bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Isaiah 48
Isaiah 48
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 47
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
Chapter 51
Chapter 52
Chapter 53
Chapter 54
Chapter 55
Chapter 56
Chapter 57
Chapter 58
Chapter 59
Chapter 60
Chapter 61
Chapter 62
Chapter 63
Chapter 64
Chapter 65
Chapter 66
Chapter 49 →
1
ЛадогӀа хӀокхуьнга, Якъубан цӀа, ЯхӀудана тӀера схьадогӀуш долу Исраилан тӀаьхье хьайх олуш долу. Ахьа Везачу Элан цӀарах дуй а боу, Исраилан халкъан Везачу Далла Ӏамал а йо — бакъдолчуьнца а, нийсонца а иза ца дахь а.
2
Аша шаьш езачу гӀалех схьадевлла а, Шен цӀе массо а ницкъийн Веза Эла йолчу, Исраилан халкъан Везачу Делах дозуш ду а боху.
3
Везачу Эло боху Исраилан халкъе: «Дуккха а хьалха дуьйцура Ас хин долу хӀуманаш. Сан багахула царах лаьцна Ас бохура, нахана Ас уьш дӀахозуьйтура. ЦӀеххьана Со лела волавелира, ткъа и хӀуманаш кхочушхуьлура.
4
Суна хаьара, хьо къар ца луш дуйла а, хьан вортана тӀера пхенаш аьчка а, хьаж цӀестан дуйла а.
5
Цундела Ас хьалххе дӀакхайкхадора хьоьга, хиндерг хилла далале. Хьан ала йиш ца хилийта: „И хӀуманаш сан цӀуша дина ду. Дечиган я лалийначу сан суьрто сацам бира и хӀуманаш хилийта“.
6
Хьуна хезна и дерриг а, хьажал цу тӀе! Ахьа тӀе ца лоцу иза? ХӀинца дуьйна Ас керлачу хӀуманех лаьцна дуьйцур ду хьуна. Ас йовзуьйтур ю хьуна хьалха ца евзина йолу къайленаш.
7
Тоххара дуьйна дац, уьш хӀинцца кхоьллина ду. ХӀинццалц царах лаьцна хьуна ца хезна. Цундела хьан ала йиш яц: „ХӀаъ, уьш хууш дара суна!“
8
Хьуна иза хезна а дац, цунах хууш хӀумма а дац. Хьан лергаш хьалха схьадиллина дацара. ХӀунда аьлча Суна хаьара, хьо мел ямарта ву, ненан кийрара схьаваьлчхьана дуьйна, дуьхьалваьлларг ю хьан цӀе.
9
Сайн цӀе бахьана долуш, Ас юхайоккху Сайн оьгӀазалла. Суна болу хастам бахьана долуш, хьо хӀаллак ца ван Со сецаво Ас.
10
Хьажал, хьо цӀанъярхьма Ас лалийна хьо, амма дети санна ца лалийна хьо. Ас зийра хьо баланийн кхерчахь.
11
Аса Сайн дуьхьа до иза — Сайн цӀе емалйойтур яц Ас, Сайн сийлалла цхьанна а дӀалур яц».
12
Везачу Эло боху: «ЛадогӀа Соьга, Якъубан тӀаьхье, Исраилан халкъ, Ас тӀекхайкхина долу! Со — волуш волу Дела ву, Со Дуьххьарлерниг а, ТӀаьххьарлераниг а ву!
13
Сан куьйгаша кхоьллина латта, Сан аьтту куьйго дӀасаяржийна стигалш. Ас латта а, стигал а тӀекхайкхича, уьш Суна хьалха хӀуьттур ду.
14
Схьа а гуллой, ладогӀа, аш массара а! ЦӀушна юкъара хьан аьлла кху хиндолчух лаьцна? Везачу Эло хаьржинчу стага Бавелна дуьхьал йолу Цуьнан Ӏалашо кхочушйийр ю. Хашадхошна тӀехь Шен ницкъ гойтур бу цо.
15
Со цхьаъ ву вистхилларг а, цуьнга схьакхайкхинарг а. Со ву — иза схьавалориг, цуьнан аьтто хир бу ша арабаьккхинчу новкъахь.
16
ХӀинца, Суна улло тӀе а дуьйлий, ладогӀа Ас бохучуьнга. Хьалхе дуьйна а ас къайлаха ца дуьйцура. ХӀара хила доладелчхьана а, Со цигахь ву», — иштта боху Везачу Эло, ткъа хӀинца Хьалдолчу Эло ваийтина со Шен Синца.
17
Иштта боху Везачу Эло, хьо КӀелхьардоккхучо а, Исраилан халкъан Везачу Дала а: «Со Веза Эла ву, хьан Дела, хьуна пайденна дерг Ӏамош волу, хьо ваха везачу новкъа дӀавуьгуш волу.
18
Ас деш долу омранаш ахь тидаме оьцуш делахьара! ТӀаккха хьан синтем дӀадоьду хи санна хир бара, хьан нийсо хӀордан тулгӀенаш санна хир яра.
19
Хьан тӀаьхье хир яра гӀум санна дукха, хьох схьабевлларш — гӀамаран буьртигаш санна. Церан цӀе цкъа а йовр яцара, Суна хьалха уьш дӀахедар бацара».
20
Бавелера арадовла, хашадхойх дӀадовда! Хазахетаран маьхьаршца дӀакхайкхаде иза, массо меттехула дӀасабаржабе и кхаъ: «Везачу Эло мах баларца паргӀатъяьккхина Шен ялхо йолу Якъубан тӀаьхье!» — алий.
21
Везачу Эло Шен халкъ яьссачу аренехула дӀадуьгучу хенахь, наха хьогаллина бала ца лайна. Дала тархах хи даьккхина царна. Цо тарх екъча, хи охьадоладелла.
22
«Ӏесачарна машар хир бац», — боху Везачу Эло.
← Chapter 47
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
Chapter 51
Chapter 52
Chapter 53
Chapter 54
Chapter 55
Chapter 56
Chapter 57
Chapter 58
Chapter 59
Chapter 60
Chapter 61
Chapter 62
Chapter 63
Chapter 64
Chapter 65
Chapter 66
Chapter 49 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36
37
38
39
40
41
42
43
44
45
46
47
48
49
50
51
52
53
54
55
56
57
58
59
60
61
62
63
64
65
66