массо а къаьмнашна Ас йина кхел дӀагур ю, царна Сан ницкъ а дӀагур бу.
22
Оцу дийнахь дуьйна Исраилан халкъана хуур ду, Со шайн Веза Дела вуйла.
23
Массо а халкъашна дӀахуур ду Исраилан халкъ шен къа бахьана долуш йийсаре дигна хилар, хӀунда аьлча иза Суна тешаме ца хилла. Иштта Аса, цунах Сайн юьхь къайла а яьккхина, иза цуьнан мостагӀийн кара дӀаделира, цаьрга иза эшадайтархьама а, тӀамехь далийтархьама а.
24
Со цаьрца лелла, церан боьха хиларе а, цара летийначу зуламашка а хьаьжжина. Иштта Аса Сайн юьхь царах къайлаяьккхина».
25
Цундела Хьалдолчу Эло боху: «ХӀинца Ас Якъубан тӀаьхье юхаметтахӀоттор ю. Ас къинхетам бийр бу дерриг а Исраилан халкъах, иштта Сайн еза цӀе Ас ларйийр ю.
26
Шаьш цхьа а кхерам а боцуш машаре даха хевшича, уьш юьхьӀаьржачу хӀиттина лелар а бу, Суна шаьш схьагайтина долу шайн тешаме цахилар а лелош.
27
Ас Сайн халкъ кхечу къаьмнашкара юхадерзор ду, Ас иза цуьнан мостагӀийн мехкашкара схьагулдийр ду, ткъа иштта Аса дуккха а къаьмнашна хьалха дӀагойтур ду, Со веза хилар.
28
Иштта хуур ду царна, Со церан Веза Дела вуйла, хӀунда аьлча уьш кхечу къаьмнашна юкъа Ас йийсаре бахийтинехь а, хӀинца уьш, схьа а гулбина, шайн лаьтта тӀе схьабалор бу, царах цхьа а цигахь вуьтур а вац.
29
Ас кхин цкъа а царах Сайн юьхь къайлайоккхур яц, хӀунда аьлча Ас Сайн Синан Ӏаь тухур ю Исраилан халкъана тӀе». Иштта боху Хьалдолчу Эло.
← Chapter 38
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 40 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36
37
38
39
40
41
42
43
44
45
46
47
48