bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Isaiah 10
Isaiah 10
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 9
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
Chapter 51
Chapter 52
Chapter 53
Chapter 54
Chapter 55
Chapter 56
Chapter 57
Chapter 58
Chapter 59
Chapter 60
Chapter 61
Chapter 62
Chapter 63
Chapter 64
Chapter 65
Chapter 66
Chapter 11 →
1
Къа ду зуламе парзаш дечеран а, къиза сацамаш дӀаязбечеран а.
2
Цара Сан халкъа юкъара къен нах нийсачу кхеле ца кхочуьйту, гӀийлачеран бакъонаш схьайоху, бисина Ӏачу зударийн а, байн а долахь дерг дӀадоккху.
3
ТаӀзар дечу дийнахь, геннара бохам тӀебеача, хӀун дан дохку шу? Хьаьнга гӀо доьхур ду аша? Шайн хьал мичахь дуьтур ду аша?
4
Схьалецначу нахана юкъахь шу охьасеттар бен дац, байинчарна юкъа охьаоьгур бен дац. Иза иштта делахь а, Везачу Элан оьгӀазалла дӀа ца яьлла, Цуьнан куьг кхидӀа а халкъана тӀехула дӀакховдийна ду, таӀзар дархьама.
5
«Къа ду Ашуран къоман. Иза Сан оьгӀазаллин гӀаж ю! Цуьнан карахь Сан бекхаман Ӏаса ю.
6
Ӏесачу халкъана дуьхьал, Со оьгӀазвахийтинчу къомана дуьхьал дохуьйту Аса ашурхойн халкъ, талор лело а, хӀонс яккха а, исраилхой, новкъара хатт санна, хьеша а».
7
Амма ашурхойн паччахьо иштта ойла ца йо, цуьнан дагахь иза ца хуьлу. Цуьнан Ӏалашо ю дуккха а халкъаш дакъазадаха а, хӀаллакдан а.
8
Цо боху: «Сан массо а баьччанаш паччахьаш бац ткъа?
9
КӀаркамиш-гӀалина динарг Хална-гӀалина ца дина те? Арпад-гӀалина динарг Хьамат-гӀалина ца дина те? Дамасакх-гӀалина динарг Шамран-гӀалина ца дина те?
10
ЦӀуйн карахь йолу пачхьалкхаш Аса схьаяхарна — ткъа оцу пачхьалкхийн цӀуш Ярушалаймехь а, Шамран-гӀалахь а болчу цӀуйл нуьцкъала бара —
11
Ярушалаймана а, цуьнан куьйга бинчу деланашна а Шамран-гӀалина а, цуьнан цӀушна а диннарг дийр дац Аса?»
12
Цийон-лам тӀехь а, Ярушалаймехь а Шен гӀуллакх чекх а даьккхина, Хьалдолчу Эло эр ду: «Ашур-мехкан паччахьна таӀзар дийр ду Аса, цуьнан курачу даго кхиийначунна а, цуьнан бӀаьргаш дозаллех буьзна хиларна а».
13
Цу паччахьо боху: «Сайн куьйган ницкъаца а, сайн хьекъалца а дина ас иза, хӀунда аьлча со хьекъал долуш ву. Ас халкъийн дозанаш дӀадаьхна, церан хьал схьадаьккхина. СтаргӀано санна аса паччахьаш шайн гӀанташ тӀера чукхиссина.
14
Сан куьйгаша халкъийн хьал, олхазарийн баннаш санна, схьаэцна. Баннаш чохь дисина хӀоаш схьаоьцуш санна, схьаэцна ас дерриг а латта, цхьаммо а тӀам меттах а ца баьккхи, я бага а ца гӀаттий, я цхьа а гӀовгӀа а ца йи».
15
Диг ша лелочу стагал тоьлуш хир дуй? Херх ша хьокхучул тоьлуш хир буй? Ша хьалаайинчу стагана тӀехь олалла дийр дуй те гӀожо? Дечигах бен боцучу хьокхано адам хьалаойур дуй те?
16
Массо а ницкъийн Хьалдолчу Эло берстинчу тӀемалошна тӀе хӀоралла хоьцур ю. Ашур-мехкан паччахьан сийлаллех цӀе латор ю, ткъа и цӀе чӀогӀа йогуш хир ю.
