bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Isaiah 34
Isaiah 34
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 33
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
Chapter 51
Chapter 52
Chapter 53
Chapter 54
Chapter 55
Chapter 56
Chapter 57
Chapter 58
Chapter 59
Chapter 60
Chapter 61
Chapter 62
Chapter 63
Chapter 64
Chapter 65
Chapter 66
Chapter 35 →
1
ТӀедуьйла, массо а халкъаш, ла а дугӀуш! Тидам бе, къаьмнаш! Лаьттана а, дерриг а цунна тӀехь долчунна а, дуьненна а, дерриг а цунна чохь долчунна а дӀахезийла!
2
Веза Эла массо а халкъана оьгӀазвахана ву, церан эскаршна дуьхьалъяьккхина ю Цуьнан дералла. Цо уьш берриш а хӀаллакбан билгалбехира, уьш байа дӀабелира.
3
Церан байинарш дӀасакхиссина хир бу, церан декъашна тӀера хьалаоьхуш хьожа хир ю. Лаьмнаш дашор ду церан цӀийно.
4
Стигалара дерриг а седарчий телхар ду, стигал а хьаьрчар ю, хьарчийна тептар санна. Седарчийн эскар а, кемсийн таьлланга тӀера чудужу гӀа санна а, инжиран дитта тӀера маргӀалдоьлла гӀа санна а, чудужур ду.
5
Везачу Эло боху: «Сан тур стигалахь, дераллах даха а дехна, кечдина ду. Хьовсал, кхел ян езачу а, Аса дерриг хӀаллакден долчу а Эдоман халкъана тӀедуссуш ду иза».
6
Везачу Элан тур цӀийх дузур ду, махьарх а дазлур ду — Ӏахарийн а, бежалойн а цӀийх дузур ду, уьстагӀийн жаннаш тӀерачу махьарх а дазлур ду иза. ХӀунда аьлча Бацар-гӀалахь сагӀа даккхар а, Эдоман лаьтта тӀехь, доккха цӀий Ӏанош, урс хьакхар а хир ду Везачу Элан.
7
Цаьрца цхьаьна бугӀанаш а, старгӀанаш а, стерчий а охьаоьгур ду, церан цӀий лаьттах чекхдер ду, церан махьаро чан яшор ю.
8
Везачу Эло бекхам баран де а, мостагӀех акхаран шо а билгалдаьккхира. Цийонан гӀуллакх лардийр ду Цо.
9
Эдоман хих силам хир ду, цуьнан чан саьмгал хилла дӀахӀуттур ю, ткъа лаьттах догуш долу силам хир ду.
10
Дийнахь а, буса а дӀа а ца довш, догуш хир ду и латта, массо а хенахь кӀур хир бу цунна тӀера хьалаоьхуш. Массо а тӀейогӀучу тӀаьхьенехь дӀатесна а, даьсса а хир ду иза. Абаденналц цхьа а гӀур вац цунна тӀехула дӀа.
11
Куьйранаша а, зуьнаша а дӀалоцур ду и латта, ткъа бухӀанаша а, къийгаша а шайн бенаш цигахь дийр ду. Везачу Эло Эдоман мохк баьсса а, кегарин а хуьлуьйтур бу.
12
Баьччанех цхьа а вуьсур вац цигахь, махкана тӀехь паччахьалла дан кхайкха, берриг а цигара элий дӀабевр бу.
13
КӀохцалш долу коьллаш дезачу цӀеношкахь кхуьур ю, баьӀаша а, нитташа а гӀепаш къайлайохур ю. ЧангӀалкхаш а, бухӀанаш а Ӏийр ю цигахь.
14
Яьссачу аренан акхарой акхачу жӀаьлешца цхьаьнакхетар ю цигахь, акха гезарий хир ю вовшашка Ӏоьхуш. Буьйсанан гӀаларташ хир ду цигахь садоӀуш а, шайна синтем лоьхуш а.
15
БухӀано, бен а бина, тевна хиъна, хӀоаш дохур ду цигахь. Ша даьхна кӀорнеш шен тӀемийн ӀиндагӀехь лардийр ду цо. Маккхалш а гуллур ю цигахь цхьаъ вукхунна тӀаьххье.
16
Везачу Элан тептар тӀехь схьа а лахий, дӀадеша: оцу акхаройх цхьа а цигахь йоцуш хир яц, ткъа цхьа а стен дийнат боьршаниг доцуш хир дац, хӀунда аьлча Цо Ша омра дина, Цуьнан Сино схьагулдийр ду уьш цхьаьна.
17
Цо Ша тесна царна кхаж, Цуьнан куьйго шен барамца декъна царна. Массо а хенахь цара дола дийр ду цу лаьттан, тӀаьхьенашкара тӀаьхьенашкахь цунна тӀехь Ӏийр ду уьш.
← Chapter 33
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
Chapter 51
Chapter 52
Chapter 53
Chapter 54
Chapter 55
Chapter 56
Chapter 57
Chapter 58
Chapter 59
Chapter 60
Chapter 61
Chapter 62
Chapter 63
Chapter 64
Chapter 65
Chapter 66
Chapter 35 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36
37
38
39
40
41
42
43
44
45
46
47
48
49
50
51
52
53
54
55
56
57
58
59
60
61
62
63
64
65
66