bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Ezekiel 44
Ezekiel 44
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 43
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 45 →
1
Цо со юха а езачу меттиган малхбалехьа дӀадерзийна динчу арахьарчу кевне схьавалийра. И ков дӀакъевлина дара.
2
Везачу Эло соьга элира: «ХӀара ков дӀакъевлина хир ду, иза дӀадоьллур дац, кху чухула цхьа а стаг чекх а вер вац, хӀунда аьлча хӀокху кевнехула Исраилан халкъан Дела волу Веза Эла кху чу веана.
3
Ткъа элах лаьцна аьлча, цо, ша эла хиларе терра, цу кевнна хьалха охьа а хууш, Цунна хьалха бепиг дуур ду. Иза цу кевнан ученна чухула чу а вогӀур ву, цигахула ара а вер ву».
4
Цул тӀаьхьа цо со къилбаседехьа долчу кевнехула Делан цӀенна хьалха схьавалийра. Со дӀахьаьжча, Делан цӀа хьаладуьзна долу Везачу Элан сийлалла гира суна. ТӀаккха со бертал вуьйжира.
5
Везачу Эло соьга элира: «Адаман кӀант! Хьайн дог тӀе а дерзадай, хьайн бӀаьргашца хьажа а хьажа, хьайн лергашца ла а догӀа Ас Делан цӀийнан керташна лерина мел долчу парзех а, товрат-хьехамех а лаьцна хьайга бохучуьнга. Дикка хьажа Делан цӀенна чуволийле а, иштта езачу меттиган араволийлашка а.
6
ДӀаала аьрхачу Исраилан халкъе: „Иштта боху Хьалдолчу Эло: ‘Тоьар ду хьуна, Исраилан халкъ, айхьа схьалаьцна болу дегаза некъ лело.
7
Аша Сан цӀийнан керта чу хийрачу къаьмнех болу нах балийра. Иштта сунтбаза а, дегнаш хедоза а болчу аьрхачу наха а, Сан цӀенна улло а кхаьчна, иза бехдина, Суна тӀе сагӀанийн мохь а, цӀий а деача. Шаьш мел динчу дегазчу гӀуллакхашца Соьца бина болу барт бохийра аша.
8
Аша Сан деза парзаш лар ца дора, шайн метта Сан цӀа лардан уьш дӀа а хӀиттабеш’.
9
Хьалдолчу Эло боху: ‘Цхьа а сунтваза волу а, дог хедоза аьрха волу а хийра стаг Сан цӀа чу ван ца веза, иза Исраилан халкъана юкъахь вехаш велахь а.
10
Ткъа левихойх лаьцна аьлча, Исраилан халкъ туьлучу хенахь уьш а, Суна уллора дӀа а бевлла, шайн цӀушна тӀаьхьа а хӀуьттуш, тилабелира. Шаьш лелийнарг бахьана долуш царна таӀзар дийр ду.
11
Левихой Сан цӀийнан кертахь хир бу езачу меттиган кевнаш лардархьама а, кертахь гӀуллакх дархьама а. Цара дийнаташ дагоран сагӀанашна а, кхидолчу сагӀанашна а лерина долу дийнаташ дойур ду адамашна. Цара адамашна гӀо а дийр ду, царна гӀуллакх а дийр ду.
12
Амма шайн цӀушна хьалха адамашна гӀуллакх дарехула левихоша Исраилан халкъ гал а далийтира, цуьнга къинош а летадайтира. Цундела Аса хьалаайинчу куьйгаца чӀагӀо йира, — боху Хьалдолчу Эло, — шаьш лелийнарг бахьана долуш царна таӀзар дийр ду аьлла.
13
Динан дай санна Суна гӀуллакх дан уьш Суна улло богӀур бац, иштта тӀекхевдар бац еза мел йолчу хӀуманашна — уггар дезачу сагӀанашна. Шаьш мел лелийна долу боьха хӀума бахьана долуш юьхьӀаьржачу хӀиттина лелар бу уьш.
14
Ас уьш хӀиттор бу Делан цӀа лардан а, цӀийнан керташкахь дан дезаш мел долу хӀума дан а.
