bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Isaiah 49
Isaiah 49
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 48
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
Chapter 51
Chapter 52
Chapter 53
Chapter 54
Chapter 55
Chapter 56
Chapter 57
Chapter 58
Chapter 59
Chapter 60
Chapter 61
Chapter 62
Chapter 63
Chapter 64
Chapter 65
Chapter 66
Chapter 50 →
1
ЛадогӀа соьга, хӀордан йистера долу къаьмнаш, ладогӀа, генахь Ӏаш долу халкъаш! Со дуьнен чу а валале, Везачу Эло тӀекхайкхина Со, ненан кийрахь волчу хенахь дуьйна, Сан цӀе тиллина Цо.
2
Сан маттах ира тур дина Цо, Шен куьйган ӀиндагӀехь Со Ӏалаш а вина. Сох ирбина пха бина Цо, Шен Ӏад-батта чохь Со лар а вина.
3
Цо соьга элира: «Хьо Сан Ялхо ву, Исраил саннарг, Хьоьгахула Сайна хастамаш бойтур бу Аса».
4
Ас элира: «Эрна къахьегна ас! Сайн ницкъ пайдабоцуш кхачийна ас. ХӀетте а, суна кхочург Везачу Элера хир ду, суна доггӀург сан Делера хир ду».
5
Ткъа хӀинца Шен Ялхо хила а, Якъубан тӀаьхье Шена юхаерзорхьама а, Исраилан халкъ Шена тӀе схьагулдайтархьама а кийрахь дуьйна Со винчу Везачу Эло боху — Везачу Элан бӀаьргашкахь Сан сийдийр ду, ткъа Сан ницкъ Сан Делера бу. —
6
Цо соьга боху: «Хьо Сан Ялхо хилла Ӏийр вац, Якъубан тайпанаш юхаметтахӀитто а, Исраилан халкъах бухабиснарш цӀа берзо а. Ас хьох кхечу къаьмнашна серло йийр ю, Сан кӀелхьардаккхар дуьненан массо а маьӀӀе кхачийта».
7
Исраилан халкъ мах баларца ПаргӀатдаьккхинчо, цуьнан Веза Дела волчу Везачу Эло, нахана дегаза хеташ волчу а, къаьмнашна ца везаш волчу а куьйгалхойн Ялхочуьнга иштта боху: «Паччахьаш, Хьо ган а гина, хьалагӀовттур бу ларамца. Паччахьийн кӀентий а, Хьо ган а гина, лохха охьатаьӀар бу, хӀунда аьлча тешаме волчу Везачу Эло, Исраилан халкъан Везачу Дала, хаьржина Хьо».
8
Везачу Эло боху: «Со реза хуьлучу хенахь Аса жоп лур ду хьуна, Хьо кӀелхьарвоккху хан тӀееача, гӀо дийр ду хьуна. Ас Ӏалаш а, лар а вийр ву Хьо, Хьоьгахула Ас халкъаца барт бийр бу, латта меттахӀотто а, дассаделла дакъош юха шун долахь хилийта а,
9
йийсаре дӀабигна болчаьрга: „Арадовла!“ — ала а, боданехь болчаьрга: „Гучудовла!“ — ала а. УьстагӀий санна, уьш некъийн йистошкахь бежаш хир бу, дерзинчу гунаш тӀехь церан дежийлаш хир ю.
10
Уьш цкъа а меца а, хьогах а хир бац. Малхо а, товно а ницкъ бийр бац царна, хӀунда аьлча царах къинхетам беш Волчо дӀабуьгур бу уьш. Цо хин хьостанашна тӀе балор бу уьш.
11
Ас Сайн массо а лаьмнех тачанаш дийр ду, Сайн массо а коьрта некъаш хьалаойур ду.
12
Хьовсал, уьш генара схьабогӀур бу — цхьаберш къилбаседехьара, вуьш малхбузехьара, кхиберш Синайм цӀе йолчу махкара».
13
Йоккхаехьа, стигал! Самукъадаьлла хилахьа, латта! Хазахетаран илли декадейша, лаьмнаш! Везачу Эло Шен халкъан дог оьцу, Цо къинхетам бо гӀело хьоьгучу Шен къомах.
