bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Ezekiel 20
Ezekiel 20
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 19
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 21 →
1
Халкъ Бавеле дӀадигначул тӀаьхьа, ворхӀалгӀачу шеран пхоьалгӀачу беттан уьтталгӀачу дийнахь Исраилан халкъан масех къано веара со волчу, Везачу Элах дагавалархьама. Уьш, схьа а баьхкина, суна хьалха охьахевшира.
2
ТӀаккха соьга Везачу Элан дош кхечира:
3
«Адаман кӀант! Вистхила Исраилан халкъан къаношка. Ала цаьрга: „Хьалдолчу Эло боху: ‘Шу Сох дагадовла даьхкина? Дийна волчу Сайх Аса чӀагӀо йо, шу Сайх Аса дагадовлуьйтур дац аьлла’. Иштта боху Хьалдолчу Эло“.
4
Царна тӀехь кхел йийр ю ахь? Уьш бехке бе, адаман кӀант! Царна дагадаийта церан дайша лелийна мел долчу дегазчу хӀуманех лаций.
5
ДӀаала цаьрга: „Хьалдолчу Эло шуьга боху: ‘Айса Исраилан халкъ хаьржинчу дийнахь, Якъубан тӀаьхьенах болчарна тӀе айдинчу куьйгаца Аса чӀагӀо а йора, царна Со дӀа а вовзуьйтура Аса Мисар-махкахь. Сайн куьг хьала а айина, Аса элира: ‹Со шун Веза Дела ву›.
6
Цу дийнахь Ас царна дош делира, уьш, Мисар-махкара ара а баьхна, Айса церан дуьхьа теллинчу лаьтта тӀе дӀабига, уггар хазачу, шуьрех а, мазах а дуьзначу токхечу лаьтта тӀе.
7
Ас царна тӀедиллинера, шайна хьалхара боьха цӀуш дӀабаха, шаьш мисархойн цӀуш бахьана долуш ма бехде аьлла, хӀунда аьлча Со церан Веза Дела ву!
8
Амма уьш Суна дуьхьалбевлира, царна ца лаьара Соьга ладогӀа, цхьаммо а шайна хьалхара боьха цӀуш дӀа ца бехира, я мисархойн цӀушна букъ а ца берзийра. ТӀаккха Ас сацам бира Сайн дералла царна тӀе охьаӀано а, Мисар-махкахь ерриг а Сайн оьгӀазалла царна тӀе яхийта а.
9
Амма и хӀума Ас Сайн цӀеран дуьхьа дира, Сайн цӀе уьш юкъахь Ӏийначу халкъашна хьалха ца йожийта, Ас уьш Мисар-махкара арабохучу хенахь дӀадовзийтинчу халкъашна юкъахь Сайн цӀе ца йожийта.
10
Аса уьш, Мисар-махкара ара а баьхна, яьссачу аренга схьабалийра.
11
Ас царна Сайн парзаш а делира, иштта Сайн тӀедехкинарш дӀа а хаийтира. Ткъа уьш кхочушдийриг цаьргахула билггал вехар ву.
12
Ас Сайн шоьтан денош а делира царна, Суна а, царна а юкъахь билгалонаш а хилла дӀахӀиттина долу, иштта царна дӀахаийтархьама, Со уьш Сайн дола бохуш волу Веза Эла вуйла.
13
Амма Исраилан халкъ Суна дуьхьалделира яьссачу аренгахь. Цара Сан тӀедехкинарш кхочуш а ца дора, иштта Сан парзаш дӀа а тоттура. Ткъа уьш кхочушдийриг цаьргахула вехар ма ву. Цара Сан шоьтан денош чӀогӀа сийсаз а дохура. ТӀаккха Ас сацам бира яьссачу аренгахь Сайн дералла царна тӀе йоссо, уьш хӀаллак а беш.
14
Амма Сайн цӀеран дуьхьа Аса иза кхочуш ца дира. Исраилан халкъ Мисар-махкара арадоккхуш гина долчу къаьмнашна хьалха Суна ца лаьара Сайн цӀе сийсазъяьккхина хилар.
15
Ас айдинчу куьйгаца цу яьссачу аренгахь чӀагӀо йира царна, уьш шуьрех а, мазах а буьзначу, уггар хазачу, Айса царна дӀабала билгалбаьккхинчу махка уьш схьабалор бац аьлла,
16
хӀунда аьлча Исраилан халкъо Сан тӀедехкинарш дӀа а тоттура, Сан парзаш кхочуш а ца деш, лелара иза, Ас шайна делла долу шоьтан денош а сийсаздохура, хӀунда аьлча церан дегнаш шайн цӀушна тӀегӀерташ дара.