15
Ткъа левихойн тайпанах долчу ЦӀадукъин гаранах болу динан дай, Исраилан халкъ Сох дӀадирзинчу хенахь Сан еза меттиг ларъеш болу, Суна улло кхача безаш бу, Суна хьалха гӀуллакх дархьама. Уьш Суна хьалха лаьтташ хир бу, Суна сагӀанийн мохь а, цӀий а доккхуш’. Иштта боху Хьалдолчу Эло.
16
‘Уьш бен чубогӀур бац Сан езачу меттиге, Сан шуьнна улло а богӀур бу, Суна гӀуллакх дархьама а, ха дархьама а.
17
Чоьхьарчу кертан кевнна чу баьхкича, цара шайна тӀе дуткъачу кӀадих йина хӀуманаш юхур ю, ткъа чоьхьарчу кертан кевнна уллохь а, иштта Делан цӀа чохь а гӀуллакх дечу хенахь царна тӀехь тӀергӀан хӀума хила йиш яц.
18
Церан коьртахь дуткъачу кӀадих йина чалбанаш хила еза, иштта церан чухулара хӀуманаш а дуткъачу кӀадих йина хила еза. Шайна тӀе хьацар долуьйту хӀума юха ца еза цара.
19
Адамаш долчу арахьарчу керта шаьш довла дезачу хенахь, цара чохь гӀуллакх дечу хенахь шайна тӀехь хуьлуш йолу бедарш дӀа а яьхна, уьш езачу чоьнаш чохь йита еза. Цул тӀаьхьа цара шайна тӀе кхин хӀума юха еза, шайн бедарех хьакхабаларца адамашна тӀе йозалла ца йоссийта.
20
Цара шайн кортош дӀадаша ца деза, иштта шайн коьртахь месаш яхъялийта а ца еза, амма шайн месаш дӀаларга еза цара.
21
Шаьш чоьхьарчу керта доьлхучу хенахь, цхьанна а динан дас чагӀар мала ца деза.
22
Цара я йисина йолу зуда а, я марера цӀа еана йолу зуда а шайна маре яло ца еза. Амма Исраилан халкъах йолу йоӀстаг я динан дех йисинарг яло магош ду царна.
23
Цара Ӏамо деза Сан халкъана дезаниг деза доцучух къасто а, иштта Суна хьалха цӀенаниг боьхачух схьакъасто а.
24
Дов даьллачу хенахь динан дай цигахь кхелахой санна хила беза, ткъа Сан нийсоне хьаьжжина кхел ян а еза цара. Билгалдаьхначу динан массо а дезачу деношкахь Сан товрат-хьехамаш а, парзаш а лардан деза цара, иштта Суна леринчу шоьтан денойн дозалла а лардан деза цара.
25
Уьш беллачарах дӀахьакхабала ца беза, шаьш Суна хьалха боьха ца хилийтархьама. Царна юкъахь да я нана, кӀант я йоӀ, иштта ваша я маре яхаза йолу йиша елахь, царах дӀахьакхавала мегаш ду.
26
Динан да Далла хьалха цӀанвинчул тӀаьхьа, цо кхин а ворхӀ дийнахь собар дан деза.
27
Делан цӀийнан чоьхьарчу кертахь гӀуллакх дан ша кхин а цига ваханчу дийнахь шена тӀера цо къинан сагӀа даккха деза’. Иштта боху Хьалдолчу Эло.
28
‘Левихошна шерет дийр ду: Со церан шерет хир ду. Исраил-махкахь церан лаьттан дакъа хир дац, церан долахь Со хир волу дела.
29
Царна даа кӀен сагӀанаш а, иштта къинан сагӀанаш а, гӀуда такхаран сагӀанаш а лур ду. Исраил-махкахь Суна лерина мел йолу хӀума церан долахь хир ю.
30
Дуьххьара схьа мел гулдинчу ялтех тоьлла дакъа а, массо а тайпана Суна лерина долу совгӀаташ а кхочу динан дайшна. Шайн ялтех даьккхинчу дуьххьарлерчу бедах а тоьлла дакъа де динан дайшна, шайн хӀусамаш декъалйина хилийтархьама.
31
Цхьа а тайпа къеелла хӀума а, акхароша йийначу хӀуманах я олхазарийн а, я дийнатийн а жижиг даа йиш яц динан дайн’“».
← Chapter 43
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 45 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36
37
38
39
40
41
42
43
44
45
46
47
48