bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Isaiah 7
Isaiah 7
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 6
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
Chapter 51
Chapter 52
Chapter 53
Chapter 54
Chapter 55
Chapter 56
Chapter 57
Chapter 58
Chapter 59
Chapter 60
Chapter 61
Chapter 62
Chapter 63
Chapter 64
Chapter 65
Chapter 66
Chapter 8 →
1
Ӏузи-ЯхӀун кӀентан Йовтаман кӀант Ахьаз ЯхӀуд-мехкан паччахь а волуш, Рицан Арам-мехкан паччахь а волуш, ткъа Рамли-ЯхӀун кӀант Пикхахьи Исраил-мехкан паччахь а волуш, тӀом баьлла. Рицан а, Пикхахьи а тӀамца Ярушалайм-гӀалина тӀелетира, амма цаьрга иза схьа ца яккхаелира.
2
Даудан тӀаьхьенах волчу Ахьаз-паччахье хаам кхечира, арамхой эпраймхошца цхьаьнакхетта аьлла. И кхаъ хезча, паччахь а, цуьнан нах а кхерабелира, мохо ластийна хьуьнхара дитташ санна, бегийра уьш.
3
Везачу Эло ЕшаӀ-ЯхӀуга элира: «Хьо а, хьан кӀант Шиар-Яшаб а Ахьазана дуьхьал гӀо. Лакхарчу Ӏома чуьра хи охьадогӀучохь, хӀуманаш юьттучеран аренга боьдучу новкъа вала ший а.
4
Ахьазе ала: „Ларло, амма синтеме хила, кхера а ма кхера, хьайн дог а ма дохаде, и сийсина догуш долу ши дечиг бахьана долуш — Рицан шен арамхошца а, Рамли-ЯхӀун кӀант а оьгӀазвахана дела.
5
Арамхой а, эпраймхой а, Рамли-ЯхӀун кӀант а хьуна зулам дан гӀерташ бу, цара боху:
6
‘ЯхӀуд-махкана тӀе а летта, иза, кхера а бина, тӀамца схьа а баьккхина, Табиалан кӀант цигахь паччахь хӀоттор ву вай’.
7
Амма Хьалдолчу Эло боху: ‘И хӀума лаьттар дац, и гӀуллакх кхочушхир дац,
8
хӀунда аьлча Араман олахо Дамасакх-гӀала ю, ткъа Дамасакхан олахо Рицан бен вац. Кхин кхузткъе пхи шо даьлча, эпраймхой, шаьш бохийна хиларна, кхин къам хир дац.
9
Эпрайм-мехкан олахо Шамран-гӀала ю, ткъа Шамранан олахо Рамли-ЯхӀун кӀант бен вац. Нагахь санна шу ца тешахь, шу чӀагӀдина хир дац’“».
10
Везачу Эло Ахьазе кхин цкъа иштта хаам бира:
11
«Хьайн Везачу Делера хьайна цхьа билгало еха. И билгало лаьтта бухара я лакхарчу стигалара хила мегаш ю».
12
Ахьаза элира: «Ас йоьхур яц цхьа а билгало, Веза Эла зуьйр вац ас».
13
ТӀаккха ЕшаӀ-ЯхӀус элира: «ЛадогӀа соьга, Дауд-паччахьан тӀаьхьенах берш! Нахана шаьш ен халонаш а ца тоьуш, сан Далла халонаш ян дохку шу?
14
Хьалдолчу Эло Ша лур ю шуна билгало: „ЙоӀа, берах а хилла, кӀант вийр ву, цуьнан цӀе Ӏимануал туьллур ю.
15
Цо кӀалд а, моз а дуур ду, вониг дӀататта а, диканиг тӀеэца а Ӏаммалц.
16
И бер вониг дӀататта а, диканиг тӀеэца а Ӏамале, шу кхоьруш волчу шина паччахьан мехкаш дассийна хир ду.
17
Амма Везачу Эло хьуна а, хьан халкъана а, хьан ден цӀенна а тӀе Эпрайман къам ЯхӀудан къомах дӀакъаьстинчу хенахь дуьйна ца хилла денош хӀиттор ду — Цо Ашур-мехкан паччахь шуна тӀе лотуьйтур ву.
18
Цу дийнахь Везачу Эло шок тухур ю, Мисар-махкахь уггар генахь йолчу хин Ӏоврашкара мозий а, Ашур-махкахь долу накхармозий а схьакхайкхархьама.
19
Схьа а даьхкина, боьранашка а, тархийн кӀаьгнашка а, кӀохцалш мел долчу коьллаш тӀе а, ерриг а руьйтанаш тӀе а охьаховшур ду уьш.
20
Оцу дийнахь Хьалдолчу Эло Эпрат-хина дехьара тӀелаьцначу уьрсаца — Ашурхойн паччахьца — шун коьрта а, когашна а тӀера чоьш дӀадошур ду, ур-атталла маж а дӀайоккхур ю.
21
Цу хенахь стаге цхьа шинар а, ши уьстагӀ а бен кхабалур бац,
22
амма цара луш йолу шура шортта хиларна, цо кӀалд юур ю. Кху лаьтта тӀехь бисначара массара а кӀалддий, моззий дуур ду.
23
Иштта хӀума а хир ду цу хенахь: эзар дато шекхал ахча мах болу эзар кемсийн таьлланг хьалайолучу меттехь коканан а, кӀохцалан а коьллаш евр ю.
24
Ӏедаш а, пхерчий а эцна, лелар бу цига нах, хӀунда аьлча дерриг а цу лаьтта тӀехь коканан а, кӀохцалан а коьллаш хир ю.
25
Хьалха охуш лелийначу цхьана а лам тӀе вахалур вац, цигарчу коканийн а, кӀохцалийн а коьллех кхерарна. Цига стерчий дӀалохкур ду, кегийрачу дохно хьоьшур ду коканаш“».
← Chapter 6
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
Chapter 51
Chapter 52
Chapter 53
Chapter 54
Chapter 55
Chapter 56
Chapter 57
Chapter 58
Chapter 59
Chapter 60
Chapter 61
Chapter 62
Chapter 63
Chapter 64
Chapter 65
Chapter 66
Chapter 8 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36
37
38
39
40
41
42
43
44
45
46
47
48
49
50
51
52
53
54
55
56
57
58
59
60
61
62
63
64
65
66