17
Амма Ас царах къинхетам а бира, уьш яьссачу аренгахь хӀаллак а ца бира.
18
Со яьссачу аренгахь церан берашка вистхилира. Ас элира цаьрга: ‹Ма гӀолаш шайн дайша дӀакхехьначу некъашкахула, цара шайна тӀедехкинарш кхочуш а ма делаш, ма бехделаш шаьш, церан цӀушна тӀе а товжий.
19
Со — шун Веза Дела ву. Сан парзаш кхочуш а деш, лела, Сан тӀедехкинарш, лар а деш, кхочушде.
20
Ас шайна делла долу шоьтан денош дӀакъастаде, царах Суна а, шуна а юкъахь йолу билгало хилийтархьама а, Со шун Веза Эла хилар цаьрга шуна дагадаийтархьама а›.
21
Амма церан бераш а Суна дуьхьалдевлира. Уьш Сан парзашца ца лелара, цара Аса тӀедехкинарш лар а ца дора, кхочуш а ца дора. Ткъа уьш кхочушдийриг цаьргахула вехар ма ву. Цара Сан шоьтан денош а сийсаздохура. ТӀаккха Ас сацам бира яьссачу аренгахь царна тӀе Сайн дералла охьаӀано а, цаьрга Сайн оьгӀазалла кхачийта а.
22
Амма Сайн цӀеран дуьхьа Сайн куьг юхадаьккхира Аса иза кхочушдечуьра. Исраилан халкъ шайна хьалха Мисар-махкара арадаьккхинчу къаьмнашна хьалха Суна ца лаьара Сайн цӀе сийсазъяьккхина хилар.
23
Аса кхин цхьа чӀагӀо а йира цу яьссачу аренгахь. Айдинчу куьйгаца Ас чӀагӀо йира уьш кхечу къаьмнашкахула дӀасабаржо а, кхечу мехкашкахула дӀасакхисса а.
24
Иза Аса дира, хӀунда аьлча Исраилан халкъо Сан тӀедехкинарш кхочуш а ца дора, Сан парзаш дӀа а тоттура, Ас шайна делла долу шоьтан денош сийсаз а дохура, шайн бӀаьргашца шайн дайн цӀушна тӀегӀерташ а бара уьш.
25
Ас царна вон парзаш а, дахарна тӀе ца доьду тӀедилларш а делира.
26
Ас магадора, шайн сагӀанашца цара шаьш бехдар — цара мелхо а шайн дуьххьарлера бераш цӀерах чекхдохуьйтура. Аса и хӀуманаш дар магадора, уьш Ӏадорхьама. ТӀаккха царна хуур ма дара, Со Веза Эла вуйла’“.
27
Цундела вистхила Исраилан халкъе, адаман кӀант. ДӀаала цуьнга: „Хьалдолчу Эло иштта боху: ‘Суна тешаме а ца лелаш, кхин ишттачу тайпана а Со дола хийтира шун дайшна.
28
Аса царна ваӀданца лур ду аьллачу лаьтта тӀе уьш схьабалийначул тӀаьхьа, уьш шайн сагӀанаш даха буьйлабелира, шайна лекха гунаш я тӀехь луьста гӀа долу дитташ мосазза ги. Шайн дийнаташ дагоран сагӀанаш дахарца а, хаза хьожа йогӀу хӀума ягорца а, чагӀаран сагӀанаш дахарца а цара Со оьгӀазвахийтира.
29
Ас цаьрга хоьттура: ‹Шу тӀе оьхург хӀун гу бу?› — бохуш. (Цундела хӀинца а сагӀа доккху ‹гу› олу цунах.)’“.
30
ХӀинца дӀаала Исраилан халкъе: „Хьалдолчу Эло боху: ‘Шайн дайша санна, аша Далла хьалха шаьш бех ца до ткъа, Суна тешаме а ца хуьлуш, церан дегазчу цӀушна тӀаьхьахӀуьттуш?
31
Шайн сагӀанаш цӀушна а дохуш, шайн бераш цӀерах чекх а дохуьйтуш, хӀинцалерчу денна тӀекхаччалц аша Суна хьалха шаьш бех ма до. Аса хьо Сайх дагадолуьйтур ду ткъа, ва Исраилан халкъ? Дийна волчу Сайх чӀагӀо йо Аса, — боху Хьалдолчу Эло, — Аса шу Сайх дагадовлуьйтур ма дац!’“»
32
«Аша боху: „Тхо кхин къаьмнаш санна, кхечу мехкашкара долу халкъаш санна хир ду, дечигна а, тӀулгана а Ӏамал а еш“. Амма аша бохург цкъа а хир ма дац!
