bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Isaiah 38
Isaiah 38
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 37
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
Chapter 51
Chapter 52
Chapter 53
Chapter 54
Chapter 55
Chapter 56
Chapter 57
Chapter 58
Chapter 59
Chapter 60
Chapter 61
Chapter 62
Chapter 63
Chapter 64
Chapter 65
Chapter 66
Chapter 39 →
1
Цу деношкахь Хьузакх-ЯхӀу, цомгуш а хилла, валарна гергакхаьчнера. Амосан кӀант волчу ЕшаӀ-ЯхӀу-пайхамаро, иза волчу а веана, элира цуьнга: «Иштта боху Везачу Эло: „Хьайн цӀентӀехь болчаьрга весет де, хӀунда аьлча, цомгуш волчуьра то а ца луш, хьо лийр ву“».
2
Юьхь пенехьа дӀа а ерзийна, Везачу Эле иштта доӀа дира Хьузакх-ЯхӀус:
3
«Ва, Веза Эла! Дагадаийтахьа, Хьуна тешаме а волуш, доггах тӀевирзина а хуьлуш, со Хьайна хьалха лелар. Ас гуттар а Хьуна нийса хеташ дерг леладора». ТӀаккха къаьхьа вилхира Хьузакх-ЯхӀу.
4
Юха Везачу Элан дош кхечира ЕшаӀ-ЯхӀуга:
5
«Хьузакх-ЯхӀу волчу а гӀой, иштта дӀаала цуьнга: „Иштта боху хьо схьаваьллачу Даудан Дела волчу Везачу Эло: ‘Суна хьан доӀа а хези, хьан бӀаьрхиш а ги. Ас хьан дахарна тӀе пхийтта шо хан тухур ю.
6
Ашурхойн паччахьан куьйгах хьо а, хӀара гӀала а кӀелхьарйоккхур ю Ас, гӀала лар а йийр ю’“.
7
Везачу Эло Ша аьлларг кхочушдийриг хиларан хӀара билгало ю хьуна.
8
„Ахьаз-паччахьо бинчу лами тӀера маьлхан ӀиндагӀ итт тӀегӀанна юхадоккхур ду Ас“, — боху Везачу Эло». Ша чубаханчуьра итт тӀегӀанна юхабелира малх.
9
ХӀара ду яхӀудхойн паччахьо Хьузакх-ЯхӀус, цамгарх ша товелча, дӀаяздинарг:
10
«Ас аьллера сайга: „Сайн дахаран тоьллачу хенахь Ӏожаллин кевнах чекхвала везаш ву со. Дахаран дисинчу шерех дӀахаьдда ву со“.
11
Ас аьллера: „Дийначийн лаьтта тӀехь кхин гур вац суна Веза Эла. Дахар дӀахедош долчу дуьнен тӀехь кхин цкъа а адам гур дац суна.
12
Сан дахар сох дӀадоккхуш ду, дӀадоккхуш долу жаӀуйн четар санна. КӀадидархочо санна, сан оьмар карчийна ас. КӀади дечу чарха тӀера дӀахададо кӀади санна, Везачу Эло сан дахар чекхдоккху цӀеххьана, Ӏуьйренна тӀера суьйре тӀекхачале.
13
Сахиллалц хьоьжуш Ӏийра со, лоьмо санна, Цо кегйора сан даьӀахкаш. Везачу Эло сан дахар чекхдоккху цӀеххьана, Ӏуьйренна тӀера суьйре тӀекхаччалц.
14
ГӀаргӀулин а, чӀегӀардиган а санна дара сан аз. Кхокхано санна, сагатдора ас. Сан бӀаьргаш гӀийла стигала хьоьжура. Веза Эла, кӀелхьарваккхахьа со! Ма баланехь ву-кх со!“
15
ХӀун эр ду ас? Везачу Эло ала а элира, Цо иза дан а дира. Сайн дахаран дерриг а шерашкахь собарца лелар ву со, сайн са чохь хилла бала дагахь а латтош.
16
Хьалдолу Эла, Хьан дешнашца Ӏаш ма бу нах, сан синан дахар Ахь мел дечуьнца доьзна ма ду. Ахь со товеш ву, Ахь суна дахар а лур ду.
17
Сайн боккхачу баланах суна дика болх хили. Хьайн безамца Ахь эрналлин Ӏинах ларви со. Сан къинош Хьайна тӀехьа тийси Ахь.
18
ХӀунда аьлча эхарто ца хаставо Хьо, Ӏожалло Хьуна хастам ца бо. Коша чу бирзинчеран дегайовхо яц Хьо царна тешаме хиларх.
19
Дийна волчо бен Хьо хастор вац, ас Хьо хӀинца хаста-ма-варра. Дайша шайн берашна дуьйцур ду Хьан тешаме хиларх лаьцна.
20
Везачу Эло со кӀелхьарвоккхур ву. Мерзаш долу пондарш а лоькхуш, оха хастор ву Хьо. Тхаьш дийна мел ду, Везачу Элан цӀа долчохь Иза хастор ву оха».
21
ЕшаӀ-ЯхӀус аьллера: «Ӏаьвдина инжирийн курс схьа а эций, иза оцу ноткъа ечу меттигна тӀейилла, тӀаккха паччахь товийр ву».
22
Ткъа Хьузакх-ЯхӀус хаьттинера: «ХӀун билгало хир ю, со Везачу Элан цӀийне гӀур ву аьлла?»
← Chapter 37
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
Chapter 51
Chapter 52
Chapter 53
Chapter 54
Chapter 55
Chapter 56
Chapter 57
Chapter 58
Chapter 59
Chapter 60
Chapter 61
Chapter 62
Chapter 63
Chapter 64
Chapter 65
Chapter 66
Chapter 39 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36
37
38
39
40
41
42
43
44
45
46
47
48
49
50
51
52
53
54
55
56
57
58
59
60
61
62
63
64
65
66