bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Isaiah 44
Isaiah 44
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 43
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
Chapter 51
Chapter 52
Chapter 53
Chapter 54
Chapter 55
Chapter 56
Chapter 57
Chapter 58
Chapter 59
Chapter 60
Chapter 61
Chapter 62
Chapter 63
Chapter 64
Chapter 65
Chapter 66
Chapter 45 →
1
Везачу Эло боху: «ЛадогӀа Соьга хӀинца, Сан ялхо йолу Якъубан тӀаьхье, Ас хаьржина долу Исраилан халкъ, ладогӀа Соьга.
2
Хьо кхоьллинчу а, ненан кийрахь долуш дуьйна хьо дӀанисдинчу а Везачу Эло иштта боху, ткъа Цо хьуна гӀо дийр ду: „Кхера ма кхера, Сан ялхо йолу Якъубан тӀаьхье, ма кхера, Ас хаьржина долу Сан хьоме халкъ.
3
Ас хи доссор ду хьогах долчу лаьттана, татолаш хоьцур ду екъачу аренашка. Ас Сайн Деза Са хьан берашна тӀе доссор ду, Сан декъалдар хоьцур ю хьан тӀаьхьенашка.
4
Бай тӀера буц санна, кхуьур бу уьш, хин йистера акхтаргаш санна, хьалабевр бу.
5
Цхьаммо ша Везачу Элан ву эр ду, вукхо ша Якъубан лорур ву. Шен куьйга ша Везачу Элан ву аьлла дӀа а яздина, кхоалгӀачо ша Делан Исраилан халкъан лорур ву“».
6
Иштта боху Везачу Эло, Исраилан халкъан Паччахьо а, и халкъ ПаргӀатдоккхучо а, массо а ницкъийн Везачу Эло: «Со Дуьххьарлерниг а, ТӀаьххьарлераниг а ву, Со воцург, кхин Дела вац.
7
Ас шира халкъ дӀанисдинчу заманахь дуьйна хилларг Со воцучуьнга кхин хьаьнга кхайкхалур а, дӀадийцалур а, Суна хьалха охьадиллалур а дара? Хиндолчу гӀуллакхех лаьцна аьлча, хиндерг дийцийта цуьнга!
8
Кхера а ма кхера, доха а ма доха. Ширачу заманахь дуьйна хӀокху хене кхаччалц, дерриг а хиндерг Ас дӀакхайкхийна. Ткъа шу Сан тешаш а ду. Со воцург, кхин Дела вуй? ХӀан-хӀа, кхин цхьа а Тарх яц. Суна ца евза цхьа а».
9
ЦӀуш беш берш — берриш а хӀумма а йоцу хӀуманаш ю. Царна дукхаезаш йолу хӀуманаш пайда боцуш ю. Оцу цӀуйх тоьшалла дечарна хӀумма а ца го, хӀумма а ца хаало. Уьш юьхьӀаьржачу хӀиттор бу.
10
Шена цхьа а пайда ца бахьан волу дела хьан вийр ву лалийна воьттинчу цӀунах?
11
Иза деш верг а, цуьнан уллоранаш а юьхьӀаьржачу хӀуьттур бу. Пхьераш шаьш а адамаш бен ма дац. Массо а схьа а гулбалийтий, цхьаьна дӀахӀиттийта уьш. Нахала а баьхна, уьш кхоьруш хир бу.
12
Аьчкапхьеро шен гӀирсаца кӀоранан алу тӀехь болх бо. Цо жӀаьвнашца аьчках цӀунан кеп йо. Цо, шен куьйгийн ницкъ ма-кхоччу, болх бо. Иза мац а ло, гӀоранах а оьшу, хьаг а ло, кӀад а ло.
13
Дечигпхьеро дечиг тӀехь юстаран тӀийраг кховдайо. Суьртана гонах къоламца сизаш хьокху цо. Уьрсаца дӀа а хедийна, шен гӀирсаца леррина кеп гойту. Дечигах стеган кеп йо цо, хазачу адаман аматехь сурт до цо, и цӀу цхьана цӀа чохь Ӏайтархьама.
14
Цо баганан дитташ хедадо, шена ножан я зоьзан дитт схьакхоьхьу. Хьуьнан юккъера шена дитташ схьа а хоржу. Цу стага къахьаштонан дитт дӀадугӀу, ткъа догӀано иза доккха хуьлуьйту.
