bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Ezekiel 17
Ezekiel 17
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 16
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 18 →
1
ТӀаккха соьга Везачу Элан дош кхечира:
2
«Адаман кӀант! Исраилан халкъана хӀетал-метал а даладай, хьекъале дустар дийца.
3
Ала цаьрга: „Хьалдолчу Эло боху хӀара: ‘Нуьцкъала тӀемаш а, месала а, бес-бесара деха пелагаш а долчу доккхачу аьрзуно, Ливанун-лаьмнашка а деана, баганан диттан бохь схьабаьккхира.
4
Цу бохь тӀера ховхачу патарех уггар лакхарниг схьа а даьккхина, иза, йохкаэцаран махка схьа а деана, совдегарийн гӀалахь охьадиллира цо.
5
Исраил-махкара баганан диттан хӀу схьа а эцна, иза токхечу лаьттахь дӀадийра цо, дак-дитт ма-дерра, хина уллохь.
6
И хӀу хьала а даьлла, цунах кемсийн таьлланг хилира, ша шуьйра а йолуш, амма лоха а йолуш. Цуьнан гаьннаш аьрзугахьа хьалаийзалора, ткъа орамаш цунна бухахь дара. Уьш дахделла дӀасадаханера, кемсийн таьлланго керла гаьннаш а, гӀаш а дӀадохура.
7
Месала тӀемаш долу важа нуьцкъала аьрзу а яра. Ша дӀадийначу лаьттана тӀера шен орамашца а, гаьннашца а цунна тӀеозаелира кемсийн таьлланг. Цунна лаьара, аьрзуно шена хи дуттийла.
8
Дикачу лаьтта тӀе, шорта хи долчохь, дӀайийнера и таьлланг, цунах, гаьннаш дӀаса а дахийтина, тӀехь стом а латош, дика кемсийн таьлланг хилийтархьама’“.
9
Ала цаьрга: „Иштта боху Хьалдолчу Эло: ‘Хьуна моьттий, цу таьлланган аьтто а хилла, иза йоккха хир ю? Цуьнан орамаш схьа-м дохур дац те, цунна тӀера стоьмаш а схьа-м бохур бац те, иза тӀаьххьара а дакъа а луш? Цунна тӀера дерриш а къона гаьннаш дакъалур ду. ТӀаккха кхин боккха ницкъ я дуккха а нехан гӀо а ца оьшу и кемсийн таьлланг озийна шен орамашца лаьттара схьаяккха.
10
Ша дӀайийначохь хьалакхуьур юй те иза? Якъалур-м яц те иза, малхбалера схьа мох хьаькхча? Ша дӀайийначохь иза якъалур ма ю!’“»
11
Везачу Элан дош кхечира соьга:
12
«Хаттар де оцу аьрхачу халкъе: „И хӀуманаш хӀун маьӀна долуш ду хаьий шуна?“ — алий. ТӀаккха дӀаала цаьрга: „Хьалхара аьрзу — Бавелан паччахь ву. Цо, Ярушалайме а веана, шеца Бавеле дӀабигира паччахь а, цуьнан элий а.
13
Цул тӀаьхьа Набухди-Нецара шена тешаме хир ву аьлла дош деллачу паччахьан цӀийнах волчу стагаца барт бира. Цу махкара лаккхарчу даржашкахь мел волу стаг дӀавигира цо,
14
и пачхьалкх, кхин хьалагӀатта ницкъ а ца кхочуш, лахахь йисийтархьама. Цу тайпана, ша бина барт ларбеш бен, и пачхьалкх латталур яцара.
15
Амма керла паччахь Бавел-мехкан паччахьна дуьхьалвала гӀоьртира. Цо гӀо доьхуш геланчаш бахийтира Мисар-махка, цигара дуккха а говраш а, эскархой а беха. ГӀуллакх хир дуй те цуьнан? Ницкъ кхочур буй те цуьнан, ша бина болу барт бохийначул тӀаьхьа, таӀзарх кӀелхьарвала?“»
16
Хьалдолчу Эло боху: «Дийна волчу Сайх чӀагӀо йо Ас: и керла паччахь Бавелехь лийр ма ву — шех паччахь винчу а, цуьнан чӀагӀонах ша ца ваьшначу а, ша цуьнца бина барт бохийначу а паччахьан махкахь.
17
Мисар-махкарчу паччахье яхӀудхойн паччахьна тӀамехь гӀо далур дац, гӀалина гонах лаьттан гунаш дича а, тӀеман гӀирс дӀахӀоттийча а, дуккха а адам хӀаллакдархьама.
18
Амма яхӀудхойн паччахь кӀелхьарвер вац, хӀунда аьлча цо, ша делла дош кхочуш а ца деш, бина барт бохийна».
19
Цундела иштта боху Хьалдолчу Эло: «Дийна волчу Сайх чӀагӀо йо Ас, яхӀудхойн паччахь Суна хьалха ша йинчу чӀагӀонах ца вашаре а, Айса цуьнца бина барт цо бохоре а хьаьжжина, Аса таӀзар дийр ду цунна.
20
Ас иза схьалаца бой тосур ю, иза цу чу а эккхор ву. Ас иза Бавеле схьавалор ву, циггахь цунна таӀзар а дийр ду, иза Суна тешаме цахиларна.
21
Ас хӀаллакдийр ду цуьнан эскар, цуьнан дийна бисина болу уггар дика тӀемалой Аса массанхьа а дӀасакхуьссур бу. ТӀаккха хуур ду шуна, Веза Эла волу Со шуьга къамел динарг вуйла».
22
Хьалдолчу Эло элира: «Баганан диттан бохь тӀера Аса-Айса зӀийдаг схьайоккхур ю. Баганан диттан уггар лакхарчу гаьннех цхьаъ схьа а даьккхина, иза боккхачу, лекхачу ломан боххье дӀадугӀур ду Аса.
23
Исраил-мехкан лекхачу лам тӀехь дӀадугӀур ду Ас иза. Цу гаьннах доккха дитт хир ду, цунна тӀехь стоьмаш а кхуьур бу. Цунах исбаьхьа хаза дитт хир ду, цуьнан гаьннаш юкъахь тайп-тайпана олхазарш хир ду, уьш цуьнан ӀиндагӀехь Ӏийр ду.
24
Массо а аренгарчу дитташна дӀахуур ду Ас, Везачу Эло, лекха дитташ лаха дохийла, ткъа лоха дитташ лакха дохийла. Сийна дитт Ас дакъадо, ткъа дакъаделларг, заза доккхуьйтий, дӀахӀоттадо. Веза Эла волчу Аса иштта элира, ткъа Айса аьлларг кхочуш а дийр ду Аса».
← Chapter 16
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 18 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36
37
38
39
40
41
42
43
44
45
46
47
48