bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Isaiah 54
Isaiah 54
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 53
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
Chapter 51
Chapter 52
Chapter 53
Chapter 54
Chapter 55
Chapter 56
Chapter 57
Chapter 58
Chapter 59
Chapter 60
Chapter 61
Chapter 62
Chapter 63
Chapter 64
Chapter 65
Chapter 66
Chapter 55 →
1
«Мохь хьекха, бер ца хуьлуш ерг, цкъа а бер хилла а йоцург! Хазахетаран цӀогӀа тоха, мохь хьекха, бер хуьлуш лазарша ца хьийзийнарг, хӀунда аьлча йитинчун бераш сов ду, майра волуш йолчун чул», — боху Везачу Эло.
2
«ДӀасашоръе хьайн четар лаьтта меттиг, хьайн хӀусамийн шаршуш дӀаяржае! Юха ма оза! Четар чӀагӀдеш долу машшаш дӀахеца, ткъа машшийн хьостамаш лаьттах чӀагӀде!
3
ХӀунда аьлча хьо аьтту а, аьрру а агӀор дӀасаяьржар ю. Хьан тӀаьхьенах болчара халкъаш карадерзор ду, яссийна церан гӀаланаш хьалаюзур ю.
4
Кхера ма кхера — кхин юьхьӀаьржачу хӀуттур яц хьо. Эхь хеташ ма хила — кхин аьшнаш йийр яц хьо. Хьайн жимачу хенахь юьхьӀаьржачу хӀоттар дицлур ду хьуна, хьайн йисина Ӏаш сий дайна хилар дага а догӀур дац хьуна.
5
Хьо Кхоьллинарг ву хьан майра — Цуьнан цӀе массо а ницкъийн Веза Эла ю. Хьо ПаргӀатъяьккхинарг Исраилан халкъан Веза Дела ву, Цунах дерриге а лаьттан Дела олу.
6
Везачу Эло кхойкху хьоьга, йитина а, дог доьхна а йолчу зудчуьнга санна, жимачу хенахь ялийна а, юха дӀатесна а йолчу зудчуьнга санна, — боху хьан Дала. —
7
КӀеззигчу ханна Ас йитинера хьо, амма боккхачу къинхетамца Ас юхаялор ю хьо.
8
ОьгӀазваханчохь Сайн юьхь хьох къайлаяьккхинера Ас, амма хедар боцучу безамца Ас къинхетам бийр бу хьох», — боху хьо КӀелхьарйоккхуш волчу Везачу Эло.
9
«Суна иза Нохьин деношкахь санна ду. Цу хенахь Ас чӀагӀо йира, кхин цкъа а лаьтта тӀе Нохьин хиш дер дац аьлла. ХӀинца Ас чӀагӀо йо кхин хьуна оьгӀаз ца ваха а, бехкаш ца даха а.
10
Лаьмнаш дегадахь а, гунаш меттахдовлахь а, Сан хьоьга болу хедар боцу безам дӀабер бац, Сан хьоьца бина машаран барт меттахбер бац», — боху хьох къинхетам беш волчу Везачу Эло.
11
«Пекъар йолу, мохо дӀасалестош йолу, шена синтем ца бина йолу гӀала! Ас-Айса хьан тӀулгаш поппарца дуттур ду, хьан бух саппир-тӀулгех буттур бу,
12
хьан бӀаьвнаш рубинех йийр ю, кевнаш — къегачу жовхӀарех, ткъа дерриг а пенаш дезачу тӀулгех дуттур ду.
13
Везачу Эло Ӏамор бу хьан берриг а кӀентий, церан машар а, беркат а доккха хир ду.
14
Нийсонна тӀехь чӀагӀйина хир ю хьо. Ӏазап дар хьуна генадер ду, хьо кхера оьшуш хӀумма а дац. Къемат хьуна генадер ду, иза хьуна улло догӀур дац.
15
Нагахь хьуна тӀе цхьаъ латахь а, иза Соьгара хир дац. Милла а хьох латахь а, иза ша вужур ву.
16
Хьажал, Ас аьчка пхьар кхоьллина, цо, алу алсам а йоккхий, балхана догӀуш долу герз кечдо. Ткъа иштта Ас кхуллу хӀаллакдийриг а, цуьнга адамаш хӀаллакдайтархьама.
17
Хьуна дуьхьал даьккхинчу цхьана а герзо хьуна зулам дийр дац. Хьо бехке вечу муьлххачу а маттана дуьхьало ялур ю хьоьга. Иза Везачу Элан ялхойн тӀаьхье ю, Соьгара долу церан бакъдар ду», — боху Везачу Эло.
← Chapter 53
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
Chapter 51
Chapter 52
Chapter 53
Chapter 54
Chapter 55
Chapter 56
Chapter 57
Chapter 58
Chapter 59
Chapter 60
Chapter 61
Chapter 62
Chapter 63
Chapter 64
Chapter 65
Chapter 66
Chapter 55 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36
37
38
39
40
41
42
43
44
45
46
47
48
49
50
51
52
53
54
55
56
57
58
59
60
61
62
63
64
65
66