bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Isaiah 2
Isaiah 2
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 1
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
Chapter 51
Chapter 52
Chapter 53
Chapter 54
Chapter 55
Chapter 56
Chapter 57
Chapter 58
Chapter 59
Chapter 60
Chapter 61
Chapter 62
Chapter 63
Chapter 64
Chapter 65
Chapter 66
Chapter 3 →
1
Амосан кӀантана ЕшаӀ-ЯхӀуна ЯхӀуд-махках а, Ярушалаймах а лаьцна сурт хӀоьттира. Цо иштта хаам бора:
2
ТӀаьхьарчу деношкахь иштта хир ду: Везачу Элан цӀа лаьтташ болу лам массо а лаьмнийн коьрте дӀахӀоттор бу. Иза массо а баьрзнел лакхабер бу, цунна тӀе дерриг а халкъаш оьхур ду.
3
Дуккха а халкъаш тӀедогӀур ду. Цара эр ду: «Схьадуьйла, вай Везачу Элан лам тӀе а, Якъубан Делан цӀа долчу а хьаладевр ду. Везачу Эло вайна Шен некъашца лела хьоьхур ду. ТӀаккха вай, Цуьнан некъашца а лелаш, дехар ду». ХӀунда аьлча товрат-хьехам Цийон-лам тӀера схьабер бу, ткъа Везачу Элан дош Ярушалаймера схьадер ду.
4
Цо къаьмнашна юкъахь маслаӀат дийр ду, дукхачу халкъашна юкъара къовсамаш совцор бу. ТӀаккха цара шайн таррех хьонхалш бийр бу, ткъа гоьмукъех маьрсаш дийр ду. Цхьана халкъо вукху халкъана тӀе тур ойур дац. Уьш тӀом бан кхин Ӏемар бац.
5
Яло, Якъубан тӀаьхье! Везачу Элан серлонехь лелар ду вай.
6
Ахьа Хьайн халкъ, Якъубан тӀаьхье, дӀа ма тесна, хӀунда аьлча нах малхбалера долчу Ӏадатех буьзна бу, пӀелаштамхоша санна, цара бозбунчалла леладо, ткъа хийрачу къаьмнийн нахаца тӀекаре ю церан.
7
Цу халкъан латта детих а, деших а дуьзна ду, дагар ца даллал хазнаш ю цуьнан, латта дӀалаьцна говраш а ю, ягар ца яллал гӀудалкхаш а ю.
8
Цуьнан латта цӀуша дуьзна, шайн куьйгаша бинчу царна Ӏибадат деш бу и нах.
9
ХӀора адамо царна хьалха ша лахдо, хӀора стаг царна охьатаьӀа. Царна геч ма дехьа!
10
Хьехашна чу а гӀой, лаьтта бухахь къайладовла Везачу Элана хьалха болчу кхерамах а, Цуьнан возаллин сийлаллех а.
11
Стеган лакхара хьажар охьатаӀийна хир ду, адамийн дегалла лахъер ю. Цу дийнахь цхьа Веза Эла хир ву лакхахь лаьтташ.
12
Берриг а ницкъийн Везачу Элан де догӀур ду курачунна а, дегалчунна а, айаделлачунна а — уьш берриш а охьатаӀор бу.
13
И де догӀур ду лекха а, айаделла а долчу Ливанунан баган-дитташна а, Башанан нежнашна а,
14
дерриге а лекхачу лаьмнашна а, айаделлачу гунашна а,
15
муьлххачу а лекхачу бӀаьвнна а, муьлххачу ондачу пенна а,
16
Таршашан дерриге а хӀордкеманашна а, уггар хазачу кеманашна а.
17
Стеган куралла лахйийр ю, адамийн дегалла охьатаӀийна хир ю. Цу дийнахь цхьа Веза Эла хир ву лакхахь лаьтташ,
18
ткъа цӀуш гуттаренна а дӀабевр бу.
19
Тархашкахь долчу хьехаш чу а, лаьттарчу оьрнаш чу а дӀалечкъар бу нах, Везачу Элах а, Цуьнан возаллин сийлаллех а кхерабелла, Иза латта дего веача.
20
Цу дийнахь стага ша Ӏибадат дан бина дато а, дашо а цӀуш боьлкъазаршна а, бирдолагашна а дӀакхуьйсур бу,
21
тархашкахь долчу хьехаш чу а, лаьттарчу оьрнаш чу а дӀалачкъархьама, Везачу Элах а, Цуьнан возаллин сийлаллех а кхера а велла, Иза латта дего веача.
22
Стагах бӀобулий ма Ӏе — мерӀуьргашкахула синош дахарца бен иза ца веха. Цунна тӀетовжа йиш юй ткъа?
← Chapter 1
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
Chapter 51
Chapter 52
Chapter 53
Chapter 54
Chapter 55
Chapter 56
Chapter 57
Chapter 58
Chapter 59
Chapter 60
Chapter 61
Chapter 62
Chapter 63
Chapter 64
Chapter 65
Chapter 66
Chapter 3 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36
37
38
39
40
41
42
43
44
45
46
47
48
49
50
51
52
53
54
55
56
57
58
59
60
61
62
63
64
65
66