bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Isaiah 66
Isaiah 66
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 65
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
Chapter 51
Chapter 52
Chapter 53
Chapter 54
Chapter 55
Chapter 56
Chapter 57
Chapter 58
Chapter 59
Chapter 60
Chapter 61
Chapter 62
Chapter 63
Chapter 64
Chapter 65
Chapter 66
1
Везачу Эло иштта боху: «Стигал Сан Ӏарш ю, ткъа латта Сан когийн кӀело ю. Аша мичахь дийр ду Суна цӀа? Сан садоӀу меттиг а мичахь хир ю?
2
И дерриг а Сан куьйго кхоьллина дац? И дерриг а иштта хилла дӀахӀоьттина дацара? — боху Везачу Эло. — Ша кӀезиг хетачуьнга а, дог доьхна волчуьнга а, Сан дашна вегавеш волчуьнга а Сан ларам бу.
3
Амма сту сагӀина буьйш верг Суна хьалха адам дуьйш верг санна ву. СагӀина Ӏахар боккхуш верг жӀаьлин ворта кагъеш верг санна ву. КӀен сагӀа доккхуш верг хьакхин цӀий сагӀина даьккхинарг санна ву. Хаза хьожа йогӀу хӀума ягош верг цӀунна Ӏибадат дийриг санна ву. Шайн некъаш а хаьржина, шаьш лелочу дегазчу гӀуллакхех царна там хиларе терра,
4
Со а хир ву цаьрца шога. Уьш кхоьруш дерг доуьйтур ду Ас царна тӀе, хӀунда аьлча Со кхайкхира, амма жоп луш стаг вацара, Ас къамел дира, амма цхьаммо а ла ца дуьйгӀира. Цара Суна хьалха зуламениг дора, Суна цадезарг а хоржура».
5
Везачу Элан даше ладогӀа, Цуьнан дашах бегош берш: «Сан цӀе бахьана долуш, шу ца дезачу а, дӀалоьхкучу а шун вежарша боху: „Везачу Эло Шен сийлалла гойтийла, тӀаккха тхо хьовсур ду шун самукъадаларе“. Амма уьш юьхьӀаьржачу хӀуьттур бу.
6
ЛадогӀа! ГӀалара схьахезаш гӀовгӀа ю, Делан цӀа чуьра аз ду хезаш. Иза Шен мостагӀашна бекхам беш волчу Везачу Элан аз ду.
7
Беро хьийза а яле, зудчо бер дина, цунна лазарш а хилале, цо кӀант вина.
8
Хьанна хезна ишттаниг? Хьанна гина ишттаниг? Цхьана дийнахь пачхьалкх кхоллаеллий? Цхьана сахьтехь къам кхолладеллий? Амма лазарша хьийзо йолаялале, Цийоно шен кӀентий бина.
9
Бер дуьнен тӀе долу хан тӀе а кхачийтина, иза ца хуьлуьйтуш Ӏийр вуй Со? — боху Везачу Эло. — Я бер дан ницкъ а белла, ненан цӀа дӀакъовлур дуй Ас?» — боху хьан Везачу Эло.
10
Даккхийдейша Ярушалаймаца, цунах самукъадалий хилийша, иза езаш долу шу массо а! Даккхийдейша цуьнца хӀинца шу массо а, цунах доьлхуш хилларш!
11
Цуьнан синтемечу некхах шу, дакха а декхна, Ӏаьбна хир ду. ЧӀогӀа мала а муьйлуш, цуьнан даккхийчу накхойх зовкх хьоьгур ду.
12
ХӀунда аьлча Везачу Эло иштта боху: «Ас машар хоьцур бу шуна тӀе, догӀу хи санна, халкъийн хьал схьахоьцур ду, хи тӀедаьлча догӀу татол санна. Шу декхар а ду, карахь а лелор ду, голаш тӀехь хьоьстур а ду.
13
Нанас беран догъоьцуш санна, Ас шун догъоьцур ду. Ярушалаймехь догъэцна хир ду шун.
14
Шуна гур ду иза, тӀаккха шун дегнаш даккхийдеш хир ду. Заза даьккхина къона дитташ санна хир ду шу. Везачу Элан куьйгана Шен ялхой бевзар бу, амма Шен мостагӀашна оьгӀазгӀур ву Иза».
15
Веза Эла цӀергахь вогӀур ву. Цуьнан гӀудалкхаш, йилбазмох санна, хир ю. Цо Шен оьгӀазалла дераллица тӀеюттур ю, ткъа Шен къемат — цӀеран алунашца.
16
ХӀунда аьлча Везачу Эло цӀерца а, Шен туьраца а массо а адамна тӀехь кхел йийр ю. Цо хӀаллакбина дуккха а хир бу.
17
«Езачу бошмашкахь цхьаъ вукхунна тӀаьххье шаьш базбеш а, цӀанбеш а берш а, хьакхин жижиг а, маьттаза хӀуманаш а, дехкий а дуурш а массо а лийр бу, — боху Везачу Эло. —
18
Сох лаьцна аьлча, церан гӀуллакхаш а, ойланаш а бахьана долуш, Ас массо а къаьмнаш а, меттанаш а гулдийр йолу хан тӀекхаьчна. Схьа а баьхкина, Сан сийлалла гур ю царна.
19
Царна юкъахь тамашийна билгало а йина, дийна бисинчарах цхьаберш Сох лаьцна ца хезначу а, Сан сийлалла ца гиначу а къаьмнашна тӀе бохуьйтур бу Ас: Таршаш тӀе а, пӀулахошна а, шайн говзачу Ӏад кхуссучаьрца болчу лудамхошна а тӀе, Тубална а, Яванна а тӀе, генахь долчу хӀордан йистерачу халкъашна а тӀе. Оцу халкъашна юкъахь Сан сийлалла кхайкхор ю цара.
20
Массо а халкъашна юкъара берриг а шун вежарий схьабалор бу цара Везачу Элана совгӀатна говрашна тӀехь а, гӀудалкхаш чохь а, ворданашна тӀехь а, бӀарзанашна а, эмкалшна а тӀехь Сан безачу лам тӀе, Ярушалайме, — боху Везачу Эло, — исраилхоша Везачу Элан цӀийне цӀеначу пхьегӀи чохь совгӀат ма-дарра.
21
Царах схьаоьцур бу Ас динан дай а, левихой а бан нах», — боху Везачу Эло.
22
«Ас кхуллур йолу керла стигал а, керла латта а, гуттар а Суна хьалха лаьттар долуш ма-хиллара, — боху Везачу Эло, — иштта шун тӀаьхье а, цӀе а даим юьсур ю.
23
Цхьана баттера вукху батте а, цхьана шоьтан дийнера вукху шоьтан дийне а долуш, массо а адам Суна хьалха суждане догӀур ду, — боху Везачу Эло. —
24
Арабевлча, царна Суна дуьхьалбевллачу нехан декъий гур ду: уьш бууш болу нӀаьна а лийр бац, уьш багош йолу цӀе дӀа а йойур яц. Массо а адамна дегаза хетар бу уьш».
← Chapter 65
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
Chapter 51
Chapter 52
Chapter 53
Chapter 54
Chapter 55
Chapter 56
Chapter 57
Chapter 58
Chapter 59
Chapter 60
Chapter 61
Chapter 62
Chapter 63
Chapter 64
Chapter 65
Chapter 66
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36
37
38
39
40
41
42
43
44
45
46
47
48
49
50
51
52
53
54
55
56
57
58
59
60
61
62
63
64
65
66