bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Isaiah 8
Isaiah 8
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 7
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
Chapter 51
Chapter 52
Chapter 53
Chapter 54
Chapter 55
Chapter 56
Chapter 57
Chapter 58
Chapter 59
Chapter 60
Chapter 61
Chapter 62
Chapter 63
Chapter 64
Chapter 65
Chapter 66
Chapter 9 →
1
Везачу Эло соьга элира: «Поппаран йоккха экъа схьа а эций, йозанан гӀирсаца къаьсташ дӀаязде цу тӀехь: „МахӀир-Шалал-Хьаш-Баз “».
2
Ас тешаме волу ши теш лецира сайна: динан да волу УръяхӀу а, Юбарах-ЯхӀун кӀант Закри-ЯхӀу а.
3
Шегахь Делера хаам болуш йолчу зудчух кхийтира со. Цо, доьзалхочух а хилла, кӀант вира. Везачу Эло соьга элира: «Цуьнан цӀе МахӀир-Шалал-Хьаш-Баз тилла,
4
хӀунда аьлча цу кӀантана „сан да“, „сан нана“ ала Ӏамале, Дамасакх-гӀалин хьал а, Шамран-гӀалин хӀонс а Ашур-мехкан паччахьна хьалххула дӀахьур ду».
5
Везачу Эло кхин а цкъа соьга къамел дира:
6
«ХӀара халкъ тийна догӀучу Шилон-хих ца дашарна, Рицанах а, Рамли-ЯхӀун а кӀантах а доккхадерна,
7
Везачу Эло буьрса а, доккха а Эпрат-хи хоьцур ду цунна тӀе — иза берриг а шен ницкъаца волу Ашур-мехкан паччахь хир ву. И хи, шен дерриге а хоршара ара а даьлла, массо а бердаш тӀе дер ду.
8
ЯхӀуд-махкахула дӀа а дахана, иза хьала а буьзна, лаккха хьаладер ду иза, лога кӀел кхаччалц. Ӏимануал, Хьан латта мел ду дӀасадаьржар ду иза, дӀасадахийтинчу тӀемашца санна!»
9
МостагӀалла леладе, халкъаш, ткъа дог доьхна хила. Генара мехкаш, ладогӀалаш! ТӀамана кечам бе, ткъа дог доьхна хила! ХӀаъ, кечам бе, амма хаа ду шуна, шу дог доьхна хир ма ду!
10
Дага хӀуманаш леца, амма уьш нислур дац. Дош ала, амма иза кхочушдийр дац, хӀунда аьлча тхоьца Дела ву!
11
Суна тӀе онда куьг а диллина, цу халкъан новкъахула лелар суна дехка а доьхкуш, Везачу Эло соьга иштта элира:
12
«Цу халкъо къайлаха барт бар мел ду бохучух къайлаха барт бар ду ма баха, иза кхоьручу хӀуманах ма кхера, ткъа Ӏадийна ма хила.
13
Массо а ницкъийн Веза Эла шайн Веза Дела бен ма лара, Цуьнга бен ларамах дуьзна ма хила, Цунна хьалха бен Ӏадийна ма хила!
14
Иза шун еза меттиг хир ю. Амма Исраилан шина пачхьалкхана Цунах нах тасаболуьйтун болу тӀулг а, уьш охьаоьгун болу тарх а хир ю, ткъа Ярушалайман бахархошна Цунах речӀа а, гур а хир бу.
15
Царах дукхахберш таса а белла, охьа а эгар бу, хӀаллак а хир бу, речӀанна юкъа а нисбелла, схьа а лоьцур бу».
16
ХӀара тоьшаллин тептар, дӀа а хьарчадай, дӀадехка. ХӀара хьехаман тептар мухӀарца дӀа а къовла. Сан мурдаша иза лардойла.
17
Якъубан тӀаьхьенах Шен юьхь къайлаяьккхинчу Везачу Эле хьоьжуш хир ву со, Цунах дегайовхо йолуш хир ву со.
18
ХӀара со а ву, Везачу Эло суна делла бераш а ду. Цийон-лам тӀехь Ӏаш волчу массо а ницкъийн Везачу Эло исраилхошна тоьшаллина а, билгалонна а дахкийтина ду тхо.
19
Шуьга иштта эр ду: «Шабар-шибар деш болчу жинашца тайначех а, эвлаяэх а дагадийла. Халкъ шен деланех дагадала дезаш дац ткъа? Дийначийн дуьхьа беллачех дага ца довлу ткъа?»
20
Сан хьехамна а, тоьшаллина а догӀучуьнга бен ла ма догӀа. Оцу наха дуьйцург Делан дашца ма ца догӀу — церан Делан нур дац!
21
Къизачу Ӏазапехь а, меца а болуш, лаьтта тӀехула лелар бу и нах. Мацалла хӀоьттинчу хенахь, дар а белла, шайн паччахьна а, Далла а луьйр бу уьш.
22
Стигала а, лаьтта а хьовсур бу уьш, бала а, бода а гур бу царна, буькъачу бодане кхиссина хир бу уьш. Амма хӀинца ша чӀагӀбеллачу меттехь гуттар а хир бац бода.
← Chapter 7
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
Chapter 51
Chapter 52
Chapter 53
Chapter 54
Chapter 55
Chapter 56
Chapter 57
Chapter 58
Chapter 59
Chapter 60
Chapter 61
Chapter 62
Chapter 63
Chapter 64
Chapter 65
Chapter 66
Chapter 9 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36
37
38
39
40
41
42
43
44
45
46
47
48
49
50
51
52
53
54
55
56
57
58
59
60
61
62
63
64
65
66