bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Isaiah 60
Isaiah 60
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 59
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
Chapter 51
Chapter 52
Chapter 53
Chapter 54
Chapter 55
Chapter 56
Chapter 57
Chapter 58
Chapter 59
Chapter 60
Chapter 61
Chapter 62
Chapter 63
Chapter 64
Chapter 65
Chapter 66
Chapter 61 →
1
«ГӀаттахьа, серлаялахьа, Ярушалайм, хьан серло схьа ма еана, Везачу Элан сийлалла хьуна тӀехула хьала ма яьлла!
2
Хьажал, бодано латта дӀахьулдийр ду, халкъаш а Ӏаьржачу боданна кӀел гӀур ду, амма хьуна тӀехула Веза Эла садаржаран серлонехь гӀоттур ву, Цуьнан сийлалла хир ю хьуна тӀехь.
3
Хьан серлонна тӀе халкъаш догӀур ду, паччахьаш — хьан садаржаран сирлаллина тӀе.
4
Хьайн корта хьала а айий, гонах хьажа: уьш массо а, гул а белла, хьуна тӀебогӀуш бу. Хьан кӀентий генара схьабогӀуш бу, карахь хьан мехкарий а бахьаш.
5
ТӀаккха, хьайна иза гича, хазахетар ду хьуна, хьан дог, тохаделла, шорлур ду. ХӀордан хьал хьан карадогӀур ду, халкъийн долахь дерг хьуна тӀе доьрзур ду.
6
Эмкалийн ковранаша дӀалоцур ду хьан латта, къона эмкалш хир ю Маданера а, Ӏейпера а яьхкина. Уьш ерриш а Шеба-махкара, деши а, хаза хьожа йогӀу хьакхарш а дахьаш, йогӀур ю. Везачу Элан сийлахь гӀуллакхаш кхайкхор ду схьабаьхкинчу наха.
7
Къедархойн дерриге а жаш хьо йолчохь схьагулдийр ду, набуятихойн коьмаша хьан гӀуллакх дийр ду. СагӀа доккху Сан кхерча тӀехь тамехь долу сагӀа хир ду царах, иштта Сайн исбаьхьаллин цӀийнан сийдийр ду Ас.
8
Мархаш санна а, шайн баннаш тӀе доьлху кхокхарчий санна а, тӀемаяьлла йоьдург хӀун ю?
9
Иштта, Соьга хьоьжуш хӀордан йистера халкъаш ду, ткъа царал хьалха Таршашан хӀордкеманаш ду, генара шун кӀентий цӀа балош догӀуш долу. Цара дахьаш дети а, деши а ду Везачу Элан, хьан Делан, Исраилан халкъан Везачу Делан дуьхьа, хӀунда аьлча Цо хьан сий айина.
10
Кхечу мехкашкарчу наха хьан пенаш дуттур ду, церан паччахьаша хьуна гӀуллакх дийр ду. Со оьгӀазвахча, Ас таӀзар дора хьуна, амма хӀинца Сайн дикаллица хьоьца къинхетаме хир ву Со.
11
Хьан кевнаш гуттар а диллина хир ду, уьш дийнахь а, буса а дӀакъовлур дац, халкъийн хьал хьуна чудаийта а, церан паччахьаш схьабалабайта а.
12
Ткъа хьуна гӀуллакх ца до пачхьалкхаш а, халкъаш а чекхдовллалц хӀаллакдийр ду.
13
Ливанун-махкара сийлахь дитташ — зоьзан а, базанан а, баганан а цхьаьний — хьуна схьадахьар ду. Цаьрца хаздийр ду Сан деза цӀа, тӀаккха Ас сийдийр ду Сайн когийн меттиган.
14
Хьуна гӀело йиначеран кӀентий, муьтӀахь хиларца хьо йолчу а баьхкина, хьан когашка охьаоьгур бу. Хьох ца бешаш хиллачара хьох эр ду Везачу Элан гӀала а, Исраилан халкъан Везачу Делан Цийон а.
15
Хьо дӀатесна а, ца езаш а, цхьа а хьуна чухула чекх а ца волуш хиларан метта, Ас йийр ю хьох гуттаренна а исбаьхьалла а, тӀаьхьенашкара тӀаьхьенашка хазахетар а долу гӀала.
16
Халкъаша а, паччахьаша а юзор ю хьо, нанас дакхош долу бер санна. Хьуна хуур ду Веза Эла волу Со, хьо КӀелхьарйоккхург а, хьо мах баларца ПаргӀатйоккхург а, Якъубан Нуьцкъалниг а вуйла.
17
ЦӀастанан метта, Ас деши дахьар ду хьуна, эчиган метта, дети а, дечиган метта, цӀаста а, тӀулгийн метта, эчиг а дахьар ду. Машар хир бу хьан куьйгалхо, нийсо хир ю хьан тӀехьожург.
18
Ницкъбар кхин хир дац хьан лаьтта тӀехь, дохор а, хӀаллакдар а — хьан дозанашкахь. Хьайн пенех ахь КӀелхьарвалар эр ду, ткъа хьайн кевнах — Хастам.
19
Хьуна дийнахь серло луш малх а кхин хир бац, батто буьйсанна шен нур а лепор дац, хӀунда аьлча Веза Эла хир ву хьуна гуттар а серло луш, хьан Дела хир ву хьуна исбаьхьалла хилла лаьтташ.
20
Хьан малх цкъа а дӀабузур бац, бутт кхин къайла а бер бац, хӀунда аьлча Веза Эла хир ву хьуна гуттар а серло луш. Хьан баланийн денош чекхдевр ду.
21
Дерриг а хьан халкъ, нийсонца а лелаш, абаденналц лаьттан дола деш хир ду. И халкъ Ас доьгӀна синтар ду, Сан куьйгийн болх бу, Сан исбаьхьалла хьалаяккха кхоьллина ду.
22
КӀезигчух эзар адам схьадер ду, уггар гӀийлачух — онда халкъ. Со ву Веза Эла. Шен хеннахь Ас сихдийр ду иза хилийта».
← Chapter 59
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
Chapter 51
Chapter 52
Chapter 53
Chapter 54
Chapter 55
Chapter 56
Chapter 57
Chapter 58
Chapter 59
Chapter 60
Chapter 61
Chapter 62
Chapter 63
Chapter 64
Chapter 65
Chapter 66
Chapter 61 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36
37
38
39
40
41
42
43
44
45
46
47
48
49
50
51
52
53
54
55
56
57
58
59
60
61
62
63
64
65
66