bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Isaiah 43
Isaiah 43
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 42
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
Chapter 51
Chapter 52
Chapter 53
Chapter 54
Chapter 55
Chapter 56
Chapter 57
Chapter 58
Chapter 59
Chapter 60
Chapter 61
Chapter 62
Chapter 63
Chapter 64
Chapter 65
Chapter 66
Chapter 44 →
1
Якъубан тӀаьхье, хьо кхоьллинчу а, Исраилан халкъ, хьо дӀанисдинчу а Везачу Эло хӀинца иштта боху: «Ма кхера — Ас мах баларца паргӀатдаьккхина халкъ ду хьо. Хьан цӀе а йоккхуш, Ас схьакхайкхина хьоьга — Хьо Сан ду.
2
Хьо хийх дехьадолучу хенахь, Со хьоьца хир ву. Хьо Ӏоврех дехьадолучу хенахь, хиша хьо дӀакхоьхьур дац. ЦӀерах хьо дехьадолуш, цо хьо дагор дац, цӀеран алунаша хьуна зе дийр дац.
3
ХӀунда аьлча Со Веза Эла, хьан Дела, Исраилан Веза Дела, хьан КӀелхьардоккхург ву. Ас Мисаран къам дӀало хьан паргӀатонах. Хуша а, Себа а дӀало хьох.
4
Сан бӀаьргаш чохь деза а, хьоме а хьо хиларна, Хьо Сайна дезарна, хьох нах дӀалур бу Ас, хьан синах халкъаш дӀалур ду.
5
Ма кхера — Со хьоьца ву! Малхбалера хьан тайпанаш схьадалор ду Ас, малхбузера шу схьагулдийр ду.
6
Къилбаседе Ас эр ду: „Схьало!“, къилбе а эр ду: „Ма сецабе!“ Юхаберзабе Сан кӀентий генарчу меттигашкара, Сан зудабераш — дуьненан массо а маьӀӀера.
7
Юхаверзаве хӀорра а Сан цӀарца воьзнарг, Сан сий айархьама Ас кхоьллина волу а, Сайн куьйгашца Ас вина а, кеп елла а волу а».
8
«Шен бӀаьргаш доллушехь, бӀаьрзе долу а, шен лергаш доллушехь, къора долу а и халкъ арадаккха, — боху Везачу Эло. —
9
Массо а халкъаш цхьаьна гулдина а ду, дерриге а къаьмнаш вовшахтоьхна а ду. Церан деланех хьан аьлла хиндолчух лаьцна? Юьхьанцара дуьйна хилларг хьан хаийтина? Шайн тешаш балабайта цаьрга, уьш бакъхилар гайта а, церан дешнаш дӀахезча, кхечеран „Иза бакъ ду“ ала йиш хилийта а.
10
Шу, исраилхой, Сан тешаш ду, — боху Везачу Эло. — Ас хаьржина Сан ялхо а ду хьо, Исраилан халкъ, шуна Со вовзийтархьама а, шу Сайх тешийтархьама а, Дела Со хиларх шу кхетийтархьама а. Сол хьалха цхьа а дела ца хилла, Сол тӀаьхьа а хир вац.
11
Со цхьаъ бен Веза Эла вац, Со цхьаъ бен КӀелхьардохург а вац.
12
Хиндерг дӀа а аьлла, Ас шу кӀелхьардехира, хьалхе дуьйна иза дӀахаийтира Ас. Со-м шуна юкъахь хийраниг вац! — боху Везачу Эло, — Шу Сан тешаш ду Со Дела хиларх.
13
Дуьххьарлерчу деношкара схьа Со Дела ву. Сан куьйгах цхьаммо а кӀелхьарвоккхур вац. Ас динарг хьаьнга юхадерзалур ду?»
14
Исраил халкъан Везачу Дала, шу мах баларца паргӀатдаьхначу Везачу Эло, иштта боху: «Шун дуьхьа Ас Бавелна дуьхьал эскар дохуьйтур ду. Берриге а хашадхой, бевдда нах санна, церан дозалла хиллачу кеманашкахь хинехула дӀабуьгур бу Аса.
15
Со ву Веза Эла, шун Веза Дела, Исраилан халкъ Кхоьллинарг, шун Паччахь».
16
Иштта боху хӀорда юккъехула некъ биллина волчу, нуьцкъалчу хишна юккъехула тача даьккхина волчу Везачу Эло.
17
ГӀудалкхаш а, говраш а йолуш долу онда эскар арадаккхийтира Цо, иза хӀаллакьхилийтархьама. Уьш массо а ийгира, кхин цкъа а хьала а ца гӀевттира. Къуьданаш санна, дӀабайра уьш.
18
Везачу Эло боху: «Хьалха хилла хӀуманаш дага а ма леца, дӀадаьллачух лаьцна ойланаш а ма е.
19
Хьовсал, Со керланиг деш ву! Иза хӀинцале схьадеана. Шуна ца хаало иза? Ас яьссачу аренгахь некъаш а дохкур ду, эрначу аренгахь татолаш а хоьцур ду.
20
Акхароша Сан сий до, чангӀалкхаша а, бухӀанаша а Со хаставо, хӀунда аьлча Ас яьссачу аренга хиш даладо, эрначу аренгахь Ас татолаш хоьцу, Айса хаьржинчу Сайн халкъе хи малийтархьама.
21
И халкъ Ас Сайна кхоьллина, цо Сан сий кхайкхор ду».
22
Везачу Эло боху: «Хьо Соьга гӀо доьхуш ца кхайкхина, Якъубан тӀаьхье, Сан дуьхьа ахь хьайна хало ца йина, Исраилан халкъ.
23
Аша дийнаташ дагоран сагӀа даккха уьстагӀий а ца кхехьна Суна, сагӀанаш дахарца Сан ларам а ца бина. Ас шуна кӀен сагӀа даккхар тӀе ца дожийна, хаза хьожа йогӀу хӀуманаш а ца кхехьийтина.
24
Аш Суна ахчанах хаза хьожа йогӀу эрз а ца эцна, я шайн сагӀанийн дийнатийн мохь ягорца там а ца бина. Мелхо а, къинош леторца аша хало йина Суна, шайн харцонашца Со гӀелвина.
25
Со-со ву шун къинош дӀадойуш Верг. Ас иза Сайн дуьхьа до. Шун къинош кхин дагадохкуьйтур дац Аса.
26
Хилларг дагадаийта Суна, цхьаьна къастор ду вай. Дистхила, шу бакъдеш долу бахьанаш даладе.
27
Хьан хьалхарчу дас къа латийна, хьан баьччанаш а Суна дуьхьалбевлла.
28
Цундела Ас сийсазбина хьан Дезачу цӀийнан куьйгалхой. Аса дӀаелла Якъубан тӀаьхье, иза хӀаллакьяйтархьама, Аса дӀаделла Исраилан халкъ, цунах кхардийтархьама».
← Chapter 42
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
Chapter 51
Chapter 52
Chapter 53
Chapter 54
Chapter 55
Chapter 56
Chapter 57
Chapter 58
Chapter 59
Chapter 60
Chapter 61
Chapter 62
Chapter 63
Chapter 64
Chapter 65
Chapter 66
Chapter 44 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36
37
38
39
40
41
42
43
44
45
46
47
48
49
50
51
52
53
54
55
56
57
58
59
60
61
62
63
64
65
66