bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Ezekiel 37
Ezekiel 37
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 36
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 38 →
1
Везачу Элан ницкъ боьссира суна тӀе, Цуьнан Сино, цигара дӀа а ваьккхина, тогӀи чу охьавоссийра со. Цу тогӀи чохь дукха даьӀахкаш яра.
2
Цо цу даьӀахкашна го баккхийтира соьга, ткъа Суна гира тогӀин бухахь йолу уьш чӀогӀа дукха хилар. Со инзарвелира и даьӀахкаш вуно якъаелла хилар бахьана долуш.
3
ТӀаккха Везачу Эло соьга элира: «Адаман кӀант! Денлур юй те и даьӀахкаш?» Ас жоп делира: «Хьалдолу Эла! Иза Хьуна цхьанна хаьа».
4
Везачу Эло соьга элира: «Соьгара хаам а беш, дӀаала оцу даьӀахкашка: „Екъа даьӀахкаш! ЛадогӀа Везачу Элан даше!“
5
Иштта боху Хьалдолчу Эло хӀокху даьӀахкашка: „Ас шуна чу са доуьйтур ду, тӀаккха шу денлур ю.
6
Ас шуна кӀозйохург а, дилха а юхадерзор ду, шуна тӀе чкъор а далор ду, цул тӀаьхьа шуна чу са а дуьллур ду, тӀаккха шу денлур ю. Иштта хуур ду шуна Со Веза Эла вуйла“».
7
Ас Везачу Элера болу хаам бора, сайна тӀе-ма-диллара. Аса хаам бечу хенахь тата санна йолу цхьа гӀовгӀа елира. Юха и даьӀахкаш вовшашна тӀеттӀа йоьлхура.
8
Суна гира царна тӀе кӀозйохург а, дилха а дуьллуш, цул тӀаьхьа царна тӀе чкъор озийра, амма царна чохь са дацара.
9
ТӀаккха Цо соьга элира: «Адаман кӀант, Соьгара болу хаам а беш, дӀаала сине: „Иштта боху Хьалдолчу Эло: ‘Ва са, массо а маьӀӀера хьайн Ӏаь тохий, хӀокху хӀаллакбиначарна чу са даийта, тӀаккха уьш денлур бу’“».
10
Цо Суна тӀе-ма-диллара, Ас Хьалдолчу Элера болу хаам бира. ТӀаккха цу декъашна чу са деара, уьш ден а делла, хьалагӀевттира. Уьш доккха эскар хиллал чӀогӀа дукха бара.
11
ТӀаккха Цо соьга элира: «Адаман кӀант! ХӀара даьӀахкаш Исраилан дерриг а халкъ ду. Цара боху: „Тхан даьӀахкаш якъаелла, тхан сатийсам а дӀабаьлла, хиндерг тхох дӀа а хаьдда“.
12
Цундела, Соьгара болу хаам а беш, дӀаала цаьрга: „Иштта боху Хьалдолчу Эло: ‘Сан халкъ, Ас шун къуббанаш схьайостур ю, цул тӀаьхьа Ас шу, шайн кешнашкара ара а даьхна, Исраилан махка юхадалор ду.
13
Аса, шун къуббанаш схьа а йиллина, цу чуьра шаьш арадаьхча, хуур ду Сан халкъ долчу шуна Со Веза Эла вуйла.
14
Ас шуна чу Сайн Са дуьллур ду, шу ден а лур ду. Цул тӀаьхьа Ас шу шайн лаьтта тӀе даха охьаховшор ду. ТӀаккха хуур ду шуна Веза Эла волчу Аса иштта аьллийла а, ткъа Айса аьлларг Аса кхочушдинийла а’“».
15
Соьга юха а Везачу Элан дош кхечира:
16
«Адаман кӀант, хьайна цхьа гӀаж схьа а эций, цу тӀе дӀаязде: „ЯхӀудан тайпа а, цуьнца бертахь болу исраилхой а“. Цул тӀаьхьа шолгӀа гӀаж схьа а эций (иза Эпрайман гӀаж ю), цу тӀехь а дӀаязде: „Юсупан тайпа а, цуьнца бертахь долу дерриг Исраилан халкъ а“.
17
Цул тӀаьхьа и ши гӀаж, цхьа гӀаж йолуш санна, цхьаьна дӀалаца хьайн куьйгахь.
18
Хьан халкъо хьайга, и хӀун ду бохуш, хаттар дича,
19
цуьнга дӀаала: „Иштта боху Хьалдолчу Эло: ‘Эпрайман карахь йолу Юсупан гӀаж а, цуьнца бертахь долу Исраилан тайпанаш а Ас ЯхӀудан гӀожаца цхьаьна дӀалоцур ду, цхьа гӀаж санна. Уьш Сан карахь цхьаъ санна хир бу’“.
20
Айхьа тӀехь яздина йолу ши гӀаж царна хьалха хьайн куьйгахь латтае.
21
ДӀаала халкъе: „Иштта боху Хьалдолчу Эло: ‘Шаьш дӀабаханчу меттера къаьмнашна юкъара схьабохур бу Ас исраилхой. Массо а маьӀӀера уьш схьа а гулбина, шайн лаьтта тӀе схьабалор бу Аса.
22
ХӀокху лаьтта тӀехь, Исраил-махкарчу лаьмнашкахь, Ас уьш цхьа къам дина дӀахӀиттор бу. Царна массарна а тӀехь паччахьалла деш цхьа паччахь хир ву. Уьш кхин лелар бац шина къоме бекъабелла а, шина пачхьалкхе бекъабелла а.
23
Цара шаьш кхин бехдийр дац шайн цӀушца а, я шайн дегазчу гӀуллакхашца а, я шаьш мел летийначу зуламашца а. Ас массо а къинойх кӀелхьара а даьккхина, цӀандийр ду и къам. Царах Сан халкъ хир ду, ткъа Со церан Дела хир ву.
24
Сан ялхо волу Дауд церан паччахь хир ву, царна массарна а тӀехь цхьа Ӏу а хир ву. Уьш Сан тӀедехкинаршца лелар бу, цара Сан парзаш, кхочуш а деш, лар а дийр ду.
25
Уьш Аса Сайн ялхо волчу Якъубана делла долчу лаьтта тӀехь баха ховшур бу. Цу лаьтта тӀехь церан дай а баьхна, цигахь уьш а, церан бераш а, берийн бераш а дехар ду массо а хенахь, ткъа Сан ялхо волу Дауд церан эла хир ву массо а хенахь.
26
Ас массо а ханна цаьрца машаран барт бийр бу. Ас уьш баха а ховшор бу, дебор а бу, иштта царна юкъахь массо а ханна Сайн еза меттиг дӀа а хӀоттор ю.
27
Царна юкъахь хир ю Сан хӀусам. Со церан Дела хир ву, ткъа царах Сан халкъ хир ду.
28
Сан Деза цӀа царна юкъахь гуттаренна а хилча, кхечу къаьмнашна хуур ду, Со Исраилан халкъ Сайна лерина даздеш волу Веза Эла вуйла’“».
← Chapter 36
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 38 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36
37
38
39
40
41
42
43
44
45
46
47
48