bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Isaiah 51
Isaiah 51
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 50
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
Chapter 51
Chapter 52
Chapter 53
Chapter 54
Chapter 55
Chapter 56
Chapter 57
Chapter 58
Chapter 59
Chapter 60
Chapter 61
Chapter 62
Chapter 63
Chapter 64
Chapter 65
Chapter 66
Chapter 52 →
1
Везачу Эло боху: «ЛадогӀа Соьга, нийсонна тӀе гӀертарш, Веза Эла лоьхурш! Шаьш схьахьаькхначу тархе хьовса, шаьш чуьра схьадаьхначу оре хьовса.
2
Хьовсал шайн дега ИбрахӀиме а, шаьш динчу Сарате а. Ас тӀекхайкхинчу хенахь иза цхьаъ бен вацара, амма иза декъал а вина, бераш а делла, Аса цуьнан тӀаьхье дебийтира.
3
Иштта Везачу Эло Цийонан догъоьцур ду, цуьнан херцораш юкъахь болчарна синтем а лур бу. Цуьнан яьсса аренаш Ӏедан-беш санна йийр ю, цуьнан эрна аренаш Везачу Элан беш санна йийр ю. Самукъадалар а, хазахетар а хир ду цигахь, баркаллаш бохур ду, эшарш а лоькхур ю.
4
ЛадогӀа Соьга, Сан халкъ, ладогӀа Ас бохучуьнга: Соьгара товрат-хьехам схьабер бу, Сайн нийсо Ас къаьмнашна серло йина дӀахӀоттор ю.
5
Сан нийсо гергакхочуш ю, Ас лун долу кӀелхьардаккхар новкъа даьлла ду. Ас-Айса нийсонца олалла дийр ду халкъашна тӀехь. ХӀордан йистера халкъаш хир ду Со варе сатуьйсуш, шайна гӀо ден долчу Сан куьйге хьоьжуш.
6
Хьалахьовсал стигала, охьахьовсал лаьтта! Стигалш дӀаевр ю, кӀур санна. Латта тишлур ду, бедар санна, цуьнан бахархой а лийр бу, мозий санна. Амма Сан кӀелхьардаккхар гуттар а хир ду. Сан нийсо цкъа а дӀаер яц.
7
ЛадогӀа Соьга, бакъдерг девзаш дерш, Сан товрат-хьехам шайн дегнашкахь болу халкъ. Наха шайна кхиссарш ярх ма кхера, уьш шайх кхардарх а ма къахка.
8
Бедар санна, нецано дӀабуур бу уьш, тӀаргӀа санна, нӀаьно дӀакхоллур бу. Ткъа Сан нийсо гуттар а хир ю, Сан кӀелхьардаккхар тӀаьхьенашкара тӀаьхьенашка кхочур ду».
9
ГӀаттахьа, Веза Эла, гӀо дехьа тхуна! Хьайн ницкъаца тхо кӀелхьардахахьа. ГӀаттахьа, хьалхалерчу заманашкахь санна, дӀаяханчу тӀаьхьенийн деношкахь санна! РахӀаб-саьрмик дӀахедийнарг Хьо вацара ткъа? Цу хӀордан саьрмиках тур Ӏоьттинарг Хьо вацара ткъа?
10
Ахь ца бакъийна хӀорд, йоккхачу кӀоргаллин хиш, хӀордан бухахула некъ а буьллуш, кӀелхьарбевлларш цунна тӀехула дехьабовлийта?
11
Ахь мах баларца паргӀатбаьхнарш юхабоьрзур бу. Эшаршца Цийон-лам тӀе богӀур бу уьш, гуттар а долу хазахетар хир ду церан кортош тӀехула. Хазахетар а, самукъадалар а карор ду царна, сингаттам а, даккхий синош дахар а дӀадевр ду.
12
Везачу Эло боху: «Со-суо ву шун догъоьцуш Верг. Хьо хӀунда кхоьру лийр волчу стагах, буц санна телхачу адамийн кӀантах?
13
Хьуна хӀунда вицло хьо кхоьллина волу а, стигалш дӀасаяржийна волу а, лаьттан баххаш дӀахӀиттийна волу а Веза Эла? Хьо хӀаллакван кийча волуш волчу, хьуна гӀело ечун дералла бахьана долуш, дерриг а дийнахь хьо хӀунда кхоьруш лаьтта? Мичахь ю хьуна гӀело ечун дералла?
14
Йийсархо кестта паргӀатвоккхур ву. Иза ор чохь а лийр вац, цунна бепиг ца тоьуш а хир дац.
15
Со Веза Эла, хьан Дела, ву. Ас хӀорд ловзабоккху, цуьнан тулгӀенашка гӀовгӀа а йойтуш. Сан цӀе массо а ницкъийн Веза Эла ю!
16
Ас Сайн дешнаш хьан бага дехкина, Сайн куьйган ӀиндагӀехь хьо къайлаваьккхина, хьоьга стигалш дӀасаяржаяйта а, лаьттан баххаш дӀахӀиттадайта а, Цийоне: „Хьо Сан халкъ ду!“ — алийта а».
17
Самаялахьа, самаялахьа, гӀаттахьа, Ярушалайм! Везачу Элан карара Цуьнан дераллин кад мелла ахь. Кад берриг а бассийна ахь, цо хьо тахкийна.
18
Ахь мел бинчу кӀенташна юкъахь цхьа а вацара хьо дӀайига. Ахь мел кхиийначу берашна юкъахь цхьа а дацара хьан куьг схьалаца.
19
Хьуна тӀе ши бохам беана — хьан бийр бу хьуна синтем? ЧӀанадаккхар а, хӀаллакдар а, мацалла а, туьра кӀел дахар а — и дерриге а хьуна тӀе деана — хьан дог Ас хьаьнгахула оьцур ду?
20
ГӀелбелла хьан кӀентий хӀора ураман гола тухучохь Ӏохкуш бу. РечӀано лаьцна сай санна бу уьш. Уьш Везачу Элан оьгӀазаллах а, хьан Делан къематах а буьзна бу.
21
ЛадогӀа хӀокху хӀумане, бала хьоьгуш верг а, чагӀар малаза вехна верг а.
22
Иштта боху хьан Хьалдолчу Эло, Шен халкъ лардеш волчу хьан Дала: «Хьан куьйгара схьаоьцу Ас хьо тахкийна болу кад. Сан дераллах буьзна болчу хӀокху кедара ахь кхин мер дац.
23
Ас хьуна ницкъ биначеран кара лур бу иза. Цара хьоьга элира: „Охьайижа лаьтта, тхо хьайна тӀехула дӀасалелийта“. Ахь хьайн букъах латта а, урам а бира, нах тӀехула лелийта».
← Chapter 50
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
Chapter 51
Chapter 52
Chapter 53
Chapter 54
Chapter 55
Chapter 56
Chapter 57
Chapter 58
Chapter 59
Chapter 60
Chapter 61
Chapter 62
Chapter 63
Chapter 64
Chapter 65
Chapter 66
Chapter 52 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36
37
38
39
40
41
42
43
44
45
46
47
48
49
50
51
52
53
54
55
56
57
58
59
60
61
62
63
64
65
66