bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Isaiah 65
Isaiah 65
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 64
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
Chapter 51
Chapter 52
Chapter 53
Chapter 54
Chapter 55
Chapter 56
Chapter 57
Chapter 58
Chapter 59
Chapter 60
Chapter 61
Chapter 62
Chapter 63
Chapter 64
Chapter 65
Chapter 66
Chapter 66 →
1
«Сох лаьцна ца хоьттучарна Со вовзийтина Аса, Со ца лехначарна Со карийна. Сайн цӀаре доӀанца кхойкхуш доцчу халкъе: „Со кхузахь ву! Хьуна гӀо дан кийча ву!“ — баьхна Ас.
2
Дийнахь сарралц Сайн куьйгаш вочу новкъахула шайн лаамашца леллачу къар ца лучу халкъе а кховдийна, Ӏийна Со.
3
Даим цу халкъо юьхь-дуьххьал сийсазво Со, езачу бошмашкахь сагӀанаш а дохуш, кибарчигех кечйиначу меттигашна тӀехь хаза хьожа йогӀу хӀума а ягош,
4
къуббанаш юкъахь а Ӏаш, къайлахчу меттигашкахь буьйсанаш а йохуш. Цара хьакхин жижиг а доу, хьарамчу кхачанах йина чорпа а ю церан еш чохь.
5
Цара боху кхечаьрга: „Совца, суна тӀе ма дуьйла, со дукха веза ву шуна хьалха!“ Уьш Ас хьожа йоккхуш болу кӀур бу, дерриг а дийнахь йогуш йолу цӀе ю.
6
ХӀара ду Суна хьалха яздина дерг: „Со вист ца хуьлуш Ӏийр вац, Ас бекхам бийр бу. Ас дӀалур ду царна
7
цара а, церан дайша а летийнчу къиношна доггӀуш дерг, — боху Везачу Эло. — Цара лаьмнаш тӀехь хаза хьожа йогӀу хӀума ягайора, гунаш тӀехь Со сийсазвохура. Цара хьалха лелийначу гӀуллакхашна доггӀург Ас токхур ду царна“».
8
Иштта боху Везачу Эло: «Кемсийн хорханехь мутта долчу хенахь олу: „Йоха ма е иза, цхьадолу диканиг цунна чохь хила мега дела“. Изза дийр ду Ас Сайн ялхойн дуьхьа, массо а хӀаллак ца вархьама.
9
Якъубах Ас тӀаьхье хуьлуьйтур ю, ЯхӀудан тайпанах Сан лаьмнаш кхочунверг схьаволуьйтур ву Ас. Ас хаьржинчеран долахь хир бу уьш, Сан ялхой Ӏийр бу цигахь.
10
Суна уллохь хилар лоьхуш долчу Сан халкъан дуьхьа уьстагӀийн дежийла хир ю Шарон-аре, ткъа бежано садоӀу меттиг хир ю Ӏахур-тогӀи.
11
Ткъа шу, Со дӀа а тесна, Сан беза лам биц а бина, Гада-цӀунна кхача кечбеш дерш а, Мени-цӀунна чагӀаран кад луш дерш а,
12
Ас туьра кӀел дохуьйтур ду. Шу массо а дойур ду, хӀунда аьлча Ас кхайкхича, аша жоп ца делира, Ас къамел дича, аша ла ца дуьйгӀира. Суна зуламе хеташ дерг а деш, Суна цадезарг хоржуш а дара шу».
13
Цундела иштта боху Хьалдолчу Эло: «Сан ялхоша юур ю, ткъа шу меца Ӏийр ду, Сан ялхоша мер ду, ткъа шу хьогах хир ду,
14
Сан ялхой самукъадоккхуш хир бу, ткъа шу эхьехь хир ду, Сан ялхоша эшарш лоькхур ю, дегнаш чохь хазахетар хиларна, ткъа аша маьхьарий хьоькхур ду, дегнаш чохь сингаттам хиларна, шу доьлхур ду, синош эшна хиларна.
15
Аш йитина хир йолу цӀе неӀалт кхайкхош долчу хенахь лелош хир ю Ас хаьржинчу халкъо. Хьалдолчу Эло хӀаллакдийр ду шу, ткъа Шен ялхошна кхин цӀе туьллур ю Цо.
16
Лаьтта тӀехь шена декъалвар доьхуш волчо бакъдолчун Дала ша декъалвар доьхур ду. Лаьтта тӀехь дуй бууш волчо а бакъдолчун Делах дуй буур бу, хӀунда аьлча хьалхалера сингаттамаш бицбина а, Сан бӀаьргашна хьалхара къайлабаьхна а хир бу».
17
«Хьажал! Ас керла стигал а, керла латта а ду кхуллуш, ткъа хьалхалернаш дага а догӀур дац, даг тӀехь а хир дац.
18
Ас кхуллуш долчух самукъадаьлла а, даккхийдеш а хир ду шу гуттар а, хӀунда аьлча Ас кхуллуш йолу Ярушалаймах самукъадалар а хир ду, цуьнан халкъах хазахетар а хир ду.
19
Ярушалаймах хазахеташ а, цуьнан халкъах самукъадаьлла а хир ву Со. Цу гӀали чохь кхин хезар дац белхар а, тийжам а.
20
Цу чохь цхьадолчу деношкахь бен ца даьхна аганара бер хир дац, иштта шен денош кхачдалаза воккха стаг а хир вац. БӀе шо кхаьчна стаг велча, иза жима стаг ву моьттур ду. БӀе шо кхаьчна къинош летийнарг веллехьара, цунна неӀалт кхайкхийна моьттур дара.
21
Уьш, цӀенош а деш, царна чохь Ӏийр бу, кемсийн бошмаш а югӀуш, церан стоьмаш бууш хир бу.
22
Цара кхечарна чохь Ӏан цӀенош а дийр дац, кхечара царна тӀера кемсаш яа кемсийн бошмаш а югӀур яц. Сан халкъан денош, диттан денош санна, хир ду. Ас хаьржинчара еххачу хенахь шайн куьйгашца динчух пайда оьцур бу.
23
Цара эрна къа а хьоьгур дац, шайна баланна бераш а дийр дац, хӀунда аьлча уьш а, цаьрца цхьаьна церан тӀаьхьенаш а Везачу Эло декъалдина халкъ хир ду.
24
Цара кхайкхале, Ас жоп лур ду. Уьш къамел деш хир бу, ткъа Суна хӀинцале хезар ду.
25
Борз а, Ӏахар а цхьаьна бежаш хир бу, лоьмо, старо санна, докъар дуур ду, ткъа лаьхьанна кхача латта хир ду. Цара зен а дийр дац, бохам а бийр бац берриг а Сан безачу лам тӀехь», — боху Везачу Эло.
← Chapter 64
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
Chapter 51
Chapter 52
Chapter 53
Chapter 54
Chapter 55
Chapter 56
Chapter 57
Chapter 58
Chapter 59
Chapter 60
Chapter 61
Chapter 62
Chapter 63
Chapter 64
Chapter 65
Chapter 66
Chapter 66 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36
37
38
39
40
41
42
43
44
45
46
47
48
49
50
51
52
53
54
55
56
57
58
59
60
61
62
63
64
65
66