bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Isaiah 61
Isaiah 61
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 60
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
Chapter 51
Chapter 52
Chapter 53
Chapter 54
Chapter 55
Chapter 56
Chapter 57
Chapter 58
Chapter 59
Chapter 60
Chapter 61
Chapter 62
Chapter 63
Chapter 64
Chapter 65
Chapter 66
Chapter 62 →
1
Хьалдолчу Элан Са дагца ду Сан, хӀунда аьлча Везачу Эло Со къобалвина мискачарна хаза кхаъ кхайкхо. Цо хьажийна Со дог доьхначарна дарба дан, йийсархошна паргӀатдовлар кхайкхо, тутмакхаш набахтера арабаха,
2
Везачу Эло диканца леладо шо а, вайн Делан бекхаман де а кхайкхо, гӀайгӀанехь мел болчеран догъэца,
3
Цийонехь гӀайгӀа ечарна хазахетар тилла — чиман метта, царна таж лур ду, белхаран метта, самукъадалар лур ду, эшначу синан метта — хастаман духар. Царах эр ду нийсонан нежнаш, Шен исбаьхьалла дӀагайтархьама, Везачу Эло доьгӀна долу.
4
Цара шира херцораш юхаметтахӀиттор ю, тоххара дуьйна йохийна меттигаш тойийр ю. Дуккха а тӀаьхьенашкара дуьйна яссийна лаьтташ йолу гӀаланаш карлайохур ю цара.
5
Кхечу мехкашкарчу наха шун жаш дажор ду. Хийра нах хир бу шун латта лелош а, кемсаш кхиош а.
6
Ткъа шух Везачу Элан динан дай эр ду, вайн Далла гӀуллакх деш берш аьлла, цӀе йоккхур ю. Халкъийн хьоло кхобур ду шу, церан дозаллех аш куралла йийр ю.
7
Шун юьхьӀаьржачу хӀоттаран метта лаьттан шозза дакъа лур ду шуна. Шу сийсаздахаран метта шайга кхаьчначух даккхийдеш хир ду шу. Иштта, шун махкахь шозза дакъа лур ду шуна, гуттаренна а долу хазахетар хир ду шун.
8
«ХӀунда аьлча Суна, Везачу Элана, нийса кхелъяр деза, ницкъбарца долу талор ца деза. Тешаме а волуш, Ас совгӀат лур ду царна, гуттаренна болу барт а бийр бу цаьрца.
9
Царах схьабевлларш къаьмнашна юкъахь бевзаш хир бу, ткъа церан тӀаьхье халкъашна юкъахь евзаш хир ю. Уьш мел гуш болчарна хуур ду, Везачу Эло декъалдина халкъ иза дуйла».
10
Сайн Везачу Элах йоккхаеш хир ю со, сан са хир ду сайн Делах доккхадеш. Цо кӀелхьардаккхаран бедарш юьйхина суна тӀе, Цо нийсонан оба суна тӀе хьулйина, зудаялочо динан дайн чалба коьрта тӀе тиллича санна а, нускало жовхӀаршца ша хазъян санна а.
11
Лаьтто шен ялта кхиоре терра а, бешо стоьмаш хьалабахаре терра а, Везачу Эло нийсо кхуьуьйтур а ю, массо а халкъашна хьалха Шена хастамаш бойтур а бу.
← Chapter 60
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
Chapter 51
Chapter 52
Chapter 53
Chapter 54
Chapter 55
Chapter 56
Chapter 57
Chapter 58
Chapter 59
Chapter 60
Chapter 61
Chapter 62
Chapter 63
Chapter 64
Chapter 65
Chapter 66
Chapter 62 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36
37
38
39
40
41
42
43
44
45
46
47
48
49
50
51
52
53
54
55
56
57
58
59
60
61
62
63
64
65
66