17
Исраилан Серлонах цӀе хир ю, цуьнан Везачух алу хир ю, цхьана дийнахь ашурхойн паччахьан коканан коьллаш а, къух а догуш йолу.
18
Ашурхойн паччахьан мел йолу хьаннаш а, бошмаш а, доь ца дуьтуш, хӀаллакйийр ю Цо. Вала воллу стаг гӀелваларх тера хир ду иза.
19
Бере а дагардаллал кӀезиг дитташ дуьсур ду цуьнан хьаннаш чохь.
20
Цу хенахь Исраилан халкъах бисина болу, Якъубан тӀаьхьенах кӀелхьарбевлла нах шаьш эшийначух кхин тешна Ӏаш хир бац. Церан дегайовхо билггал Везачу Элах, Исраилан Везачух, хир ю.
21
Халкъах жима дакъа юхадоьрзур ду, Якъубан тӀаьхьенах бисинарш — Нуьцкъалчу Далла тӀе боьрзур бу.
22
ХӀордан гӀум санна, дукха нах хьан хиллехь а, Исраил, царах бисинарш бен Далла тӀе боьрзур бац. Халкъ хӀаллакдан сацам бина, нийса таӀзар къомана тӀехдер ду.
23
Халкъ хӀаллакдан Ша дина омра берриг а махкахула кхочушдан воллу массо а ницкъийн Хьалдолу Эла. Массо а ницкъийн Хьалдолу Эла Ша омра дина хӀаллакдар берриг а махкахула кхочушдан воллуш ву.
24
Массо а ницкъийн Хьалдолчу Эло боху: «Цийон-лам тӀехь Ӏаш долу Сан халкъ! Ашурхойх ма кхера, цара шуна гӀожмаш тохахь а, цара, хьалха мисархоша санна, шуна ницкъ бахь а.
25
Жимма хан яьлча, Сан оьгӀазалла дӀаер ю, тӀаккха Сан дералла уьш хӀаллакбарна тӀейоьрзур ю».
26
Массо а ницкъийн Веза Эла царна шед етта воллуш ву, Ӏораб-тархана уллохь маданхошна Цо шед ма-еттара. Шен Ӏаса Цо хӀорда тӀехула а лаьцна, хьалха мисархошна санна, ашурхошна дуьхьал ойур ю.
27
Цу деношкахь Везачу Эло хьан белшаш тӀера Ашуран беза мохь дӀабоккхур бу. Хьан вортанна тӀера дукъ дӀадаьккхина хир ду — хьо дерстина хиларна, и дукъ кагдийр ду.
28
Ашурхой Ӏаят-гӀалина тӀелетта, МагӀран-гӀаланах чекх а бевлла, Михмас-гӀалахь тӀаьхьалонна дерг охьадуьллу цара.
29
Лаьмнех дехьа а бевлла, ГибаӀ-гӀалахь буьйса яккха совцу уьш. Рама-гӀалин бахархой бегош бу, Шаулан ГебаӀ-гӀалахь Ӏаш берш дӀасабевдда.
30
Орца даккха, Галлам-гӀалин бахархой! Тидам бе, Лайша-гӀалин бахархой! Жоп ло, Ӏанатот-гӀалин бахархой!
31
Мадмуна-гӀалара нах бевдда, Гибаймера бахархой дӀабаха сихбелла.
32
Оццу дийнахь Нуб-гӀалахь лаьттар бу уьш. Ярушалайм-гӀалин гуна, Цийон-ломана шайн буйнаш лестор бу цара.
33
Массо а ницкъийн Хьалдолчу Эло доккхачу гӀоранца дитташ тӀера гаьннаш схьадохур ду, даккхийнаш дӀахьокхур ду, лекханаш лаьтта эгор ду.
34
Цо дагарца луьста хьун хьокхур ю, Нуьцкъалчун куьйгах Ливанунан хьаннаш оьгур ю.
← Chapter 9
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
Chapter 51
Chapter 52
Chapter 53
Chapter 54
Chapter 55
Chapter 56
Chapter 57
Chapter 58
Chapter 59
Chapter 60
Chapter 61
Chapter 62
Chapter 63
Chapter 64
Chapter 65
Chapter 66
Chapter 11 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36
37
38
39
40
41
42
43
44
45
46
47
48
49
50
51
52
53
54
55
56
57
58
59
60
61
62
63
64
65
66