bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Isaiah 29
Isaiah 29
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 28
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
Chapter 51
Chapter 52
Chapter 53
Chapter 54
Chapter 55
Chapter 56
Chapter 57
Chapter 58
Chapter 59
Chapter 60
Chapter 61
Chapter 62
Chapter 63
Chapter 64
Chapter 65
Chapter 66
Chapter 30 →
1
Везачу Эло боху: «Къа ду Ариалан, шена чохь Дауда меттамотт хӀоттийначу гӀалин! Цхьа шо вукху шаре далийта, цхьана шера чуьра деза денош даздайта.
2
Амма Аса гӀайгӀа йойтур ю Ариале, белхар а, латкъам а хир бу цигахь. Иза Суна сагӀа доккхучу кхерчан юкъ санна хир ю.
3
Хьуна гонах меттаметтанаш дӀахӀиттор ду Аса, тӀеман бӀаьвнашца хьуна го а лаьцна, схьалацаран гӀирсаш хьуна дуьхьал ирахӀиттор бу.
4
Хьо сийсазйина хир ю, лаьттара схьа къамел дийр ду ахьа. Хьан къамел лаьттан чена бухара схьа хезаш хир ду, гӀалартан санна, хир ду хьан аз, чена кӀелхьара шабар-шибар хир ду ахьа бохуш дерг.
5
Кегийра чан санна, дукха хир бу хьан мостагӀий, къизачийн бӀош дӀасакхийсина кегаш санна хир бу. ЦӀеххьана а, бӀаьрган негӀар тухучу юкъана а
6
массо а ницкъийн Везачу Эло стигалан къовкъарца а, лаьттан дегорца а, чӀогӀачу озаца а, дарцаца а, буьрсачу мохаца а, дерриге а дӀакхоллучу цӀерца а гӀо дийр ду хьуна.
7
ТӀаккха Ариална дуьхьал тӀом беш долчу къаьмнийн массо бӀош а, цунна а, цуьнан чӀагӀонашна а тӀелеташ болу мостагӀий а, цунна гӀайгӀа йойтурш а чехка, набарх а, буьйсанан гӀенах а санна, къайлабевр бу.
8
Меца волчунна ша хӀума юуш гӀан го, амма, самаваьлча, иза меца хуьлу, хьогах волчунна ша хи молуш гӀан го, амма, самаваьлча, иза хьогах хуьлу. Иштта хир ду Цийон-ломана дуьхьал тӀом бечу массо а къаьмнийн бӀошна».
9
Инзар а довла, тамаш а бе. Шаьш бӀаьрзе а де, бӀарзделла а хила. Уьш бехна бу, амма чагӀаро ца дина иза, уьш лесташ бу, амма нихано ца дина иза.
10
Везачу Эло шуна чӀогӀа наб яийтина. Цо дӀакъевлина шун бӀаьргаш (уьш пайхамарш бу), Цо дӀахьулдина шун кортош (уьш хиндерг гушберш бу).
11
Делера болу муьлхха а хаам шуна мухӀар тоьхна тептар санна хир бу. Оцу тайпанара тептар деша хуучуьнга дӀа а лой, олу: «Деша иза», амма цо жоп ло: «Ца дешало соьга, хӀунда аьлча и тептар мухӀар тоьхна ду».
12
Деша ца хуучуьнга дӀа а лой, олу: «Деша иза», амма цо жоп ло: «Суна деша ца хаьа».
13
Хьалдолчу Эло элира: «ХӀара халкъ баганца Суна тӀекхочу, маттаца Со лору цо, амма церан дегнаш Суна дукха генахь ду. Суна хьалха болу ларам адамаша Ӏамийна долу парз бен дац.
14
Цундела Аса кхидӀа а оцу къомана инзаре хӀуманаш дийр ду, цуьнан дуьхьа Аса Ӏаламат тамашийна гӀуллакхаш дийр ду. Церан хьекъалчийн хьекъалалла довр ду, кхетам болчийн кхетам а хир бац».
15
Къа ду шайн дагахь дерг Везачу Элах лачкъо гӀертачийн, цара боданехь до шайн зуламе гӀуллакхаш: «Вай хьанна го? Вай дийриг хьанна хаьа?» — бохуш.
16
Ма дуьхьлара ойла ю иза! Поппар а, кхийра пхьегӀа ен пхьар а цхьаъ лара мегар ду ткъа? ХӀумано ша йинчух лаьцна: «Цо ца йина со», — эр дуй? Ша кхоьллинчух лаьцна: «Иза цхьанна а хӀуманах кхеташ вац», — эр дуй хӀумано?
17
Кхин а жимма хан яьлча, Ливанунах беш хир яц, ткъа и беш, хьун санна, лорур яц?
18
Цу дийнахь къорачарна тептар тӀера дешнаш хезар ду, Ӏаьржачу боданах паргӀат а баьккхина, бӀаьрзечеран бӀаьргашна са гур ду.
19
Везачу Эло хазахетар лур ду шаьш кӀезиг хетачарна, мисканаш баккхийбеш хир бу Исраилан Везачу Делах,
20
хӀунда аьлча кхин хир вац къизаниг, кхаьрдаш берш а дӀабевр бу, зуламна тӀехӀиттинарш а хӀаллакбийр бу.
21
Цу наха дешнашца стаг галвоккху, гӀалин кевнехь гӀуллакх къастош волчунна кӀело йо, эрначу къамелца нийса верг дӀатотту.
22
ИбрахӀим кӀелхьарваьккхинчу Везачу Эло иштта боху Якъубан тӀаьхьенах лаьцна: «Якъубан тӀаьхье кхин юьхьӀаьржачу хӀуттур яц, цуьнан юьхь кхин макхлур яц.
23
ХӀунда аьлча Аса кхоьллина долу шен бераш шена гича, Якъубан тӀаьхьено еза лорур ю Сан цӀе. Якъубан Веза Дела цара веза лорур ву, Исраилан Далла хьалха уьш ларамах буьзна хир бу.
24
ТӀаккха са акха долучаьрга хьекъалалла дуссур ду, аьрхачарна ладугӀуш хила Ӏемар ду».
← Chapter 28
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
Chapter 51
Chapter 52
Chapter 53
Chapter 54
Chapter 55
Chapter 56
Chapter 57
Chapter 58
Chapter 59
Chapter 60
Chapter 61
Chapter 62
Chapter 63
Chapter 64
Chapter 65
Chapter 66
Chapter 30 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36
37
38
39
40
41
42
43
44
45
46
47
48
49
50
51
52
53
54
55
56
57
58
59
60
61
62
63
64
65
66