33
Дийна волчу Сайх чӀагӀо йо Аса, нуьцкъалчу куьйгаца а, тӀекховдийначу пхьаьрсаца а, охьаӀанийначу дераллица а шуна тӀехь паччахьалла дийр ма ду Аса.
34
Нуьцкъалчу куьйгаца а, тӀекховдийначу пхьаьрсаца а, охьаӀанийначу дераллица а Ас шу кхечу къаьмнашна юкъара ара а дохур ду, шаьш дӀасадаржийначу мехкашкара схьа а гулдийр ду.
35
Аса цхьана а ден долахь йоцчу яьссачу аренга схьагулдийр ду шу, юьхь-дуьхьал а хӀиттийна, шуна кхел йийр ю Аса.
36
Ас кхел йийр ю шуна, шун дайшна мисархойн яьссачу аренгахь ма-ярра». Иштта боху Хьалдолчу Эло.
37
«Сайн коьжалгана кӀелхула лоьлуьйтур ду Аса шу, иштта Сайца бинчу бертан декхарш кхочуш а дойтур ду.
38
Суна дуьхьалбевлларш а, Суна дуьхьал аьрха лелларш а шуна юкъара схьакъастор бу Ас. Шаьш бехаш болчу махкара Ас уьш арабохур белахь а, уьш цкъа а Исраил-махкана чубогӀур бац. ТӀаккха хуур ду шуна Со Веза Эла вуйла.
39
Ткъа хьо, Исраилан халкъ, — боху Хьалдолчу Эло, — дало, шух хӀора, шайн цӀуйн гӀуллакх а деш лела! Амма цул тӀаьхьа, аша Соьга ла ца догӀахь, Сан еза цӀе аша кхин сийсазйохур ма яц шайн сагӀанашца а, шайн цӀушца а!
40
Сан махкахь болчу безачу лам тӀехь, лекхачу Исраилан лам тӀехь, — боху Хьалдолчу Эло, — Суна гӀуллакх а деш, лелар ду дерриг а Исраилан халкъ. Ас цигахь хазахетарца тӀеоьцур ду шу. Цигахь Со хьоьжур ву аша Суна лерина мел долчу хӀумане а, шун тоьллачу сагӀанашка а, шун дезачу совгӀаташка а.
41
Шаьш дӀасадаржийначу кхечу къаьмнаш юкъара Аса шу ара а даьхча, кхечу мехкашкара Аса шу схьа а гулдича, шу, хаза хьожа йогӀу хӀума санна, тӀеоьцур ду Аса. Кхечу къаьмнашна хьалха шуьгахула дӀагойтур ду Аса Со веза хилар.
42
Ас шун дайшна ваӀданца лур бу аьллачу Исраил-махка шаьш схьадалийча, хуур ду шуна, Со Веза Эла вуйла.
43
Цигахь шуна дагадогӀур ду Суна хьалха шаьш бехдеш долу шайн лелар а, шаьш мел лелийна хӀуманаш а. Шун дог дер ду шаьш мел дина вонаш бахьана долуш.
44
Ва Исраилан халкъ, хьан вочу некъашка а, гамдинчу гӀуллакхашка а ца хьожуш, ткъа Сайн цӀеран дуьхьа Аса хьо лелийча, хуур ду хьуна, Со Веза Эла вуйла». Иштта элира Хьалдолчу Эло.
45
Соьга юха а Везачу Элан дош кхечира:
46
«Адаман кӀант! Къилбехьа дӀаверза. Къилбанна дуьхьал вист а хилий, къилбанан аренан хьуьнна дуьхьал Делера болу хаам кхайкхабе.
47
Къилбанан хьуьне дӀаала: „ЛадогӀа Везачу Элера долчу даше. Хьалдолчу Эло боху: ‘Хьох цӀе лато воллу Со, ткъа оцу цӀеро хьан дерриг а дитташ — къона я декъа уьш делахь а — дӀакхоллур ду. Латийна алу йовр яц, ткъа хӀорра а къилбехьара дуьйна къилбаседе кхаччалц морцур ву.
48
ТӀаккха адамашна хуур ду Аса, Везачу Эло, и цӀе латийнийла а, иза дӀаяйа йиш йоцийла а’“».
49
ТӀаккха аса, Яхьазкхиала, элира: «Маржа-яӀ, Хьалдолу Эла! Халкъо сох лаьцна боху: „ХӀетал-металшца дуьйцуш-м вац те иза?“»
← Chapter 19
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 21 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36
37
38
39
40
41
42
43
44
45
46
47
48