bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Isaiah 45
Isaiah 45
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 44
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
Chapter 51
Chapter 52
Chapter 53
Chapter 54
Chapter 55
Chapter 56
Chapter 57
Chapter 58
Chapter 59
Chapter 60
Chapter 61
Chapter 62
Chapter 63
Chapter 64
Chapter 65
Chapter 66
Chapter 46 →
1
Паччахь хила Ша къобалвинчу а, цуьнга халкъаш карадерзадайта а, паччахьашна тӀера гӀаьгӀнаш схьадахийта а, хьалха неӀарш схьаеллаялийта а, кевнаш дӀа ца къовладалийта а цуьнан аьтту куьг Ша схьалаьцначу а Къуреше иштта боху Везачу Эло:
2
«Со хьуна хьалхаваьлла дӀагӀур ву, лаьмнаш дӀа а шардеш. ЦӀестан кевнаш кегдийр ду Ас, аьчка гӀораш отур ду.
3
Боданехь Ӏалашъеш йолу хазна а, хьелаш дӀахьулдина къайлаха меттигаш а Ас хьуна дӀалур ю, хьуна хаийтархьама, Со хьан Исраилан халкъан Веза Дела вуйла, хьайн цӀарца хьо Соьга кхайкхина волу.
4
Сайн ялхочун Якъубан дуьхьа, Айса хаьржинчу Исраилан дуьхьа, хьайн цӀарца хьо схьакхайкхина Ас, сийлаллин цӀе хьуна дӀало Ас, хьуна Со вевзаш вацахь а.
5
Со Веза Эла ву, Со воцург, кхин дела вац. Ас хьуна ницкъ лур бу, хьуна Со вевзаш вацахь а.
6
Ас иза дийр ду, массо а нахана массанхьа а, малх хьалагӀоттучу меттера иза дӀабузучу метте кхаччалц, Со воцург кхин дела воцийла хаийтархьама. Со Веза Эла ву, ткъа Со воцург, кхин дела вац.
7
Со ву серло Йийриг а, бода Кхуллург а, беркат Латториг а, бохам Бийриг а. Ас, Везачу Эло, деш ду и дерриг а хӀуманаш.
8
Лакхахь йолу стигалаш, хин тӀадамаш санна, мархаш, догӀа санна, нийсо яийтийша охьа. Лаьтто, дӀаса а делладелла, кӀелхьардовлар кхиадайта, цуьнца цхьаьна нийсо а хьалаялийта! Ас, Везачу Эло, кхоьллина иза».
9
Декъаза ву ша Кхоьллинчуьнца къийсалуш верг, лаьттах йинчу кхабанашна юкъахь цхьаъ бен йоцург! Поппаро куьпчичуьнга хоттур дуй те: «Хьо хӀун деш ву?» Йинчу хӀумано ша йиначух эр дуй те: «Цуьнан куьйгаш дац»?
10
Декъаза ву дега бохуш верг: «И мила ву, ахь дуьнен тӀе ваьккхинарг?» Я нене бохуш верг: «И мила ву, ахь винарг?»
11
Иштта боху Исраилан Везачу Дала, иза Кхоьллинчу Везачу Эло: «Сан берийн хиндолчух лаьцна Соьга хетта муха хӀуьтту шу? Сан куьйгаша бан безачу балха тӀехь Суна омра дан муха гӀерта шу?
12
Со ву латта кхоьллинарг, цунна тӀехь адам а Ас кхоьллина. Сайн куьйгашца стигалш дӀасаяржийна Ас. Малх а, бутт а, седарчий а Сан омрица лелаш ду.
13
Къуреш карзахваьккхинарг Со ма ву, цуьнгахула нийсо кхочушъяйтархьама. Дерриг а цуьнан некъаш нисдийр ду Ас. Цо Сан гӀала юхаметтахӀоттор ю, йийсаре дӀадигна Сан халкъ паргӀатдер ду, цунах мах я совгӀаташ а ца луш», — боху массо а ницкъийн Везачу Эло.