15
Цу дечигех стагана ягориг хуьлу. Царах цхьа дакъа, цӀе а латийна, вохвала а, бепиг датта а схьаоьцу цо, ткъа вукху декъах цӀу а вой, цунна Ӏибадат до.
16
Дечиган цхьа дакъа цӀергахь дагадо, цу тӀехь кхача а кечбо, жижиг а дотту, иза вуззалц даа а доу. Цул сов, цӀера уллохь вох а луш, стага олу: «Ма дика ду! Со хӀинца вохвелла. Суна йовхо хаало».
17
Бухадисинчу дечигах цо дела во, шен цӀу. Цунна Ӏибадат а деш, стага боху: «КӀелхьарваккхахьа со, хьо сан дела ма ву».
18
Царна хӀумма а ца хаьа, уьш хӀумманах а ца кхета. Церан бӀаьргаш а, дегнаш а дӀакъевлина ду, царна са ца гайта а, церан кхетам ца хилийта а.
19
Стаг ца кхета, цуьнан хьекъал ца кхочу ала: «Ах дечиг цӀергахь дага а дина, цу тӀехь бепиг а деттина, жижиг а кхерзина ас. Ткъа дисинчух аса дегаза цӀу вийр варий те? Дечиган юьхкана со сужда гӀур варий те?»
20
Овкъарна тӀаьхьаваьлла лела иза, Ӏехийначу даго харц новкъа ваьккхина иза. Шен са паргӀат а даьккхина, цуьнга ца алало: «Сан аьтту куьйгахь харцо юй теша?»
21
Везачу Эло боху: «Дагахь латтаде иза, ва Якъубан тӀаьхье, ва Исраилан халкъ, хьо Сан ялхо хиларна. Ас кхоьллина хьо, хьо Сан ялхо ду. Ва Исраил, Суна цкъа а дицлур дац хьо.
22
Ас хьан зуламаш, дохк санна, дӀадаьхна, Ас хьан къинош, марха санна, дӀадайина. Юхаверза Суна тӀе, хӀунда аьлча Ас мах баларца паргӀатваьккхина хьо».
23
Хазахетарца, яккхийъейша, стигалаш, хӀунда аьлча Везачу Эло дина иза! Хазахетаран гӀовгӀа яккхийша, лаьттан бухахь йолу меттигаш! Хазахетарца декийша, лаьмнаш, хьаннаш, церан дерриг а дитташ! Якъубан тӀаьхье Везачу Эло паргӀатъяьккхина ю, Исраилан халкъана юкъахь Шен сийлалла гойту Цо.
24
Хьан ПаргӀатдоккхург а, ненан кийрахь долуш дуьйна хьо дӀанисдинчу а Везачу Эло иштта боху: «Дерриг а хӀума кхоьллина волу Веза Эла ву Со. Ас-Айса дӀасаяржийна стигалш, Сайн ницкъаца латта а дӀадаржийна.
25
Харцпайхамарийн билгалонаш талхайо Ас, пал тосуш болчийн сонталла гучу а йоккху. Хьекъалчийн хьехам Ас бохабо, церан хьекъалх сонталла а йо.
26
Сайн ялхойн дешнаш дӀачӀагӀдо Ас, Сайн геланчаша аьлларг кхочуш а до. Ас аьлла Ярушалайме: „Цунна чохь халкъ дехаш хир ду“, ткъа ЯхӀудан гӀаланашка: „Уьш юха а дӀахӀиттийна хир ю, церан къапалгаш Аса юхаметтахӀиттор ю“.
27
КӀоргачу хине Ас боху: „Дакъало! Ас дӀалакъор ду хьан татолаш“.
28
Къуреш-паччахьах боху Ас: „Иза Сан Ӏу ву. Цо Сан лаам кхочушбийр бу. Ярушалаймах цо эр ду: ‘ЮхаметтахӀоттае и гӀала!’ Делан цӀийнах эр ду цо: ‘Цуьнан бух дӀахӀоттабе!’“»
← Chapter 43
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
Chapter 51
Chapter 52
Chapter 53
Chapter 54
Chapter 55
Chapter 56
Chapter 57
Chapter 58
Chapter 59
Chapter 60
Chapter 61
Chapter 62
Chapter 63
Chapter 64
Chapter 65
Chapter 66
Chapter 45 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36
37
38
39
40
41
42
43
44
45
46
47
48
49
50
51
52
53
54
55
56
57
58
59
60
61
62
63
64
65
66