bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Isaiah 57
Isaiah 57
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 56
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
Chapter 51
Chapter 52
Chapter 53
Chapter 54
Chapter 55
Chapter 56
Chapter 57
Chapter 58
Chapter 59
Chapter 60
Chapter 61
Chapter 62
Chapter 63
Chapter 64
Chapter 65
Chapter 66
Chapter 58 →
1
Делан лаамехь верг хӀаллакьхуьлу, ткъа цхьанна а дагах ца кхета иза. Далла тешаме нах бахарна тӀера дӀабоху, амма цхьа а ца кхета — Делан лаамехь верг дӀакхолхуьйту, цунна зулам ца хилийтархьама.
2
Нийсачу новкъахула лелларш паргӀатоне кхочур бу, царна синтем карор бу шайн Ӏожаллин меттахь.
3
«Амма шу — тӀедуьйла кхуза, зуда-бозбунчин бераш, нахаца лелачу стеган а, кхахьпанан а хӀу!
4
Шу хьанах кхаьрдаш ду? Хьанах доьлу шу, мотт ара а бохуш? Зуламан бераш а, аьшпаш буьттучийн тӀаьхье а яц шу?
5
Нежнашна юкъахь а, хӀора луьстачу дитта кӀелахь а цӀушца боьзна болчу хьарамчу лаамех дуьзна ду шу. Татолашна йистехь а, тархашна кӀелахь а берашна арсаш хьоькхуш ду шу.
6
Хьан дакъа татолийн шерачу тӀулгаш юкъахь ду. Уьш хьан кхаж бу. ЦӀуш лоруш болчу оцу тӀулгашна чагӀаран а, кӀен а сагӀанаш доху ахь. Оцунна реза хуьлийла дуй Со?
7
Лекхачу а, хьалабаьккхинчу а лам тӀе хӀоттабо ахь хьайн маьнга, цига хьалайолу хьо сагӀа даккха.
8
НеӀарна а, гурана а тӀехьа хӀиттайо ахь цӀуйн билгалонаш. Сох дӀа а йоьрзий, ерзина а йолий, метта йолу хьо. Хьайца дӀабийшинчаьрца барт бо ахь цаьргара мах баккха. Цаьрга а хьоьжуш, хьайн хьарамчу лаамах там хуьлу хьуна.
9
Хаза хьожа йогӀу хьакхар а эцна, хьо Мулка-цӀунна тӀе йогӀу. Ахь хьайн хьакхарш алсамдоху. Хьайн геланчаш генна дӀабохуьйту ахь — ур-атталла эхарте кхаччалц уьш буьссуьйтуш.
10
Бехха некъ барна, хьо кӀадло, амма ахь ца олу: „Дог дохийла а дац!“ Хьан гӀора юха а меттахӀутту, цундела хьуна гӀелъялар ца хаало.
11
Хьо хьанах кхераелла сел чӀогӀа, тешаме ца хиллал а, Со, виц а вина, хьайн дага чохь ца виттал а? Со вехха вист а ца хуьлуш Ӏерна, дуй те хьан Сох цакхерар?
12
Ас хьан нийсо а, хьан гӀуллакхаш а дӀагойтур ду хьуна — царах хьуна пайда бер бац.
13
Ахь, гӀо доьхуш, орца даьккхича, хьан цӀуйн жӀугано кӀелхьарйоккхур юй те хьо? Уьш массо а мохо дӀахьур бу, хӀоно дӀасабохур бу. Ткъа Сох тешначунна латта а кхочур ду, Сан беза лам цуьнан дола а бер бу».
14
Везачу Эло элира: «Хьалаайина некъ богӀа! Кеч а бе, дӀа а нисбе некъ. ДӀаяккха Сан халкъана хьалхара дуьхьало».
15
ХӀунда аьлча иштта боху Лекхачо а, Лакхаваьккхинчо а, абаденналц Вехаш Волчо а — Везаниг ю Цуьнан цӀе: «Со лекхачу а, езачу а меттехь Ӏаш ву. Дог доьхнарш а, синца муьтӀахь берш а бу Соьца. Ас синца муьтӀахь болчеран са метта а далор ду, дог доьхначеран дог метта а далор ду.
16
Со даим а хир вац шу бехке деш а, шуна оьгӀазъоьхуш а. Со иштта хилча, муьлхха а са Суна хьалха гӀеллур дара, Ӏаь а тухуш, Ас мел кхоьллинарг лаьттар дацара.
17
Халкъан къилахь йолу сутаралла бахьанехь, Со оьгӀаз а оьхура, цунна таӀзар а дора Аса, Сайн юьхь къайла а йоккхура, эргӀад а вуьйлура, амма иза, Сох дӀа а дирзина, шен даго хаьржинчу новкъахула дӀадахара.
18
Суна гина цуьнан некъаш, амма Ас тодийр ду иза. Ас иза дӀа а лелор ду, халкъах гӀайгӀа ечарна синтем а бийр бу.
19
Нехан баганашкахь Суна лерина болу хастам кхуллур бу Ас. Уггар дика машар лур бу Ас генарчарна а, уллорачарна а, — боху Везачу Эло. — Ас тодийр ду халкъ.
20
Ӏеса нах ловзабаьлла хӀорд санна бу. И хӀорд дӀа ца тоь, цуьнан хиша сазз а, хатт а аратуьйсу.
21
Ӏесачарна машар хир бац», — боху сан Дала.
← Chapter 56
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
Chapter 51
Chapter 52
Chapter 53
Chapter 54
Chapter 55
Chapter 56
Chapter 57
Chapter 58
Chapter 59
Chapter 60
Chapter 61
Chapter 62
Chapter 63
Chapter 64
Chapter 65
Chapter 66
Chapter 58 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36
37
38
39
40
41
42
43
44
45
46
47
48
49
50
51
52
53
54
55
56
57
58
59
60
61
62
63
64
65
66