bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Isaiah 32
Isaiah 32
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 31
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
Chapter 51
Chapter 52
Chapter 53
Chapter 54
Chapter 55
Chapter 56
Chapter 57
Chapter 58
Chapter 59
Chapter 60
Chapter 61
Chapter 62
Chapter 63
Chapter 64
Chapter 65
Chapter 66
Chapter 33 →
1
Хьовсал, цхьа паччахь хир ву нийсонца урхалла деш, иштта тхьамданаш а хир бу бакъонца куьйгалла деш.
2
Царах хӀора а мохана дуьхьал йолу дӀалечкъийла а, йочанина йина кхалор а, яьссачу арахь долу хьоста а, хьогах долчу лаьтта тӀе доьжна лекхачу тархан ӀиндагӀ а санна хир ду.
3
Адамийн бӀаьргаш кхин бӀарзбина хир бац, ткъа церан лергашца цара тидамца ладугӀур ду.
4
Ойла ца ечеран хьекъал хӀума хууш а, цунах кхеташ а хир ду, мотт тиссалучара шера а дуьйцур ду.
5
Ӏовдалах иза лараме ву кхин эр дац, ямартчух иза хьанал ву а эр дац.
6
ХӀунда аьлча Ӏовдало сонта хӀума дуьйцу, цуьнан дагахь вониг дар ду. Цо Ӏесалла лелайо, Веза Эла емалво, мецачун лаам Ӏаба ца бо, ткъа хьогахверг хи доцуш вуьту.
7
Ямартчун гӀуллакхаш зуламе ду: цо ямартло ян ойла йо, къениг харц дешнашца хӀаллаквархьама, и къениг нийса воллушехь.
8
Ткъа хьаналчо ойла а хьаналниг йо, дерриге а цӀена долчунна тӀехь лаьтта иза.
9
ГӀайгӀа йоцу зударий! Хьала а гӀовттий, ладогӀа соьга. Шаьш сашортехь бу моьттуш болу мехкарий! ЛадогӀа сан дешнашка.
10
Шарал сов, кхин масех де даьлча, кхерамца дегош хир ду шу, гӀайгӀа йоцурш! ХӀунда аьлча кемсаш а лахьор яц, ялта чудерзо хан тӀе а кхочур яц.
11
Бегало, гӀайгӀа йоцу зударий! Лесташ хила, синтемехь болу мехкарий! Шайн бедарш охьа а кхиссий, гӀодаюккъе сингаттаман духар дехка.
12
Хьалха ка а етташ, делха шайн яйначу исбаьхьачу аренех, хьийкъина стом лучу кемсийн таьллангех.
13
ГӀайгӀа е тӀехь коканан коьллаш а, кӀохцалш а долчу Сан халкъан лаьттах. Делха массо а самукъане хиллачу цӀенойх а, йоккхаеш хиллачу гӀаланах а.
14
ХӀунда аьлча гӀап дӀатесна хир ю, гӀовгӀане гӀала а яссалур ю. ГӀалара цӀенош а, шайна тӀехь ха деш йолу бӀаьвнаш а, саьлнаш а йина лаьттар ю гуттаренна а. Акха варраш а кхерстар ю цигахь, дежаш уьстагӀий а лелар ду,
15
лакхара вайна тӀе Делан Са доссийтталц. ТӀаккха яьссачу аренах беш хир ю, беш хьун санна хир ю.
16
Нийсо дӀахӀуттур ю яьссачу арахь, бакъдерг лаьттар ду хьийкъинчу бешахь.
17
Нийсоно машар хуьлуьйтур бу, ткъа нийсонан стом — синтем а, сашорте а хир ю абаденналц.
18
ТӀаккха сан халкъ машаречу хӀусамашкахь Ӏийр ду, кхерам боцучу цӀеношкахь а, паргӀато йолчу садоӀучу меттигашкахь а.
19
Делахь а, къорано хьун йохор ю, ткъа гӀала ерриг а лахйийр ю.
20
Декъала ду шу, хӀунда аьлча дерриге а хишна уллохь ялта дӀаделур ду шуьга, шайн бежанаш а, варраш а паргӀат яжийталур ю шуьга.
← Chapter 31
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
Chapter 51
Chapter 52
Chapter 53
Chapter 54
Chapter 55
Chapter 56
Chapter 57
Chapter 58
Chapter 59
Chapter 60
Chapter 61
Chapter 62
Chapter 63
Chapter 64
Chapter 65
Chapter 66
Chapter 33 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36
37
38
39
40
41
42
43
44
45
46
47
48
49
50
51
52
53
54
55
56
57
58
59
60
61
62
63
64
65
66