14
Везачу Эло иштта боху: «Мисархоша йина хӀуманаш а, хушахойн йохкаэцар а, лекха нах болу себахой а, шун дола а бевлла, шун хир бу. Уьш шуна тӀаьххье дӀабогӀур бу, шайна тӀехь буржалш а долуш. Шуна хьалха охьа а таьӀна, цара дехарца бохур ду: „Дела шуьца билггал ву, Иза воцург, кхин дела вац“».
15
Билггал Ша къайлавоккхуш волу а, Шен халкъ кӀелхьардаьккхина волу а исраилхойн Дела ву Иза.
16
ЦӀуш беш берш массо а юьхьӀаьржачу хӀуьттур бу. Цхьаьна дӀабахар хир ду церан, юьхьӀаьржо тӀеярна.
17
Исраилан халкъ Везачу Эло кӀелхьардоккхур ду гуттаренна а долчу кӀелхьардаккхарца. ТӀейогӀучу хенахь цкъа а юьхьӀаьржачу хӀуттур дац и халкъ.
18
Стигалш кхоьллина волу Веза Эла — Иза билггал Дела ву. Латта а кхоьллина, цунна кеп а елла, иза чӀогӀа латтийтира Цо. Эрна дитархьама ца кхоьллина Цо иза, тӀехь адамаш дахийта иза кхоьллина Цо. Оцу Дала боху: «Со Веза Эла ву, кхин цхьа а дела вац, Со воцург.
19
Ас къайлаха а ца дийцина, я боданечу меттехь а ца дийцина. Якъубан тӀаьхьенах болчаьрга Ас ца аьлла: „Эрна леха Со“. Со бакъдерг дуьйцуш волу Веза Эла ву. Нийса дерг дӀакхайкхадо Ас».
20
Везачу Эло боху: «Вовшах а кхетий, тӀедуьйла, халкъашна юкъара дийна дисинарш. Сонта бу, дечигах вина шайн цӀу а лелош, шаьш кӀелхьардахалур доцучу деланашка доӀанаш деш берш.
21
Схьа а дуьйлий, тоьшаллаш дӀакховдаде. ГӀуллакхах лаьцна вовшех дагадовла. Мила ву дукха хенахь дуьйна хьалха иза аьлларг? Мила ву ширачу заманашкахь хиндерг аьлларг? Со, Веза Эла, вац Иза? Со воцург, кхин дела вац, нийсонан Дела а, КӀелхьардохург а. Кхин цхьа а дела вац.
22
Суна тӀедерза, тӀаккха кӀелхьардевр ду шу, дуьненан массо а маьӀӀера адамаш! Со Дела ву. Со воцург, кхин дела вац.
23
Сайх чӀагӀо йо Ас, Сан багара схьадолург бакъ ду, Ас аьлла дош хийцалур дац: хӀора а адам Суна хьалха горахӀуттур ду, ткъа хӀора маттахь Со къобалвина хир ву.
24
Сох лаьцна дуьйцур ду: „Везачу Элехь ю нийсо а, ницкъ а“, — бохуш. Цунна тӀе а баьхкина, юьхьӀаьржачу хӀиттина хир бу Цунна дуьхьалбевлла лелларш.
25
Исраилан тӀаьхьенах болу берриш а Везачу Эло бакъбина хир бу, Цунах цара дозаллаш дийр ду».
← Chapter 44
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
Chapter 51
Chapter 52
Chapter 53
Chapter 54
Chapter 55
Chapter 56
Chapter 57
Chapter 58
Chapter 59
Chapter 60
Chapter 61
Chapter 62
Chapter 63
Chapter 64
Chapter 65
Chapter 66
Chapter 46 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36
37
38
39
40
41
42
43
44
45
46
47
48
49
50
51
52
53
54
55
56
57
58
59
60
61
62
63
64
65
66