bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Isaiah 3
Isaiah 3
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 2
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
Chapter 51
Chapter 52
Chapter 53
Chapter 54
Chapter 55
Chapter 56
Chapter 57
Chapter 58
Chapter 59
Chapter 60
Chapter 61
Chapter 62
Chapter 63
Chapter 64
Chapter 65
Chapter 66
Chapter 4 →
1
Хьалдолу Эла волу берриге а ницкъийн Веза Эла Ярушалаймера а, ЯхӀуд-махкара а массо а тайпана гӀо а, гӀоьнча а дӀаваккха хӀутту. Цо дӀабоккхур бу баьпкаца а, хица а бина кечам а,
2
турпалхо а, тӀемало а, кхелахо а, пайхамар а, пал тосург а, воккха стаг а,
3
тӀеман хьаькам а, цӀеяхана верг а, хьехамча а, говза пхьар а, молханаш лелош верг а.
4
Везачу Эло бераш хӀиттор ду, церан хьаькамаш хилийтархьама. КӀентий хир бу царна тӀехь олалла деш.
5
Халкъана юкъахь цхьаммо вукхунна а, стага уллорачунна а гӀело йийр ю. Жимачо воккханиг лоруш хир вац, ладамбоцучо — лараме верг.
6
ТӀаккха стага, шен ден доьзалехь волу ваша схьа а лаьцна, цуьнга эр ду: «Хьан тӀехулара бедар ю, тхан баьчча а хилий, хӀокху саьлнийн дола дехьа».
7
Амма цо чӀагӀонца эр ду: «Соьга хӀумма а нислур дац нахана юкъахь, сан чохь бепиг а дац, тӀехулара бедар а яц, сох халкъан баьчча ма велаш».
8
Иштта Ярушалайм техкаш ю, ЯхӀудан халкъ дужуш ду! Цара мел олург а, дийриг а Везачу Элана дуьхьал ду. Цуьнан сийлаллица Иза хьоьжуш хилар дола хета царна.
9
Церан яххьаша гойту уьш бехке хилар, шайн къинах лаьцна цара, ца лечкъош, седамхоша санна, дуьйцу. Къа ду церан! Шаьш шайна бохам бо цара.
10
Делан лаамехь волчуьнга цуьнца дика хир ву ала, хӀунда аьлча ша динчу дикачу гӀуллакхех пайда оьцур бу цо.
11
Ткъа Ӏесачун къа ду, хӀунда аьлча ша динчу вочу гӀуллакхашна бекхам хир бу цунна.
12
Бераша санна, куьйгалхоша сан халкъана гӀело йо, зударша санна, олалла а до цунна тӀехь. Ва сан халкъ! Хьан баьччанаша Ӏехадо хьо, нийсачу новкъара даьккхина хьо цара.
13
Кхел ян гӀаьттина Веза Эла, Иза лаьтташ ву халкъашна кхел ярхьама.
14
Кхел а еш, Шен халкъана юкъара баккхий берш а, баьччанаш а бехкебо Везачу Эло: «Сан кемсийн беш санна токхе долу къам дассийнарг шу ма ду! Мискачарах лачкъийна хӀонсах шун цӀенош дуьзна ма ду!
15
Сан халкъ хьийзо а, мискачарна ницкъ бан а, шуна бакъо хьан елла?» — боху берриг а ницкъийн Хьалдолчу Эло.
16
Везачу Эло элира: «Цийонан зударий, ца бешаш, кортош а айина, бӀаьргаш а кхерстош, курачу боларца когаш тӀера зӀенаш а екош, лела.
17
Цийонан зударийн кортошна тӀехь чераш хуьлуьйтур ду Хьалдолчу Эло, церан хьаьжнаш дерзина дохуьйтур ду Везачу Эло, уьш юьхьӀаьржачу а хӀиттош».
18
Цу дийнахь Везачу Эло хаза хӀуманаш цаьргара дӀайохур ю: когаш тӀера хаза зӀенаш а, коьртан бехчалгаш а, беттан суьртехь тӀеухку хӀуманаш а,
19
лергах ухкургаш а, хӀазарш а, кирхьанаш а, йовлакхаш а, когийн туьтеш а, доьхкарш а, духӀи чохь долу шишанаш а, молханаш а,
20
пӀелгах а, мерах а юхку чӀагарш а,
21
тӀехулара а, чухулара а бедарш а, кирхьанаш а, бохчанаш а,
22
сирла а, дуткъа а кӀадеш а, таьжнаш а, корталеш а.
23
Хаза хьожа йогӀучу хӀуманан метта боьха хьожа йогӀу хӀума хир ю, доьхкаран метта муш хир бу, хьийзинчу месийн метта — кӀунзал, синкъераман бедаран метта — сингаттаман духар, хазаллин метта хӀост хир ду.
24
Хьан божарий туьро эгор бу, тӀамехь турпалхой лийр бу.
25
ГӀалин кевнийн бӀогӀамаша гӀайгӀа йийр ю, уьш тийжаш а хир ду. Ша гӀала, ерзина зуда санна, яссийна лаьттахь Ӏаш хир ю.
← Chapter 2
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
Chapter 51
Chapter 52
Chapter 53
Chapter 54
Chapter 55
Chapter 56
Chapter 57
Chapter 58
Chapter 59
Chapter 60
Chapter 61
Chapter 62
Chapter 63
Chapter 64
Chapter 65
Chapter 66
Chapter 4 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36
37
38
39
40
41
42
43
44
45
46
47
48
49
50
51
52
53
54
55
56
57
58
59
60
61
62
63
64
65
66