14
Амма Цийоно элира: «Везачу Эло йити со, Хьалдолчу Элана со йицъелла!»
15
Везачу Эло жоп делира: «Нанна дицлур дуй те шен декхаш долу бер, ша динчу берах къахета йицлур юй те иза? Нагахь нанна шен бер дицлахь а, Суна цкъа а йицлур яц хьо.
16
Хьажал, Ас хьан цӀе Сайн куьйгийн кераюккъехь дӀаязйина. Хьан пенаш гуттара а Сан бӀаьргашна хьалха ду.
17
Хьан кӀентий хьуна тӀе юхаберза сихлуш бу, хьо йохийнарш дӀагӀур бу хьо йолчуьра.
18
Хьайн корта хьала а айий, гонах дӀасахьажа. Берриг а хьан кӀентий, гул а белла, хьо йолчу цӀа боьрзуш бу! Дийна волчу Сох чӀагӀо йо Ас, — боху Везачу Эло, — зудчун туьтеш санна, цаьрца массаьрца а хазлур ю хьо, нускалан хаза духар санна, уьш хир бу хьуна.
19
Хьан мохк бохийна а, бассийна а бара, цунах къапалгаш йина яра, ткъа хӀинца иза чӀогӀа жима хир бу цу тӀехь даха хиинчу дебначу хьан халкъана. Хьан мохк дӀакхаьллинарш хьо йолчуьра дӀагӀур бу.
20
Хьох бераш дӀадаьхначу хенахь халкъана юкъахь динчу бераша хьуна а хезаш, эр ду цхьана дийнахь: „ХӀара меттиг чӀогӀа жима ю, жимма дӀакхалха, со а Ӏайтархьама“.
21
ТӀаккха хьайн дагахь ахьа эр ду: „Хьан дина суна хӀара бераш? Сох бераш дӀадаьхнера, со уьш хуьлуш а яцара. Со йийсарехь а, махках яьккхина а яра. Хьан кхиийна хӀара бераш? Со массара а цхьа йитина ма яра — хӀара бераш мичахь дара?“»
22
Хьалдолчу Эло иштта боху: «Хьовсал, Ас халкъашна цхьа билгало лур ю, Сайн байракх ойур ю Ас царна, тӀаккха цара куьйгаш тӀехь шайн кӀентий а, белшаш тӀехь мехкарий а схьабахьар бу.
23
Паччахьаш дай санна хир бу хьуна, паччахьийн зударий наной санна хир бу. Уьш хьуна хьалха охьатаьӀар бу, цара хьан когашкара чан юур ю. ТӀаккха хуур ду хьуна Со Веза Эла вуйла. Ас гӀо даре сатуьйсуш верг дохковер вац».
24
Ондачуьнгара ижу схьаяккхалур юй? Къизачу куьйгалхочуьнгара йийсархой схьабахалур буй?
25
Амма хӀара боху Везачу Эло: «Ондачуьнгара йийсархой а схьабохур бу, къизачу куьйгалхочуьнгара ижу а дӀахоьцур ю. Хьоьца тӀом беш болчаьрца Со тӀом беш хир ву, хьан бераш Ас кӀелхьардохур ду.
26
Хьуна ницкъ биначаьрга Ас шайн дилха доуьйтур ду. Шайн цӀийно бахор бу уьш, чагӀаро санна. ТӀаккха массо а адамашна хуур ду Со Веза Эла а, хьо КӀелхьарйоккхург а, мах баларца хьо ПаргӀатйоккхург а, Якъубан Нуьцкъалниг а вуйла».
← Chapter 48
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
Chapter 51
Chapter 52
Chapter 53
Chapter 54
Chapter 55
Chapter 56
Chapter 57
Chapter 58
Chapter 59
Chapter 60
Chapter 61
Chapter 62
Chapter 63
Chapter 64
Chapter 65
Chapter 66
Chapter 50 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36
37
38
39
40
41
42
43
44
45
46
47
48
49
50
51
52
53
54
55
56
57
58
59
60
61
62
63
64
65
66